Машаре б1аьсте

Петимат Абубакарова
 

Б1аьсте, я хъо могаш-маьрша ,
Дахьаш  шортта  беркат-ирс.
Дуьнена т1ехь  баржош машар,
Т1амна хьееш  луьра  ч1ир,

Кхин ца дохо дегнаш берийн,
Жил1аламо ч1аг1о еш,
1енош  маьрша заза генийн,
Массанхьа и  даржадеш.

Б1аьсте, йолахь цкъа мукъане ,
Хьостуш нана-Нохчийчоь,
Ма  хир дара-кх самукъане ,
Дог ца тоь ,сатуьйсуш хьоь!

                "Стела1ад" журналехь