Делан Дош

Ризван Ибрагимов
БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

1. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцаха, бехьа тхох къинхетам.
Тахана холчохь ду, хьуна, тхо,
Тахана балехь ду, хьуна, тхо,
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела.

2. Тхо тахана холчу хIиттарна, тхо бехке ду, хьуна.
Тхо тахана балехь дахкарна, тхо бехке ду, хьуна.
Гечдехьа тхоьгара девллачу къиношна,
Гечдехьа тхан дай-наношкара девллачу кьиношна,
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела.

3. Дара-кха тхо Везачу Дала бусалба кхоьллина,
Маликийн хаза мотт, тхайн багахь ва болуш,
Пайхамарша бийцина мотт, тхайн багахь ва болуш.
Далла ва тиллина, къоман цIе яра-кха тхан,
Оцу везачу Нохьа-пайхамаран цIарах ва тиллина.

4. Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш, тхо ма дара.
Дела воцург, Паччахь воцуш,
Дела воцург, Да воцуш,
Дела воцчуьнан, Лай доцуш,
И Нохчийн къам бен дуьнен чохь дацара.

5. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Бехьа тхох къинхетам, ва Везан ва Дела,
Валахьа орцах, ва Везан ва Дела,
Iазапехь ду, хьуна, тхо, ва Везан ва Дела.

6. Ма хьийзадо-кха тхо мунепакъаша,
Ша-ша паччахь хила гIерташ.
Ма хьийзадо-кха тхо Iесачу наха,
Ша-ша тхан Да хила ва гIерташ.

7. Ма хьийзадо-кха тхо, тхох Лай дан ва гIерташ,
Ва Везан ва Дела, валахьа орцах,
Ва Везан ва Дела, бехьа тхох къинхетам,
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела.

8. ТIаккха вистхилира, боху, и Воккхун ва Дела:
- Ва жима Нохчийн къам, дуьнен чу шу кхоьллинарг Со ву, шуна.
Ва жима Нохчийн къам, бусалба дегнаш шуна делларг Со ву, шуна.
Мотт маликийн, пайхамарийн шуна белларг Со ву, шуна.
ЦIе Нохьа-пайхмаран цIарах тиллинарг Со ву шуна.
Шу доха ма доха, Дела шуьца ву шуна.

9. Дела воцург, да хила йиш яц, шуна,
Далла ца луург, паччахь хила йиш яц, шуна,
Дела воцчуьнан, шу лай дац шуна,

10. Шу дохий ма хьовза, Дела орцах вер ву шуна,
Шу дохий ма хьовза, къинхетам Ас бийр бу шух.
Шу холчохь дуй, Суна гуш ма ду, шуна,
Шу балехь дуй, Суна гуш ма ду, шуна,
Сатохалаш, жима Нохчийн къам, Дела шуьца ву, шуна.

11. Ялсмане санна, мохк Ас шуна беллера,
И лекха лаьмнаш, стигала хьоьжуш долуш,
И сийна аренаш, ялсманехь санна йолуш,
И шийла шовданаш, лаьмнашкара схьадуьйлуш ва долуш.

12. Ва жима Нохчийн къам, аш сатохалаш,
Ва жима Нохчийн къам, Дела шуьца ву, шуна,
Майралла, къонахалла шуна ма еллера Ас,
И лаьмнаш ва санна, чIогIа ва йолуш,
Озьдангалла, гIиллакх шуна деллера Ас.
Собаре хиллахь, Нохчийн жима къам, Со хьоьца ву, хьуна.

13. Сан жима Нохчийн къам, оцу Iесачу нахах шу теша ма теша,
Багахь Дела ву, шуна, церан, дагахь иблис ду, шуна, церан.
Шу бале лаьцнарш и Iеса нах бу, шуна,
Шу холчу хIиттийнарш и Iеса нах бу, шуна,
Хьо доха ма доха, хIай Нохчийн жима къам,
Со орцах вер ву шуна.

14. Хьо доха ма доха, Нохчийн жима къам,
Ас шух къинхетам бийр бу, шуна.

15. Дуьнен чохь шаьш кIеззиг йоккхучу ханна аш диц ма делаш,
Дуьне кхоьллинарг — Ша Дела ву, шуна,
Дуьнен чу шу кхоьллинарг — Ша Дела ву, шуна,
Бусалба шу кхоьллинарг — Ша Дела ву, шуна,
Мохьмад-пайхмар аш бакъ велаш,
Дела ша цхьаъ велаш, шуьца Дела хир ву, шуна.

16. Дегнаш шайн цIанделаш, мекха дIаяккхалаш,
Дог цIена доцуш верг бусалбан вац, шуна,
Дог цIена доцуш верг Делан лай вац шуна.

17. ЦIанделаш шайн дегнаш, Делан новкъа даха лаахь,
ЦIанделаш шайн дегнаш, бусалба новкъа даха лаахь,
Дела орцах вер ву шуна, шун дегнашка хьаьжжина,
Дала къинхетам бийр бу шух, шун дегнашна хьаьжжина.

18. Шу гIолаш Делан новкъа, Со орцах вер ву шуна,
Шу гIолаш Делан новкъа, Ас къинхетам бийр бу шух,
Дела орцах ва веъча, шуна иза гур ду, шуна.

19. Шун дайший-наноший летийначу къиношна Дала геч до шуна,
Аш летийначу къиношна Дала гечдо шуна.
Со орцах шуна ваьлла, шу маьрша Iийр ду, шуна,
Со къинтIера шуна ваьлла, шу паргIат Iийр ду, шуна.

20. Со реза ва волуш, шун паччахь хир ву, шуна,
Со воцург Да воцуш, шу хаза Iийр ду, шуна,
Делан бен лай доцуш, шун дахар хир ду, шуна,
Эвлаяаша йийцина хенаш шуна тIекхаьчна, шуна.

21. Мунепакъаш цIа гIур бу, Iеса нах бовдур бу,
Чехкара-гIала хьалайийр ю, шу маьрша дехар ду,
Маликийн, пайхмарийн мотт буьйцу кьам,
Дуьнен чохь доьвзар ду.

22. Жимачу къоман гIиллакхаш дуьнен чохь доьвзар ду.
Жимачу къоман оьздангалла дуьнен чохь йоьвзар ю.
Жимачу къоман деца-ненаца, нахаца болу ларам
Дуьнен чохь боьвзар бу, шуна.
Жимачу къоман йишица-вешица болу ларам
Дуьнен чохь хуур бу, шуна.

23. Жимачу къомаца гергарло таса гIерташ,
Паччахьаш Нохчийчу оьхур бу.
Церан гIиллакхаш цигахь доьвзина,
Бусалба дин цара тIеоьцур ду.

24. Дуьнен чуьра зулам Дала дIадоккхур ма ду,
Дуьнен чуьра Iеса нах Дала жоьжагIате дIанисбийр ма бу.
Дуьнен чу Iийса-пайхамар Дала воуьйтур ма ву.
Шеца цхьаьна гIоьнчий а болуш, и вогIур ма ву.

25. Дуьнен чохь лелийначу харцонашна
Iийса-пайхамара кхиэл йийр ма ю.
Бусалба ду шаьш, бохурш,
Iеса дегнаш шайца долуш,
Делан новкъахь ду шаьш, бохурш, эвлаяаш ца лоруш,
Делах шаьш цатешар цу тIехь схьахоуьйтуш,
Ахча-бохча хьалхадаькккхина, дуьнен чохь леллачарна
Iийса-пайхамара кхиэл йийр ма ю,
Шен накъостий Воккха Хьаьжий, Маьхьдий а волуш.

26. Оцу кхиэло къастор ду, бусалба дин хилар,
Оцу кхиэлехь къастор ду, Дела цхьаъ хилар,
Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ хилар.

27. Iийса –пайхамара шен шина гIоьнчица,
Воккхачу Хьаьжиций, Маьхьдиций кхиэл йинчу минотехь,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Дуьнен чохь мел йолу садолу ва хIума меттах ер ма ю.

28. Цу минотехь дуьне меттах дер ма ду,
Ша тIекIелдолуш ва санна.
Бусалбачу стага Делан цIе йоккхур ма ю,
Iесачу стагана шен дуьненан даьхни дагадогIур ма ду.

29. Цу минотехь Iеса нах жоьжагIате гIур ма бу,
Бусалба нах, кхин хIумма а ца хилча санна,
Маьрша, могаш, бусалба дегнашца,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Баха охьахуур ма бу.

30. Суна дукха дезаш дара, хьуна, хIай жима хьо къам,
Суна хазахеташ дара, хьуна, хIай жима хьо къам,
Суна халахеташ дара, хьуна, ахь къинош летош,
Суна хала дара, хьуна, и къинош лан.

31. Ма дукха дезна дара хьо, жима къам, ва суна,
Ма хазахетара-кха хьо, жима къам, ва суна,
Ма хаза Iалам долуш мохк дуьнен чохь беллера Ас хьуна,
Ма дукха дуьненан даьхни дара хьан махка тIехь.

32. Дуьнен чу Ас кхуллучу хенахь, бусалбан дог дара хьан,
Дуьнен чу Ас кхуллучу хенахь, пайхамарийн мотт бара хьан.
Дуьнен чохь дехачу хенахь,
Нохьа-пайхамаран цIарах цIе тиллинера Ас хьуна.

