Нускал далош

Аза Атагинская
Кхуьъчу хенахь дуьйна тидам
К1ентан нанас бинера.
Хаза йо1 ю кхиъна яьлла,
Оьзда хиларх ц1е яххна.
      Хаза б1аьргаш, и ши т1адам
      Седарчех ду къегина,
      Сонехь лаьтта хаза нускал.
      Каде хьийза Марнана.

Цхьа шатайпа де ду тахна,
Хьеший дикне гулбелла.
Керла доьзал декъалбина,
Хийла мерза дош аьлла.
      Дашо к1ажарш лаьтта хецна,
      Шу декъалдеш, къега малх
      Шиммо  кхоллам цхьана боьзна,
      Керла доьзал кхоьллина.

Ц1ент1ехь има-беркат дебош,
Дала шу барт цхьаъ бойла.
Дено, дено дахар тодеш,
Дала декъал шу дойла.
      Кхерчахь шен бен ирсо буцуш,
      Дала декъал шу дойла
      Вовшийн ларам, шун барт ч1аг1луш
      Ирсе т1аьхье кхуьийла..
      
Бог1ал бохь «х1айт»-аьлла къонах
Хьовзае йо1 хелхарехь.
Гуо шорбелаш, т1араш тоха.
Доттаг1ий бу самукъне.
      Йо1 ю йог1уш ког шаршийна,
      К1ентан дагчохь суй латош.
      Б1аьргаш къега, т1ам кхарстийна.
      Къонахчун синтем д1ахьош.

Азман Джабраилова