Сийлахь Да

Аза Атагинская
«Дада»- аьлла, йоккху ц1е мел йоккха ю.
Кху дуьненахь цхьаъ бен воцуш, сийлахь ву.
Лекхчу ломан санна т1етовжийла ду,
Да мел веха доьзал ирсе, токхе бу.

Доьзал кхиош Дас ца лоьху атта некъ.
Хьоьгу къа, ца кхоош, цо шен са, я дег1.
Кхерчахь латтош дегнаш дохден йовха ц1е,
Оьцу муьлхха беза мохь шен белшаш т1е

Г1ело хир яц к1ентан, йоь1ан дахарехь.
Ден б1аьргашна чухла хьежахь кханене.
Корта ойъуш даха йиш ю дуьнент1ехь,
Вай х1ораммо ларбахь дайша хьехна некъ.

Доьзалехь ворх1 ломал лекха ден сий  ду.
Бух онда б1ов санна ч1аг1о ерг Да ву.
Ша ца кхоош, ву и лардеш дика- вуон.
Ден вуон цхьанна ма гойтийла кхолламо.

Оьзда т1аьхье кхио дезарх шеко яц.
Эхь, бехк долчуьнгахь бен кхане янне яц.
Лардеш къоман г1иллакх,эхь-бехк, ийман, сий,
Вай Кхоьллинчо т1аьхье кхиайойла вайн.

* * * * * *
Схьаваьлла бух охкуш толлу варх1и да.
Хьуьнар даьлча, и хаийта хотту Да.
Зуламхочух жоп далийта оьшу Да.
Юхь1аьржонах ларвойла вайн х1ора Да.

Азман Джабраилова