33. Ма сиха дицди-кх ахь, хьо бусалба дуьнен чу Ас кхоллар.
Ма сиха дицди-кх ахь, пайхамарийн мотт хьайн багахь хилар,
Ма сиха дицди-кх ахь,
Нохьа-пайхмаран цIарах Ас хьайна цIе ялар.

34. Бусалбан дегнаш диц а дой,
Iесачу нахана тIаьхьахIуьтту шу,
Пайхамарийн, маликийн мотт биц а бой,
Оьзда боцу мотт буьйцу аш.

35. Ма вац-кха Со, пайхамарийн, маликийн мотт
Хоьга бицбайта, йиш йолуш.
Ма вац-кха Со, Нохьа-пайхамаран цIарах
Къомана тиллина цIе йицъяйта, йиш йолуш.

36. Дагна дукха дезна, кхоьллина къам хьо ду-кха,
Дегнаш хаза долуш, кхоьллина къам хьо ду-кха,
ГIойша Дала шайна беллачу новкъа,
Ма довлийша Дала шайна беллачу новкъара.

37. Дуьнен чу шу кхоьллина Дела ву Со,
Шу Делан новкъара довлийта, йиш йолуш вац Со.
Со орцах вер ву шуна, Ас къинхетам бийр бу шух,
Шу дуьнен чу кхоьллинарг, Со Дела вуй, диц ма делаш.

38. Шуна оьзда мотт баларна, шен бахьана ду, шуна,
Шуна хаза гIиллакхаш даларна, шен бахьана ду, шуна.
Шу Делан бен Лай доцуш, дуьнен чохь дахарна,
Шен бахьана ду, шуна.

39. Халонаш аш лайна, шаьш бехке ва долуш,
Эвлаяаша йийцина зама тIекхаьчна ва шуна,
Со орцах ваьлла шуна, Ас къинхетам бина шух,
Кхин Делан новкъара шу ма довлалаш,
Кхин Делан некъ аш биц ма белаш.

40. Дуьнен чуьра паччахьаш, Ас шун махка оьхуьйтур бу.
Шун мехкан хазалла, шун мехкан дикалла,
Шун халкъан гIиллакхаш, шун халкъан оьздангалла,
Хьаша-да аш ларар царна гур ма ду.

41. И хаза гIиллакхаш шайна ва гича,
И хаза, оьзда къам шайна ва гича,
Цунах цецбоьвр бу дуьненан паччахьаш.
Цаьрга мохь бер ма бу:

42. - Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма хаза къам кхоьллина Ахь хIокху дуьнен чу,
Ма хаза гIиллакхаш делла Ахь хIокху къомана,
Ма оьзда нах бу хIокху махкахь бехаш берш.

43. Болатал чIогIа бусалбан дегнаш делла Ахь
ХIокху дуьненахь царна,
Къонахчуьнца къовса, майралла елла Ахь царна,
ГIийлачуьнца бийца пайхамарийн, маликийн
Мотт белла Ахь царна.
Дуьнен чохь къастош, Нохьа-пайхамаран цIарах
ЦIе тиллина Ахь цу жимачу къомана.

44. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма доккха хIума ду тхан бIаьргашна гуш дерг,
Ялсамане ва санна, махка тхо кхаьчна,
Маликаш ва санна, бераш гондахьа уьду,
Эвлаяаша ва санна, гIиллакхаш тхоьца леладо,
Пайхамарша ва санна, бусалба дин хьоьху.

45. И тхуна гуш дерг, гIенах ду-те я самах ду-те,
ХIара самах ва делахь, оха Делах дош ло хьуна,
Тхо тхайн махка ма кхаьччинехь,
Бусалба дин тхан къамнаша тIеоьцург хилар,
ХIокху жимачу къоман гIиллакхаш,
Оха дуьнен чохь даржорг хилар.

46. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Айхьа оцу жимачу къомана дуьнен чохь елла ялсмане,
Тхуна маца лур ю Ахь?» - аьлла,
Бистхир бу, боху, и паччахьаш.

47. Дала царна жоп лур ду:
- Шух дуьненан паччахьаш бинарг - Со Дела ву, шуна,
Шу дуьнен чу кхоьллинарг - Со Дела ву, шуна,
Аш Дела вицвинчу минотехь, шун дегнаш Iеса хуьлу,
ЦIандейша шайн дегнаш, ма вицвейша Везан Дела.

48. Шун дегнаш цIанделлачу минотехь,
Халкъан дегнаш цIанлур ду,
Халкъан дегнаш цIанделлачул тIаьхьа,
Дуьнен чохь ялсмане хIуттур ю, зен-зулам дIадер ду,
ТIаккха шуна хуур ду, дуьнен чохь коьртаниг
Дуьненан даьхни доцийла.

49. Хаза гIиллакхаш - дуьненан даьхни ду, шуна,
Хаза оьзда мотт - дуьненан даьхни ду, шуна,
Везачу Делан Лай хилар - дуьненан даьхни ду, шуна,
Иманаца шу делахь - дуьненан даьхни ду, шуна.
И диъ хIума хьоьца делахь, хьо бусалба ву, хьуна,
Хьо бусалба ва велахь, хьо ялсманехь ву, хьуна.

50. Ларалаш жима къам, Ас иза лерина,
Дезалаш жима къам, и Суна дезна,
И жима Нохчийн къам бахьана ва долуш,
Шу ялсмане кхочур ду, дуьненан паччахьаш.

51. Хала аш хьийзийнера и жима Нохчийн къам,
Стамдала аш ца дитинера и жима Нохчийн къам,
Шу бахьанехь халонаш, баланаш лайнера
Оцу жимачу ва къомо.

52. Шу бахьанехь хIаллакдора и жима Нохчийн къам,
Шу бахьанехь бицбора Делан некъ жимачу къомо,
Шу бахьанехь бехлора бусалбан дегнаш жимачу къоман.

53. Шайн дегнаш, дуьнен чу шаьш кхуллучу хенахь,
Бусалба хиларна, оьзда мотт шайн багахь хиларна,
Нохьа-пайхамаран цIе шайн къоман хиларна,
Везан Дела цхаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш
Шаьш хиларна, шуна къинтIера дер ду
Халонаш ва лайна, баланаш ва лайна и жима ва Нохчийн къам.
Шу цец ма доьвр ду, дуьненан паччахьаш.

54. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма доккха хIума ду-кх тхуна тIе кхаьчнарг.
И Нохчийн жима къам Iазапехь латтийнарш - тхо ма ду,
И Нохчийн жима къам халонехь,
Баланехь латтийнарш - тхо ма ду.
Делан новкъара и жима Нохчийн къам
Херадаларна, бехке тхо ма ду.
Бехьа тхох къинхетам, валахьа тхуна орцах,
Дер дац тхуна къинтIера и жима Нохчийн къам».

55. Везан Дела цаьрга вистхилира:
«Шух къинхетам бан йиш йолуш Со ма вац, шуна,
Шуна орцах вала йиш йолуш Со ма вац, шуна,
Дуьнен чохь и жима Нохчийн къам
Аш къинтIера ца даккхахь,
ЖоьжагIате шуна кечйина, Iаш Со ма ву, шуна».

56.-  Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела, -
Аьлла, бистхир бу, боху, керста паччахьаш, -
ХIокху махка кхаччалц, Дела ницкъ ца боьвзи тхуна,
ХIокху махка кхаччалц, бусалба дин ца доьвзи тхуна,
Валахьа тхуна къинтIера, - аьлла.

57. Царна Дала жоп лур ду боху:
«И жима Нохчийн къам къинтIера далахь,
Со къинтIера вер ву-кх шуна», - ва аьлла.

58. ТIаккха бистхир бу, боху, бусалба паччахьаш:
«Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела, тхо бусалба ма дара,
Тхуна къинтIера валахьара хьо», - аьлла.

59. Везачу Дала царна жоп лур ду боху:
«Шу бусалба дац, шуна,
Нохчийн жима къам аш къинтIера ца даккхахь.
Шу бусалба дац, шуна,
Нохчийн жима къам Iазапехь доллучу хенахь,
Аш гIо цалацарна.

60. Шу бусалба дац шуна, Нохчийн жима къам
Халонехь, баланехь доллучу хенахь,
Аш доIа ца дира Везачу Деле,
Бусалбачу вежаршна гIо дехьа, ва аьлла.

61. Дуьненан даьхнино шун бIаьрса дайинера,
Дуьненан даьхнино шуьга бусалба дин дицдайтинера.
Шуна Дела хеттера оцу рицкъах.

62. И рицкъ шайна делларг Дела вуй, шуна сиха дицделлера.
Со орцах шуна вала йиш йолуш ма вац,
И жима Нохчийн къам аш къинтIера ца даккхахь».


63. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьненан даьхни ца оьшур-кха тхуна,
Тхо бусалба хилчахьана,
Дуьненан рицкъа ца оьшур-кха тхуна,
Тхо бусалба хилчахьана.
И Iийса-пайхамар дуьнен чу воьссина-кх,
Шен гIоьнчий Воккха Хьаьжий, Маьхьдий а волуш,
Цара кхиэл йийр ю-кха тхуна, жоьжагIате ва даха.

64. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Бехьа тхох къинхетам,
Юьхь яц-кха тхан оцу жимчу Нохчийн  къоме
Дехаре даха, къинтIера довлахьара, аьлла.

65. Царна жоп делира Воккхачу Дала:
«ХIай, дуьненан паччахьаш,
Шух дуьненан паччахьаш бинарг - Со варий.
Шуна дуьненан рицкъ делларг - Со варий.
Шайна Ас делла рицкъ
ГIийлачу, мискачу нахана аш дIадекъий,

66. Везачу Деле доIа а дай,
ТIегIо шу оцу жимачу къомана.
Уьш шуна къинтIера боьвр бу, шуна,
Церан бусалбалла шуна гур ю, шуна.
Цул тIаьхьа бусалба дин дуьнен чохь даьржар ду, шуна».

67. Оцу Везачу Дала аьлларг кхочуш ва дина,
Дехаре бахара и дуьненан паччахьаш.
Уьш бист ва хилира цу жимачу ва къоме:
«Во, Нохчийн жима къам,
Тхо, дуьненан паччахьаш, дехаре даьхкина,
КъинтIера довлар доьху оха шуьга.
Тхо бахьанехь Iазапехь, баланехь шу ма лаьттина,
Тхо бахьанехь халонаш аш ма лайна.

68. Дала делла рицкъ шуна схьадохьуш тхо даьхкина,
Бусалба дегнашца тхо чIагI ма делла,
Зулам-зен дуьнен чуьра дIа оха ма даьккхина,
ГIийла, миска адам дуза оха ма дина,
Далахьа, жима къам, хьо тхуна къинтIера».

69. Цаьрга дистхилира и жима Нохчийн къам:
«Во, дуьненан паччахьаш,
Шу бахьанехь Iазапехь тхо ца хилла, шуна,
Шу бахьанехь халонаш, баланаш оха ца лайна, шуна,
Шун дуьненан даьхни тхуна ца оьшу, шуна,
Тхо Iазапехь везачу Делан дуьхьа хилла, шуна.
Тхо халонехь, баланехь везачу Делан дуьхьа хилла, шуна.

70. Везачу Дала делла хаза гIиллакхаш -
Тхан дуьненан рицкъ ду, шуна.
Оцу Везачу Дала белла оьзда мотт -
Тхан дуьненан рицкъ ду, шуна.
Тхан вовшашца а, нахаца а болу ларам -
Тхан рицкъ ду, шуна.
Тхан дегнаш бусалба хилар -
И тхан Делан рицкъ ду, шуна.
Делан салам хуьлда цунна, Мохьмад-пайхамар бакъ веш,
Дела цхьаъ веш тхо хилар - и тхан Делан рицкъ ду, шуна.

71. Дела воцург тхан паччахь цахилар,
Дела воцург тхан Да цахилар,
Дела воцчуьнан тхо лай цахилар,
И тхан бусалба хилар ду, шуна,
И тхан Делан некъ хилар ду, шуна,
И Делан некъ дIалело шу реза делахь,
Тхо шуна къинтIера а довлу, ва дуьненан паччахьаш».

72. ТIаккха дегнаш дилхира, боху, дуьненан паччахьийн:
«БIешерашкахь оха Iазапехь латтийна жима къам,
Хьо ма сиха къинтIера дели-кха тхуна,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Шун дегнаш дацахьара,
Ма бахьана дацара, шу тхуна къинтIера довла.

73. Тхо реза ду шуна и Делан некъ дIалело,
Дуьнен чохь а, эхартахь а, Делан некъ боцург,
Тхан кхин некъ хир ма бац.

74. Ва Везан Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа къинтIера хьо хIинца тхуна.
Хьо воцург, дуьнен чохь паччахь ма вац тхан,
Хьо воцург, дуьнен чохь да ма вац тхан,
Хьо воцчуьнан лай ма дац тхо.

75. Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Дала дуьнен чохь елла хан йоккхур ма ю оха.
Оха дуьнен чохь йоккхучу ханна,
Ларам хир бу тхан оцу жимачу Нохчийн къомаца.

76. И жима къам бахьанехь, бIаьргаш схьадилли оха,
Серло гучуели тхуна, бода дIабели тхуна,
Ва Везан Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма ницкъ болуш ву-кха хьо,
Оцу жимачу къомана,
Дуьнен чохь а, эхартахь а хIума ца оьшуьйтуш,
Ялсаманин и неIарш царна схьаелла».

77. «Ялсамане неIарш Ас царна схьайоьллур ю,
Эвлаяашний, пайхамарашний юккъе
Диване Нохчийн къоман нах Ас охьаховшор бу.
Цара диванехь йина кхиэл Сан кхиэл хир ма ю.

78. Ларалаш, дезалаш Сан жима Нохчийн къам.
Баланаш, халонаш, Iазапаш эзар шерашкахь
Латтийна цу къомехь, шу бахьана долуш,
Таханалера бусалба дин шуна тIекхачорхьама.

79. Дезалаш, ларделаш и жима Нохчийн къам,
Уьш бахьанехь доьвлла шу жоьжагIатех хьалха,
Къинхетам бина шух жимачу къомо.

80. Хало тIехIоьттича, Со орцах велира
Сайн дагна дезна долчу оцу жимачу къомана.
Ваийтира Ас цу къомана бусалба Имам,
Велира Ас цунна накъост дуьненан рицкъаца.

81. СапаргIатделира оцу жимачу къоман,
Бусалбачу Имамана тIаьхьа уьш ма хIиттира,
Рицкъ долчу цуьнан накъоста Чехкар-гIала хьалайира.


82. Зуламе нах Имама халкъаца лаьхкира,
Дуьнен чохь, эхартахь кхин юхабахка пурба доцуш,
Хаза даха охьахиира и жима Нохчийн къам,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш.

83. Дуьненан рицкъ царна Дала делира,
Iар-дахар церан хилира, ялсаманехь ва санна,
Бусалба дегнаш шайн ва долуш.
Дуьнен чуьра ва къамнаш цец ма доьвлира,
И бусалба дегнаш церан чIогIа хиларна.

84. Цу цец ва довларца бусалба дин ийцира,
Церан хаза гIиллакхаш, оьзда мотт
Дуьнен чуьра къаьмнашна боьвзира.
Шаьш Iазапехь латтийначу къамнашна
Уьш къинтIера боьвлира.

85. Дуьнен чохь бусалба дин
Уьш бахьанехь Дала дIахIоттийра.
Ша ялсаманехь ва санна,
Дуьнен чохь нах баха хоьвшира.

86. Оцу жимачу къоман цIе Нохчий ма ю, шуна,
Оцу жимачу къоман мотт
Пайхамарийн, маликийн мотт ма бу, шуна.

87. Ларалаш и жима къам,
Шу бахьанехь Iазапехь латтийна шуна Ас уьш.
Ларалаш и жима Нохчийн къам,
Далла дукха дезна къам ду, шуна, и.
                Амин


         1.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

88. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чу кхоьллина Ахь цхьа жима, хаза къам.
Дуьнен чу ша кхоьллина хан цунна дага ца йогIу,
И хан царна ца хаийта гIерташ,
Iазапехь уьш латтабо дуьненан паччахьаша.

89. Ма ца хаьа-кха оцу дуьненан паччахьашна,
Делан ницкъ чIогIа буйла,
Ма ца хаьа-кха дуьненан паччахьашна,
Дела собаре вуйла.
Ма ца хаьа-кха дуьненан паччахьашна,
Шайх паччахьаш Везачу Дала биний.
Ма гIерта, дуьненан паччахьаш,
Сийлахьчу Везачу Делин собар кхачо!

90. Дита и жима къам, маьрша, могаш даха,
Ма хьийзаде и жима къам, дохко доьвр ду  шу.
Ца хаьа шуна, и жима къам кхоьллинарг Везан Дела вуйла,
Ца хаьа шуна, аш эзар шерашкахь
Iазапехь латтош долу жима къам
КъинтIера ца даьлча, шаьш жоьжагIате гIур дуй?

91. Ма генахь дац-кха шуна и де тIекхача,
Ма хьийзаде аш и жима къам,
Диканна Дала дуьнен чу кхоьллина жима къам,
Аш Iазапехь латто декхар ма дацара.

92. Адама-пайхамаран мотт
Дала оцу жимачу къомана белла, шуна,
Нохьа-пайхамаран цIарах
Къомана цIе тиллина шуна.
Майралла, хьуьнаралла
Дала цу къомана елла, шуна,
Дела бен да воцу къам, и бен дац, шуна,
Дела бен паччахь воцу къам, и бен дац, шуна,
Кхуллушехь, бусалба кхоьллина къам, и бен дац, шуна,
Мохк, ялсаманехь санна, болуш къам, и бен дац, шуна.

93. Ма латтаде и къам Iазапехь,
Ма латтаде и къам баланехь,
Ма кхачаде аш Сан собар,
Далла дукха дезаш къам ду, шуна, и.

94. Эзар шерашкахь балехь лаьттина жима къам,
Хьо къинтIера ца далахь, дуьне хIаллакхир ду,
Хьо къинтIера ца далахь, эзарнаш жоьжагIате гIур бу.

95. Ма ца хаьа-кха цу паччахьашна,
Цу жимачу къомана Дала белла ницкъ.
Ма ца хаьа-кха цу паччахьашна,
Цу жимачу къомана Дала делла рицкъ.

