Хьонка

Аза Атагинская
Забаре байт

Ломан басехь ло ду 1уьллуш
Буса голлец диллина.
Юьрта йисттехь нах бу гуллуш,
Хьонке баха лерина.

Стиглах бода кхиац къаста.
Дег1ах шело хьерчало.
Дуьне, 1алам Кхоьллинчунна,
Аьтту боьхуш, до1наш до.

Ораматаш доггах лоьхуш,
Лайн оьланаш кегайо.
Цхьацца-шишша з1ийдиг юьллуш,
Т1оьрмиг буззалц схьагулбо.

Мацах, цхьана хенахь къаьмнаш
Нохчийн бецех цецдийлла.
"Нохчаша буц юу"- бохуш,
Эладиташ даржийна.

Б1аьсте, собардехьа жимма,
1а човхадан сих ма ло.
Нохчий хьонкехь 1абийтахьа.
Каде хьовзал, Хьонкахой!

Куьпахь тамехь хьожа яьржи,
Ц1ергахь кхехка хьонкин яй.
Жахар баа т1егулло вай,
Хьомсара хьонка баархой!

Марша ба, б1аьстенан хьаша,
Уггаре а хьалхара!
Сесанара, Симсарера,
Шалман- 1инал дехьара.

Бетта- Махкара,Даттахера,
Мехкашт1ехьара, Бенара,
Ц1ечу Бердера, Ц1онтарера,
Уггар мерза Шуьйтара!

Азман Джабраилова