Хабаев Исмаь1ил. Маттах дош

Аза Атагинская
МАТТАХ ДОШ
12.03.2018
Хабаев ИсмаьIал

Эссе

 

Дех йисна лелош, я ворх1е а дегара дуьйна безам хеташ ларъеш схьаеъна цхьацца х1ума хуьлу-кх нохчийн доьзалехь: шаьлта, тур, я суьлхьанаш, я п1елгах дуллу мух1ар. Иштта вайн ворх1е а, барх1е а, иссе а дех вайна ирсъэца дисина дика ду нохчийн мотт. Маттал деза дац тур а, шаьлта а, мух1ар а, я цхьа кхин йолу х1ума а. Я б1аьвнаш а яц цул еза, меттах ца хьовш, шаьш шайх цецъюьйлуш, б1ешерашкахь, аьрцанийн баккъаш т1ехь а, вортош т1ехь а, бердашца нисса хьала а литтина йолу. Беза мотт бу, царех буьйцуш бисина болу! Маттаца уьш муьлш хилла а хууш, хьуо мила ву а хууш, нах муьлш бу а хууш…

Шен дайшца йолу з1е хаьдча духуш ду къам, ша къам хилар билгалдеш долчу шен хот1ах. Нохчийн мотт – са ду хьуна,т1ум ю хьуна, вайн къам, дага а ца йог1учу заманахь дуьйна кху дуьненан яь1ни т1ехь къам долуш латтийна! Нохчийн мотт – тептар ду хьуна, хьан къоман селхане а, тахне а, кхане а юьйцуш, хьо нохчи хилар ч1аг1деш.

Нохчийн мотт – 1аь ю хьуна, хьан дайн кийрара йийлина! Иза хьан ц1е ю хьуна, цара «т1аьхьене» олу дош моссаза олу догдохийлаца, боккхачу сатийсамца хьехийна!

Нохчийн мотт – коьчал ю хьуна, дайшкара дуьйна схьа Делан гергарчу нехан беркатаца хьоьга бусалба дин схьакхачийна!

Нохчийн мотт – дош ду хьуна, дуьненан дахарехь дуьххьара хьуна хьайн ненан кийрара хезна, хьо хьистина а, хьуна дика хьехна а, вуон довзийна а! Нохчийн мотт – масла1ат ду хьуна, машар бу хьуна!

Нохчийн мотт – г1иллакх ду хьуна, хьуо велла д1аваллалц нехан диканехь, вуонехь латтар хьуна т1е а дожош, хьо нахах вазош!

Нохчийн мотт – тоьшалла ду хьуна, кадам бу хьуна, хьо д1аваьллачу дийнахь хьан тезетахь хьох наха бийр болу!

Нохчийн мотт – бехк бу хьуна, ахь и бицбахь, т1аьхьено хьуна гечдийр доцу! Нохчийн мотт – хьан сий ду хьуна, ахь лардахь ларвеш, ца лардахь сийсазвеш!

Нохчийн мотт – до1а-весет ду хьуна, хьан дайша хьоьга дина-дитина.

Нохчийн меттан х1ора дош хьох тешна а ду хьуна!

Вайн халкъан иесехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу, Ширди-Махкахь ваьхна 1еламстаг, масла1атан да Махьмудан Мохьмадан. Пхьа хьаьрчан цхьа дов хилла ца доьрзуш шерашка даьлла. «Ваг1ахьара, Мохьмад, масла1ат дан, дерза туьгуш дац-кх тхан дов», – аьлла, наха дехарца вигна хиллера цкъа Мохьмад. Х1ара хьалха а волуш, х1орш дов долчу нахана хьалха х1иттича: «Шайга стаг вита аьлла даьхкина шу?» – аьлла, церан нахах цхьамма юьхь т1е туйнаш туьйхира боху Мохьмадна. Са а тоьхна, кхин сов даьккхина х1ума а ца олуш, шен юьхь т1е куьг хьаькхна туйнаш д1а а даьхна: «Детта аш туйнаш, детта аш. Шу тахана х1орш детта ду, тхо х1орш д1адахий бен дац», – аьлла хиллера Махьмудан Мохьмада. Эццехь бехк лаьцна наха пхьа буьтуш масла1ат дина. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо ц1окъ-болатал а ч1аг1делла дог достуш.

Г1ийла ву-кх шен къоман маттаца йолу з1е хаьдда, уьйр малъелла стаг! Шен маттахь 1оттар йича я ловц боккхуш хастам бича а кхетар вац и. Цу тайпа нахе вистхуьлуш хьуна хьуо мотт ца луьйш хета, я хьуо луьйшверг къора хета.

Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша буьйцуш кхид1а д1ахьур болуш а бу. Нохчий болчу нохчаша!.. Дала мукъалахь!