96. Цу къоман ницкъ бу, шуна, - бусалба церан дегнаш.
Цу къоман ницкъ бу, шуна, -
Дела цхьаъ вар, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ вар.
Цу къоман ницкъ бу, шуна, -
Везан Дела бен, шайн паччахь цахилар.
Цу къоман ницкъ бу, шуна, -
Везан Дела бен шайн да цахилар.
Цу къоман ницкъ бу, шуна, -
Везачу Делан бен, уьш лай цахилар.
Ма мотталаш шуна,
И Делан ницкъ шайга эшалур бу.

97. Везачу Дала жимачу къомана делла рицкъ -
Церан гIиллакхаш ду, шуна.
Везачу Дала жимачу къомана делла рицкъ -
Церан оьзда мотт бу, шуна.
Везачу Дала жимачу къомана делла рицкъ -
Церан вовшийн болу ларам бу, шуна.
Везачу Дала жимачу къомана делла рицкъ -
Церан иман ду, шуна.

98. Ма мотталаш ва шуна,
Оцу жимачу къоман рицкъанал, дукха
Шайн рицкъ ду.
ТIаккха хаьий-те шуна, шаьш тоьлур ва доций?!
Дита и жима къам, Iазапехь ца латтош,
Цу Везан ва Дела, дохкодоьвр ма ду шу,
Дита и жима къам, баланехь ца латтош.

99. Жима къам, хьуна ма мотталахь,
Хьан дас-нанас динчу къиношна
Хьо Iазапехь латтош ду.
Везачу Дала дуьйцур ду хьуна бакъ ва дерг,
Ца кхаьчна-кха зама шадерриге а дийца.
Делахь а, цхьадерг дуьйцур ду Дала хьуна.

100. Хьо Далла дукха дезна къам ду, хьуна,
Кхечу къамнашна ца делла рицкъ
Дала хьуна ва делла.
Кхечу къамнашна ца белла ницкъ
Дала хьуна ва белла.

101. Дуьненан паччахьашкахь долу рицкъ,
Жима къам къинтIера ца далахь,
Царна оьшур дац.
Жима къам къинтIера ца далахь,
Царна ницкъ оьшур бац.

102. Эзар шерашкахь хьо Iазапехь ма латтийна,
Далла дукха дезаш долу жима къам.
Хьо Iазапехь латторна,
Дуьненан къаьмнаш бехке ду.
Дуьнен чохь цара летийна къинош
Ахь хьайна тIе ва лаьцнера.
Дацара-кха кхин къам, хьо доцург,
И къинош тIелоцур долуш.
Ма дукха дара-кха и къинош,
Хьоьга, жимачу къоме, бен лалур доцуш.

103. Эзар шерашкахь ахь и къинош лайна.
Хьо дукха дезаш къам Суна ца хиллехь,
Адама-пайхамаран мотт хьан багахь ца хиллехь,
Нохьа-пайхамаран цIарах къоман цIе ца хиллехь,
Ма лалур дацара хьоьга эзар шерашкахь
Дуьненан къамнаша ва дина и къинош.

104. Ма чIогIа ницкъ белла хиллера Дала хьуна,
Ма чIогIа рицкъ делла хиллера Дала хьуна,
Ма чIогIа бусалба дегнаш делла хиллера Дала хьуна!

105. Дац хьуна дуьнен чохь, хьо санна, ницкъ болуш
Я жима а, я доккха а къам.
Дац хьуна дуьнен чохь, хьо санна, рицкъ долуш
Я жима а, я доккха а къам.

106. Дац хьуна, хьо санна, бусалба дегнаш долуш
Я жима а, я доккха а къам.

107. Хьо жима къам бахьанехь, дуьне тIе-кIел ца даьлла,
Хьо жима къам бахьанехь,
Эзарнаш жоьжагIатех хьалхабоьвлла.
Хьо жима къам бахьанехь,
Дуьнен чохь бусалба дин дIахIуттур ду.

108. Шадерриге дийца йиш яц-кха тахана,
Шен зама йогIур ю дисинарг дуьйцуш,
Хьо кхеттал хIума Ас дийцина, хьуна,
Хьо доха ма дохалахь, Са жима къам.

109. Дуьнен чохь хьо, ялсаманехь санна, Iен хан тIекхаьчна хьан.
Дуьненан паччахьаша,
КьинтIера далахьа шайна, жима къам, бохуш,
Дехаре оьху хан тIе ма кхаьчна хьан,
Диване пайхамаршца, эвлаяашца
Хьан, жимачу къоман, нах охьаховшу хан
ТIе ма кхаьчна хьан (Iесачу нахана кхиэл ян).

110. Кхин лаьттар дац хьо, жима къам,
Я Iазапехь а, я баланехь а.
Дезар дац кхин къинош ахь хьайна тIе лаца,
ВогIур ву дуьнен чу Iийса-пайхамар,
Шена юххехь ши накъост
Воккха Хьаьжий, Маьхьдий а волуш.

111. Цу дийнахь дуьнен чохь бусалба дин хIуттур ду.
Iеса дегнаш долу ва адамаш жоьжагIате гIур ма ду,
Царна кхиэл еш верг Iийса-пайхамар хир ма ву
Шен шина накъостаца
Воккха Хьаьжиций, Маьхьдиций.

112. Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Бусалба дин дIахIуттур ду дуьнен чохь.
Жима къам дехар ду, ша ялсаманехь ва санна.
Чехкар-гIала хьалайийр ю, дуьне инзар а дуьйлуш.
                Амин

2.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

113. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Бусалба дегнашца дехаш ма дара тхо,
Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш, Дела цхьаъ веш ма дара тхо.
ХIокху харц дуьнен чохь ма чIогIа хийзадо тхо,
Бахьана хIун ду ца хууш.
Оха до доIанаш дIа ца кхочу-те хьоьга?!

114. Ма балехь латтадо тхо хIокху харц дуьненахь,
Дала орца доцуш, вала да воцуш, дисна-кха тхо.
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам.

115. Кхин тхайга хIара баланаш цалабаларна кхоьру-кха тхо,
Хууш делар-кха бахьана, тIаккха атта хир ма дара тхуна.
Делар-кха тхо, Делан новкъа доьлху, бохуш, хIаллакдеш,
ТIаккха а хала хир ма дацара тхуна.
Тхо кхоьруш дерг, Дела оьгIазвахар ду,
И бахьна ду-те, тхо хIаллакдарна, бохуш.
Дуьненан халонаш-м хала ца хетара тхуна,
Везан Дела оьгIазвахар ду-кха халадерг.
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Жоп лохьа оха дечу доIнашна, ма холчохь ду-кха тхо.
Дела оьгIаз ца вахчахьана,
Кхин дерг-м хала а дацара тхуна.

116. Дела оьгIазвахана вац шун жимачу къомана,
Дела оьгIазваха йиш яц, хьо жимачу къомана,
Дуьнен чу кхуллучу хенахь, бусалба ма кхоьллина Дала шу,
Дуьнен чохь диканиг бен, Дала шуна хIума ма ца деллера,
Шу Iазапехь ца латтийча, Дела волуш ма вацара,
Шу баланехь ца латтийча, Дела волуш ма вацара.


117. Дуьнен чу кхоьллинера Дала дукха къаьмнаш,
Царна юккъехь, хьо доцург, бусалба ма дацара.
Хьуна тIе диллинера Везачу Дала уьш бусалба дине берзор.
Бусалба бирзинарш, кIеззиг бен бацара,
Iеса лелаш берш ма дукха бара.

118. Дуьнен чохь иблис толийта йиш
Везачу Делан ма яцара.
Дуьнен чуьра иблисе дирзина адамаш хIаллак ца дича,
Дела волуш ма вацара.
Шу кIелхьара ва даха, шуна юккъера
Нохьах пайхамар ма вира Дала,
Ялсамане шу дIадига Дела реза ма вара.

119. Нохьа-пайхамара дехар дира Везачу ва Деле:
«Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ялсамане санна, хаза меттиг
Кхин дуьнен чохь хила йиш ма яц.
Дала тIедиллина декхар кхочуш а ца деш,
Ялсамане ког баккха тхан йиш ма яц.

120. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Доьху-кха ас Хьоьга дуьнен чохь тхо дитар.
Дагах иблис ва леттарш хIаллакбахьара Везачу ва Дала.
Иблис дагах долаза берш
Дуьнен чохь битахьара, Везан ва Дела.
Кхин къинош дуьнен чохь цара летор дацара-кха,
Бусалба дине уьш боьрзур бара-кха,
Цара летийна къинош тхайна оха тIелоцур ду,
Дитахьа тхо дуьнен чохь бусалба дин даржо».

121. Везачу ва Дала хьан доIина жоп лур ма ду:
«Хаалахь, къинош церан дукха ду, хьуна,
Уьш бахьанехь халонаш,
Баланаш шуьга богIур бу, хьуна,
Эзар шерашкахь Iазапехь лаьттар ду шу.

122. Ца лаьар-кха Везачу Далла шу Iазапехь латто,
Дезара-кха Далла дукха, бусалба хьо жима къам,
Ахь доьхург дийр ду Дала, ва Нохьа-пайхамар.

123. Дуьнен чохь бисинчарна бохуьйтур бу везачу Дала
Пайхамараш, бусалба дине уьш берзо,
Бусалба дине цабирзинчара летийна къинош,
Нохьа-пайхамар, ахьа хьайн къомаца тIелаца ма деза.

124. Дала, ялсамане ва санна, дуьнен чохь мохк лур бу хьуна,
Цигахь халонаш, баланаш лан атта хир ду шуна.
Цигахь бен шайн цIена цIий шуьга ларлур ма дац,
ЦIийца бусалба шу бен ма дац.

125. Дуьнен чу инзаре хи хьодур ма ду, хьуна,
Иблисац тайна нах хи буха гIур ма бу.
Хьо хьайца оьцуш верг хьайца схьаэцна,
ХIорд-кемана тIе хаийна,
Дала хьо цу ялсамане санна махка дIакхачор ма ву,
Цигахь дахар шун хир ма ду.

126. Жимачу къомана цIе Нохчий ва аьлла
Ахь тилла ма еза,
И хир ма ю кхечу къаьмнашна, жима къам
Нохьа-пайхамаран тIаьхье хилар, ва билгало.

127. Шен хенахь къаьмнашна хуур ма ду,
Дала хIаллак ца деш, шаьш дитина бахьана,
Жимачу къомо, церан къинош тIе а лаьцна,
Ялсамане ца боьлхуш, дуьнен чохь Iийнарш
Нохьа-пайхамаран тIаьхье юйла, уьш Нохчий буйла.

128. Дуьнен чохь адамаш дукха ма даьржина,
Царна юккъехь къинош дерш кIезиг ма бац,
И къинош ловш долу къам
Нохьа-пайхамаран тIаьхье ма ю.

129. Аш лайна къинош ловр долуш дуьнен чохь къам ма дац,
И къинош лан, дуьнен чу валале бусалба хила ма везара.

130. Шун нанойн, йижарийн бIаьргех доьвлла хиш
Везачу Дала цхьана метте схьагулдича,
Дуьненах хIорд хир ма бара.

131. Шун дайший, вежарший, дегнаш къийлина,
Царна хилла ницкъ
Везачу Дала цхьана метте схьагулбича,
Дуьне, пиллиг ва санна, ловзор дара цу ницкъо.

132. Аш лайна халонаш
Везачу Дала цхьана метте схьагулйича,
ХIокху дуьнен чу тарлур ма яцара.

133. Эзар шерашкахь Iазапехь шу дахкар,
Шу резадолуш, аш тIелаьцна некъ бу, шуна.

134. Шуна ма мотталаш, Дела шу дицдина Iаш ву,
Шу Iазапера даха, дуьне хIаллакдан дезара Везачу Делан,
Шу резадацара дуьне Дала хIаллакдан,
И ду шуна коьрта бахьана шу Iазапехь латторан.

135. Дела ву, шуна, дуьнен чохь олу дош хууш верг,
Дела ву, шуна, дуьнен чохь боккху ког хууш верг,
Ма мотталаш шуна, Дела шу дицдина Iаш ву.
Шу Iазапехь латтор эрна дац, шуна,
Шу балехь латтор эрна дац, шуна.
Дуьнен чохь бусалба дин аш довзийтина,
Дала къинхетам бийр бу шух,
Аш шайн декхар кхочушдина.

136. ТIееана шуна дика зама, тIееана шуна хаза зама.
ТIееана шуна дуьнен чохь паччахь цхьаъ хила веза зама,
ТIееана шуна дуьнен чохь цхьа Да хила веза зама,
ТIееана, шуна, дуьнен чохь Дела воцчуьнан лай хила йиш йоцу зама.

137. Шу доха ма доха, ва Нохьа-пайхамаран тIаьхье,
Шу дицдан йиш йоцу къам ду везачу Делан,
Везан Дела вогIу шуна дуьнен чу шу Iазапах хьалхадаха,
Кхин хьоьгур яц, шуна, аш халонаш, баланаш.
ТIекхаьчна, шуна, бусалбачу нахана - ялсамане,
Iесачу нахана - жоьжагIате.

138. Шу къинтIера ца довлахь, дуьне хи буха гIур ма ду,
Шу къинтIера ца довлахь, дуьне хIаллакхир ма ду,
ТIаккха хаьий шуна, шу Далла дукха дезна къам дуйла?»

139. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Са паргIатдели-кха тхан, хьо вист ва хилча,
Тхо кхоьруш дерг-м, тхаьш хьоьгу халонаш, баланаш
Стенна хьоьгу цахаар, дарий.

140. Тхо реза ду, хьуна, кхин дIа а Iазапехь латта,
Ма делахь хIаллак хIара хаза дуьне.

141. Дуьненан халонех тхо доьлла, хьуна.
Дела реза хилчахьана, тхуна кхин хIума ца оьшу».

142.Везан Дела шу кхин Iазапехь латто йиш йолуш вац,
Везан Дела шу кхин баланехь латто йиш йолуш вац.
 Дела дуьнен чу веана нийсо дIахIотто,
Алийша аш шайна лууш ва дерг.

143. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Тхо къинтIера доьвли, хьуна, адамашна,
Бусалба дин тIеэца уьш реза ва белахь,
Оха эзар шерашкахь хьегна къа эрна ма дайтахьа,
Дехьа кхин цкъа а оха хьайга доьхург».

144. «Дика ду, жима къам, ахь доьхург дийр ду Везачу Дала,
Дуьнен чохь иман диллинарг, дуьненан рицкъ а делла,
Дуьнен чохь вуьтур ву Дала.
Иман цадиллинарг жоьжагIате вохуьйтур ву Везачу Дала.

145. Дуьнен чу кхел ян Iийса-пайхамар воуьйтур ву Дала,
Шен накъостий эвлаяаш а болуш.
И де тIекхаьчча, шу паргIатдоьвр ма ду,
Чехкар-гIалех даккхийдеш, дехаш Iаш хир ма ду.

146. Дуьненан къаьмнаша Нохчий шух эр ма ду,
Дуьненан къаьмнаша Адама-пайхамаран мотт буьйцур ма бу.
Хуур ду дуьненан къаьмнашна,
Дала даздина даийтина бусалба къам  Нохчий дуйла.
Нохчийн къам бахьанехь шаьш дуьнен чохь дехийла,
Цара хьегна халонаш, баланаш шаьш бахьанехь хьегнийла.

147. Ва инзардер ду дуьненан и къаьманаш:
«Ма бусалба дог хила деза оцу Нохчийн къоман,
Эзар шерашкахь Iазапехь даьллина,
Тхо бахьанехь халонаш, баланаш цара лайна.
ХIун къам ду-те и Нохчийн къам?!
ХIун гIиллакхаш ду-те оцу Нохчийн къоман?!
Ма шатайпа къам хила деза-кха и Нохчийн къам.
Тосур дара-кха ас гергарло оцу Нохчийн къомаца,
Лелор дара-кха ас гергарло оцу Нохчийн къомаца.

148. Дуьнен чохь долу рицкъ оха дIалур дара царна,
Дуьнен чохь хIума оха оьшуьйтур дацара царна.
Муха кхочур дара-те тхо оцу Нохчийн къомана тIе.
Муха тосур дара-теша оха цаьрца гергарло?

149. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Доьвзийтахьа тхуна и бусалба жима къам».

150. Жима Нохчийн къам Дала шуна доьвзуьйтур ду.
Дела воцург, церан паччахь хилла вац,
Дела воцург, церан Да хилла вац,
Дела воцчуьнан, уьш лай хилла бац.

151. Адама-пайхамаран мотт,
Дуьххьара царна белира Везачу Дала.
Нохьа-пайхамаран цIарах цIе
Тиллинера Везачу Дала, Нохчий ва аьлла.

152. Бусалбан, дуьнен чу бовлале, кхоьллинера Дала уьш.
Маршо, царна санна, езаш дуьнен чохь садолу хIума яцара.
Маьрша шаьш дитичхьана, кхин хIума оьшуш уьш бацара.

153. Нохчийн къам ду, шуна, оцу Кавказан лаьмнашкахь,
Нохьа-пайхамар хIорд-кеманца охьавоьссинчу цу меттехь.
ГIаланаш церан ю, оцу лекхачу лаьмнашка хьалкхочуш,
Дуьненан даьхни церан ду, ворхI дуьне кхаббал,
Царна оьшуш хIума дац, гергарло ва доцург.

154. Хьаша-да тIеоьцуш бу, шайн ваша ва санна.
ГIиллакхаш шайл хаза дац, мотт церачул оьзда бац,
Юьхь-сибатан хазалло и лаьмнаш къагийна.

155. Малх Iуьйранна схьакхетачу ва хенахь,
Шу оцу малхе хьажалаш, гур ду ва шуна,
И маьлхан зIаьнарш дIахьаьжина меттиг
Нохчийчоь ва юйла.
Шу суьйранна батте хьажалаш, гур ду шуна,
Оцу лекхачу лаьмнаш тIехьара и бутт схьаболуш.

156. Оцу билгалонашца шу дIадолхахь,
Шу Нохчийн махка кхочур ду.
Цига дIакхаьчча, стаг, бусалба воцург,
Бусалба дине воьрзур ву,
Бусалба верг, бусалба динехь чIагIлур ву.

157. Делан ялсамане — Нохчийчоь хир ма ю,
Дуьненан рицкъ, цига дIакхаьчча, шуна дицлур ду.
Церан деган хазалла шуна цигахь гур ма ю,
Луур дуй-те шуна цигара юхадахка?!

158. Ма хазалла елла царна дуьнен чохь Дала!
Хилалаш бусалба, и Нохчий ва санна,
Дала шу дицдийр дац, шу бусалба ва хилахь,
Бу шуна и Нохчийн мохк Далла дукха безна,
Бу шуна и Нохчий Далла дукха безна.

159. Леладелаш гергарло цу Нохчийн махкаца,
Леладелаш гергарло цу Нохчийн къомаца,
Бу, шуна, уьш дуьнен чохь бусалба дин даржийнарш,
Бу, шуна, уьш дуьнен чохь бусалба дин даржо берш.

160. Бусалба дин даржоран шен некъаш ду, шуна,
Массо къомана кхочуш бу и некъ,
Делахь а, нохчашна кхаьчна болу некъ
Дуьнен чохь кхехьалур болуш кхин къам дацара, шуна.
И хала некъаш цара эзар шерашкахь дарна,
Везачу Дала царна дуьненахь а, эхартахь а ялсамане елла.

161. Дуьненахь царна Дала еллачу ялсамане хьажа
Оьхур ду кхин долу ва къаьмнаш.
И ялсамане шайна схьагича,
Цу Нохчийн къоман хаза гIиллакхаш шайна доьвзича,
Бусалба хилла бен, цигара юхабоьрзур бац уьш.
И Делан некъ белла Везачу Дала Нохчийн къомана,
Iийса-пайхамар дуьнен чу вале, бусалба дин даржо.
                Амин
               
3.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

162. Далла дезна цхьа къам дара, шен цIе Нохчий ва йолуш.
Нохьа-пайхамаран тIаьхье ва хилар билгал ва доккхуш,
Цул хьалха кхоьллина къам дуьнен чохь ма дацара.

163. Майралла, хьуьнаралла цу къомана Ас ма еллера,
Хазалла, дикалла цу къомана Ас ма еллера,
ГIиллакхаш, оьздангалла Ас царна ма еллера,
Мисканиг-вехаш верг цхьатера цара лорура.
Жимачуьнца жима бара уьш,
Воккхачуьнца баккхий бара уьш.

164. Дош шайн лардан хууш бара уьш,
Дош хьан-хьанна а луш бацара уьш.
Беран нана лорура цара шина боьршачу стеган меха,
Йишица-вешица ларам бара церан,
Хьаша-да тIеэца хаьара царна.

165. Тапчий, шаьлтий цара лелайора,
Вуьжуш-гIоттуш, шайца цхьаьна.
Дийнахь а, буьйсанна а кийча дин бара церан,
Оьшучунна орцах ваха.

166. Шадерриге а цаьрца долу и дика гIиллакхаш
Со дийцина вер ма вац.
Ду, шуна, цаьрца дуьненахь а, ялсаманехь а
Хила деза дика гIиллакхаш.
И дика гIиллакхаш шайн цIийца долуш,
Уьш дуьнен чу кхоьллинера Ас.

167. ХIокху доккхачу ва дуьнен чохь,
Эзар шерашкахь Iазапехь лаьтташехь,
Шайн цIий лардинарш Нохчий бен бацара, шуна.
Шайн цIийца бу, шуна, уьш бусалбан дин долуш.

168. ЦIийца бусалба ва хила атта ма дац, шуна,
ЦIийца бусалба ва хила хала ма ду, шуна,
Халонаш, баланаш, цIий лардеш, хьегнера цара,
И шадерриге а гуш Воккхун Дела ма вара.

169. ЦIий доцург, дуьне дош хеташ уьш ма бацара.
ЦIий лардан хууш уьш ма бара.
Шаьш бусалба бу, бохуш,
Мохь хьоькхуш лелачарна дуьйцу шуна Ас,
Бусалба динца верг, шен цIийца хила веза, шуна,
Шен цIийца и бусалба ва велахь,
Дуьнен чохь, эхартахь цунна хIума ма оьшур дац.

170. Дуьлолаш, хьовсалаш оцу Нохчийн махке,
Дуьлолаш, хьовсалаш оцу Нохчийн къоме,
Дала диц ца до, шуна, бусалба шен ва къам.
Оьшучохь, рицкъ ло шуна цо,
Оьшучохь, ницкъ ло шуна цо.

171. Я рицкъах а, я ницкъах а дан хIума дац, шуна,
И Дала шуна делла дацахь.
Дала шуна и делла дац, шу бусалба ва дацахь.

172. Бусалбан гIиллакхаш жимачу къомехь ду, шуна,
Бусалбан хаза мотт жимачу къомехь бу, шуна.
Иэцалаш цаьргара и хаза гIиллакхаш шайна тIе,
Эцалаш церан и оьзда мотт шайна тIе,
ТIаккха хир ду, шуна, шайн цIийца шу бусалба.

173. Дуьнен чохь го тасарх, хир ма дац, шуна,
Цу къоман санна, и хаза гIиллакхаш,
Дуьнен чохь го тасарх, хир ма дац, шуна,
И къам санна, оьзда мотт багахь болуш къам.

174. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ахь дуьйцу и къам, ялсаманехь бен, хила йиш ма яц.
Тхо кхача йиш ма яц оцу къомана тIе.
Царна тIекхача, ялсамане даха деза тхо,
Ялсамане даха ма кийча дац-кха тхо.

175. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Бусалба дин оха лела ма дора,
Дела некъ оха лела ма бора,
Муха кхочур ду-те тхо оцу жимачу къома тIе,
Уьш болчу ялсамане?

176. Бусалбан дин цIийца дацара шун,
Делан некъ цIийца бацара шун.
Церан гIиллакхаш аш тIе ца эцахь,
Шу цIийца бусалбан хила йиш ма яц,
Церан оьзда мотт аш ца бийцахь,
Шу бусалба хила йиш ма яц.

177. Ас буьйцур бу шуна уьш болчу боьду некъ,
Шаьш цига дIакхаьчча, шу цец ма довлалаш,
Цигахь шайна гиначу оцу хазачу махкахь,
Цигахь шайна гиначу оцу хазачу къомах.

178. Делах ша тешаш верг, бусалба дин лелош верг
Цецвала йиш яц, шуна.
Делан ницкъ чIогIа буй, шуна хаа деза, шуна,
Делан рицкъ дукха дуй, шуна хаа деза, шуна,
Шу даха деза оцу хазачу махка,
Шу даха деза оцу оьздачу къоман тIе.

179. Дуьнен чохь дуьне хIаллакхуьлучу заманахь,
Дуьнен чохь Нохьа-пайхамар волучу заманахь,
Дала кIелхьарадаьккхина, Нохчий аьлла цIе тиллина,
Шен хIорда кеманца Нохьа-пайхамаре
Оцу Кавказ ва олуш йолчу, хазачу меттиге
Охьа ма диллийтира, оцу Нохьа-пайхамаре,
Хьан тIаьхье Со яйта йиш йолуш ма вац, аьлла.

180. Цу хенахь дуьйна дехаш ду и къам
Оцу хазачу меттигехь, Нохчийн ва махкахь.
Цигахь ду лекха лаьмнаш, сийна буц ва яьлла,
Цигахь ду шовданаш, шайл шийла кхин доцуш,
Цигахь ю хьаннаш, стигала хьала ва хьоьжуш,
Церан ду хаза Iалам, дуьнен чохь кхин доцу.

181. Эзар шерашкахь халонаш цара ловчу хенахь,
Церан цIий бех ца далийта,
Букъ ларбеш хуьлура и лекха лаьмнаш,
Мацаллех, хьогаллех оцу шийлачу шовдано уьш бузабора.

182. Стигала хьоьжучу оцу юькъачу хьаннаша Деле ва доьхура:
«Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дехьа оцу жимачу Нохчийн къомана гIо,
Дуьнен чохь а, эхаратахь а
ЦIий бехдан йиш йолуш къам ма дац и,
Лардехьа церан цIий, са мел долчунна оьшур дара-кха и.

183. Цу цIийца дара-кха церан гIиллакхаш,
Цу цIийца бара-кха церан оьзда мотт,
Цу цIийца дара-кха церан бусалба дин,
Цу цIийца дара-кха церан и Иман.

184. Лардехьа церан цIий, хьо Везан ва Дела,
Лардехьа церан цIий, хьо Воккхун ва Дела,
Оха хьоьга деш долу дехар
Тхайгара деш ма дац, хьуна, ва Везан ва Дела.

185. И дехар ду хьоьга деш
Дуьнен чохь са мел долчу хIумано.
Церан цIий цIена ца хиллехь,
Ма хир дацара-кха тахана тхо хьоьга доIа деш.
Тхо хIинца кхетта, хьуна, бусалба дин доцург,
Кхин дин дуьнен чохь хила йиш йоций,
Бисмилла аьлла бен, ког баккха йиш йоций,
Бисмилла аьлла бен, хи мала йиш йоций,
Хи молуш ца хилахь, тхо хIаллакхир дуй.

186. Тхо тахана хIаллак ца хуьлуш дисаран бахьана,
Цу Нохчийн къоман цIий цIена хилар ду.
Тхо тахана доIа дан йиш йолуш хиларан бахьана
Нохчийн цIий цIена хилар ду.

187. Тхо тахана бусалба хилар
Нохчийн цIий цIена хилар ду.
Тхо дуьнен чохь дахар
Нохчийн цIий цIена хилар ду.

188. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Бехьа цу къомах къинхетам,
Валахьа цу къомана орцах, олий,
ДоIа дора дуьнен чу Ас мел кхоьллинчу хIумано.

189. Церан доIанна Ас жоп ма делира,
Царна тIера аш лето къинош Ас дIа ма дехира,
Iазапера, баланера Ас уьш хьалха ма бехира,
Дуьнен чохь ялсмане Ас царна ма елира.

190. Ялсманехь дахар Ас царна ма делира.
Нохьа - пайхамара доIа динчу меттехь бехаш бу и Нохчий,
Дала къобалйинчу меттехь бехаш бу и Нохчий.

191. Маьлхан зIаьнарш хьоьжучу агIор шу дIагIахь,
Шу кхочур ду дуьнен чохь Дала йиллинчу ялсмане.
Бутт дуьнен чу схьахьоьжучу агIор шу дIадолхахь,
Шу кхочур ду дуьнен чохь Дала йиллинчу ялсмане.

192. И ялсмане хир ю, шуна, Нохчийн мохк цIе йолуш,
Цу махкара бераш маликех тарлур ду, шуна,
Цу махкара нах эвлаяэх тарлур бу, шуна.

193. Цара шуна хьоьху долу Iилма Делан Iилма хир ду, шуна,
Iамаделаш и Iилма, эхартахь ялсамане шаьш кхача лаахь,
Дуьненан ялсамане Нохчийчохь гур ю шуна.

194. Дуьнен чохь къинош кхин лета ма делаш,
Шун къинош тIелаца кхин къам хир дац, шуна.
Шайн къинош шайх гIур ма ду шуна,
Шайн къинойх жоп аш Суна дала дезар ду .

195. Дуьнен чохь бусалба дин дIахIуттучу заманахь,
Iийса-пайхамар вогIур ву дуьнен чу, кхиэл ян шуна,
Шена юххехь Маьхьди накъост ва волуш.
Цуьнгахь хир ду, шуна, Нур тайпа тур,
Бусалба воцчунна кхел кхочушъеш и хир ву.

196. Буьрса дог Дала цунна делла хир ду,
Цуьнан цIе яьккхича, бусалба воцург,
Дог иккхина, вала кхерам бу.

197. Хилалаш бусалба, Iийса-пайхамар дуьнен чу вале,
ЦIанделаш шайн дегнаш, мекха дIаяккхалаш.
Цу даг чу догIу цIий цIена хила деза, шуна,
И цIий шун цIена хила, Нохчийчу даха деза шу,
Делан Iилма цигахь бен, Iамо йиш яц шуна.

198. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Нохчийчу боьду некъ бовзийти Ахь тхуна,
Тхо реза ду, хьуна, Нохчийчу даха,
ГIур ду, хьуна, тхо, тхайн когаш ва бохуш,
Кеманаш, машенаш цига доьлхуш, тхуна оьшуш яц, хьуна.
Дуззалц яахIума, цига дIакхаччалц, юур ма яц,
Дуззалц хи, цига дIакхаччалц, оха мер ма дац,
Тхо гIур ду цу Нохчийчу, зихIарте доьлхуш санна,
Тхо гIур ду цу Нохчийчу, Хьаьжа-цIа доьлхуш санна.

199. Iамор ду оха и Iилма, тхайн къаьмнашна дIадала,
Iамор ду оха и Iилма, тхаьш ялсамане кхачийта.
Кийча хир ма ду тхо, Iийса-пайхамар дуьнен чу вале,
Бусалба дегнаш а долуш,
Цу дегнаш чухула лелаш цIена цIий а долуш,
Цо йинчу кхелана тхо реза хир ма ду,
Тхайн къаьмнаш бусалба а даьхна, Iаш хир ма ду.

200. Бусалба дин эцаза верг дохко вер ма ву,
Бусалба дин эцаза верг къинойх вуьзна хир ма ву,
Къинош долчунна Iийса-пайхамара кхиэл
ЖоьжагIате ваха йийр ма ю.

201. И кхиэл кхочушъеш Маьхьди хир ма ву,
Делан нуьрах дина тур цуьнгахь хир ма ду.
И тур цо ластийча, дуьненан маьIIе кхочуш хир ма ду.
Ларлолаш цуьнан туьрах, хилалаш бусалба,
Бусалба дин долчарах и тур леташ дац, шуна.

202. Варийлаш, варийлаш, сихлолаш, сихлолаш,
Iийса-пайхамар дуьнен чу вала
Дукха хан йисина яц, шуна,
И дуьнен чу веанчу дийнахь
Делера хаам хир бу шуна.
Дуьнен чохь мел долу хIума
Цхьана меттехь соцур ду, шуна,
Кийрахь долчу берана а тIехь и хаам хир ма бу,
Iийса-пайхамар дуьнен чу ваьлла, аьлла.

203. Бусалба дин эцаза берш, къинош летош Iийна берш,
Докхобоьвлла, Iаш хир ма бу.
Цхьаберш царах, дегнаш а лилхина, белла хир ма бу,
Уьш Дала жоьжагIате дIанисбийр ма бу.
Дийна биснарш, шина дагахь хилларш, хир ма бу,
Бусалба дин тIеэцча, хIун дара-теша,
Я дуьнен чохь самукъадолуш Iийча, хIун дара-те, бохуш.
Царна кхел Iийса-пайхамара йийр ю.

204. Къинош кIезиг долчуьнца къинхетаме хир ву,
Къинош дукха долчуьнца къинхетам боцуш хир ву,
Дуьненахь а, эхартахь а цаьргара жоп доьхур ду.
Ларлолаш оцу дийнах, бусалба воцчунна
Хала де хир ду, шуна, иза.

205. ХIора аш летийначу къиношна жоп шуьга доьхур ду.
Шуна орцах вала стаг хир ма вац, шуна,
Аш дуьнен чохь дина дика ва доцург,
Аш дуьненахь даьккхина сагIа ва доцург.

206. Дуьнен чуьра къинош лето нах дIа ца баьхча,
Дуьнен чуьра зулам дIадер дац,
Зулам дIа ца даьлча, зуламхой дIабоьвр бац,
Зуламхой дIа ца боьвлча, ялсамане хир яц,
Ялсамане ца хилча, бусалба хир вац,
Бусалба ца хилча, Делан новкъахь хир вац,
Делан новкъахь ца хилча, дуьне хир дац.

207. Цундела дуьне лардан,
Дуьнен чу воуьйту Ас и Iийса-пайхамар,
Шена юххехь Маьхьди а волуш,
Делан тур цуьнан карахь а долуш.

208. Ларлолаш цу дийнах, довлалаш бусалба дине,
Ма хьежалаш кхиэл йен де тIекхачаре,
ТIаьххьара де хир ду шуна и де, бусалба воцчунна.

209. Сихлолаш, сихлолаш бусалба ва довла,
Дуьнен чохь ялсамане дIахIотта езаш ю.
Бусалба воцу стаг дуьнен чохь ва хилахь,
И хIотта йиш яц хIокху харц дуьнен чохь.

210. Хьо Везан ва Дела, хьо Воккхун ва Дела,
Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ во оха,
Везан Дела цхьаъ во оха.

211. Дуьнен чохь бусалба доцуш,
Са чохь хIума дац, хьуна.
ЛаилахIа - иллаллахI,
ЛаилахIа - иллаллахI,
ЛаилахIа - иллаллахI.
                Амин
 
    4.07.2001   БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

212. Дала дуьне кхоьллира ворхI дийнахь, ворхI бусий.
Цу доккхачу дуьнен чу цо кхоьллира боьрший, стей ши адам.
Маликийн мотт Дала царшинна белира,
Маликаша Адам, Хьава, аьлла, цIераш царна техкира.

213. Дуьнен чохь и шиъ даха хиира,
Церан шиннан тIаьхье стамъелира.
Вовшашца цара буьйцург маликийн мотт ма бара,
Церан долу гIиллакхаш маликийн гIиллакхаш ма дара,
Церан лело дин бусалба ма дара.

214. Адам бохург маликийн маттахь адам бохург ма дара.
Хьава бохург маликийн маттахь схьава бохург ма дара.
Цуьнан маьIна Ас дуьйцур ду шуна.

215. Адам-пайхамар дуьнен чу Дала кхоьллича,
Цунна гондIахьа маликаш хьаьвзира.
Дуьненах цецваьлла, ша бен, гуш
Оцу доккхачу дуьненахь хIума а доцуш,
Iаш волчу Адам-пайхамарна тIе деара и маликаш.

216. Уьш цуьнга дистхилира, и царах ца кхийтира,
Цхьана малико элира: «Адам ду-кха хIара, Везачу Дала дина.

217. ХIун дийр ду-те кхо, хIокху доккхачу дуьненахь
Юххехь накъост а воцуш, ма сагатдийр ду кхо? - аьлла. -

218. Ца го шуна, хIинцале а , ша дуьнен чу ваьлла валале,
ОхьатаIийна корта хьала-м ца таIабо цо.
Ша хIокху дуьнен чохь ва витахь, хIаллакхир ву-кха и.

219. Оцу Везачу Деле деха ма дезара вай,
ХIокху адамна накъост вахьара Ахь,
Дуьнен чохь Ахь елла хан яккха,
Атта хир дара-кха царшинна», - ва аьлла.

220. Дела резахилира, цо Адамна накъост вира.
Дуьххьара дина адам боьрша дара,
ШолгIа дина адам стен дара.
Цаьршинна хIун цIе тиллича, бакъахьа ду
Ца хууш, Iаш маликаш а дара.

221. ТIаккха стен долу адам дистхилира,
Хьава шена и дIо хиъна Iаш волу боьрша стаг, аьлла.
Маликаш цецдоьвлира,
Шайн маттахь Дала дина адам дистхилча.

222. Цхьана малико элира:
«Вай хIокхарна хIун цIе тилла еза, суна хаьа, шуна.
Дуьххьара дуьнен чу даьллачу адамах Адам ала деза вай.
ШолгIа дуьнен чу даьллачу адамах Хьава ала деза вай,
ХIунда аьлча цуьнан дуьххьара багара даьлла дош «хьава» дара.

223. Иштта техкина ю «шуна» и цIераш.
Уьш маликаша техкина йолу дела,
Ю шуна уьш еза цIераш.

224. Маликаш Дела волчу дIадахара,
Адам-пайхамаррий, Хьавай дуьнен чохь даха хиира.

225. БIешерашкахь вехира Адам-пайхамар,
Цуьнан а, Хьаван а тIаьхье дуьнен чухула дIасаяьржира,
Шаьш схьабоьвлла да-нана уьш дицдан буьйлабелира,
Маликийн мотт бицбан уьш буьйлабелира,
Бусалба дин цара дицдира, царна оьгIаз Дела вахара.
Дала кхел йира, дуьнен чуьра адамаш хIаллакдан.

226. Ша кхел кхочушъяле Нохьа-пайхамар вахийтира цо
Адамашна тIе, шен хабар дIатоха.

227. Оцу адамашка Нохьа-пайхамара элира Делан дешнаш:
«ХIара дуьне кхоьллинарг Со Дела ву, шуна,
Шун да-нана кхоьллинарг Со Дела ву, шуна,
Шу дуьнен чу кхоьллинарг Со Дела ву, шуна,
Шу бусалба кхоьллинарг Со вара, шуна.

228. Шуна дуьнен чохь дика делларг Со вара, шуна,
Шуна маликийн мотт белларг Со вара, шуна.
Ас мел делла дика хIума аш дицдина,
Вон мел долу хIума аш тIе ва эцна.

229. Шу Делах кхоьруш дац, дай-наний дицделла шуна,
Иблисехьа дирзина шу.
Кхин дуьнен чохь хан яц шуна,
Бусалба дине шу ца дерзахь.

230. Нохьа-пайхамарах баша а ца бешира уьш,
Нохьа-пайхамара шайга дуьйцург атта хийтира царна,
И халахетта, дагахь бала ва болуш,
Нохьа-пайхамар вахара Деле вистхила.

231. И Нохьа-пайхамар вистхилира оцу Везачу Деле:
«Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Къинхетаме вара-кха хьо, дуьне кхоьллинарг вара-кха хьо,
Дуьнен чу садолу хIума кхоьллинарг вара-кха хьо.
Ма дехьа дуьне хIаллак, ма дехьа адамаш хIаллак,
Кхетар хир бай уьш-м, шаьш харц новкъахь дуй, аьлла».

232. Ва Нохьа-пайхамар, кхетачуьра уьш боьвлла,
Церан дагах Иблис летта.
ХIорда-кема ахь кечделахь,
Хьайна оьшу хIума оцу кемана тIе яккхалахь,
Гена некъ ахь бан безар бу, хьуна,
Хьайн бусалба вежаршца.

233. Хьой, хьан тIаьхье йоцург, Делан новкъа воьдуш
Кхин стаг вац хIокху доккхачу дуьнен чохь,
Маликийн мотт буьйцуш, кхин стаг вац.

234. Ас хIара дуьне хIорда буха дохуьйтур ду,
Хьоьга хаам бийр бу.
Катоххий, хьайн хIорд-кема кечделахь,
Кавказан лаьмнашка Ас кхачор ву хьо,
Цигахь Iар-дахар хир ду хьан.

235. Сихха цIа вахара и Нохьа-пайхамар,
Чохь дийца велира иза Дала шега дина къамел,
Бусалба дог долу нах схьа ва гулбина,
ХIорд-кема дIахIоттийра цу Нохьа-пайхамара.

236. Дала гIо дора цунна оьшучу хIуман тIехь,
Дала дийцина де тIекхечира,
Нохьа-пайхамаре хаам хилира,
Дог Делаца долуш верг шеца схьаэцна,
ХIорд-кемана тIехиира и Нохьа-пайхамар.
Дуьнен чу хьаьдира инзаре хи,
Делаца воцуш верг хIаллакхилира,
Нохьа-пайхамар шен накъосташца
Кавказан лаьмнашка Дала схьавалийра,
Цигахь Iар-вахар цуьнан ва хилира.

237. Кавказан лаьмнаш шена схьагича,
Кавказан Iалам шена схьагича,
Вистхилира и Нохьа-пайхамар:

238. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Хьо ницкъ болуш вуйла, хаьара суна,
Делан ницкъах Со цец ца ваьлла, хьуна,
Со цецваьлларг, Со ялсамане кхаьчна-те, аьлла, и дара, хьуна,
ХIара хаза Iалам ялсаманехь бен хила йиш яц», - аьлла.

239. Ва Нохьа-пайхамар, Делан ницкъ чIогIа бу, и хьуна хаьа.
Делан новкъа воьдуш верг Далла дукха везна ву,
Дала ца вицво, хьуна, Делан новкъа воьдуш верг.

240. Ас хьуний, хьан тIаьхьенний
Дуьнен чохь ялсамане йийр ма ю.
Шу Делан новкъара довла ма довлалаш,
Дуьнен чохь бусалба дин аш даржаделаш.

241. Хала ду адамаш, рицкъ шайна каракхаьчча,
Массо а хIума дицло царна.
И Ас шайна луш долу рицкъ, лаьттах доьллина,
Латтана луш доций, ца хаьа царна,
Лаьттах бел Iоьттичахьана, и рицкъ дуй, ца хаьа царна?!

242. Делан ницкъ чIогIа буй, диц ма ло ва царна,
ГIийлачунна, мискачунна ницкъ ма бо цара,
Дала шайга делла рицкъ дIа ца луш.

243. Шуна Ас беллачу махкахь рицкъ ду, шуна,
ВорхI дуьней, ворхI латтий кхаббал.
Ма довлалаш Делан новкъара, ма Iехалолаш рицкъах,
Со кхин цкъа оьгIазводахь, Айса кхоьллина и дуьне
ХIаллакдан ницкъ ма бу, шуна, Соьгахь.

244. Варийлаш, ларлолаш, Делан новкъара ма довлалаш,
Шу Делан новкъара ва довлахь,
Айса ворхI дийнахь, ворхI бусий кхоьллина и дуьне,
БIаьрган негIар аш тохале, Ас хIаллакдийр ма ду.
ТIаккха хаьий шуна, Со, Дела, ницкъ болуш вуйла?!

245. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Хьо воцург Да хир ма вац тхан,
Хьо воцург паччахь хир ма вац тхан,
Хьо воцчуьнан лай хир ма дац тхо.

246. Белахь дуьненах къинхетам,
Ма делахь хIара хаза дуьне хIаллак.
Маликийн мотт тхуна ва белла ахь,
Маликийн амалаш, гIиллакхаш тхуна ва делла Ахь,
Бусалба дин тхуна делла Ахь,
Ялсамане санна, меттиг тхуна елла Ахь.

247. Тхо доьвр ма дац, хьуна, Везачу Делан новкъара,
Делан новкъара ваьлларг, нисван тхо хьовсур ду,
Цуьнан къинош тхайна оха тIелоцур ва ду.
Ма делахь хIаллак хIара хаза ва дуьне,
Доьху хьоьга, ва Везан, ва Воккхун ва Дела».

248. Дика ду, Нохьа-пайхамар, церан къинош
Хьо тIелаца реза велахь,
Дуьтур ду Ас и дуьне адамашна, акхарошна,
Са мел долчу хIуманна.
Хьайн тIаьхьенна ахь цIе тилла, Нохчий ва алий.
Нехан кхинош аш тIелоцур ду,
Цу къиношна шун жоп дала а дезар ду.

249. Делан гIоьнца бен, и къинош лан йиш ма яц,
Делан новкъах бен, и къинош лан йиш ма яц.
Шу доха ма дохалаш, халонаш йогIур ю шуна,
Баланаш хьоьгур бу аш, Iазапехь лаьттар ду шу,
Дела шуна юххера дIавер вац,
Дела шун цIийца хир ву, шуна.

250. Шайн къинош лан атта ду, шуна,
Нехан къинош лан хала ду, шуна,
Аш шайна тIеэцнарг хала мохь бу, шуна,
Дуьнен чохь шу стамделла, дIагIур ма дац, шуна,
СапаргIат Iар хир ма дац шун,
Нехан кхинош шуна тIехь мел ду.

251. Дала шайна белла хаза мохк аш ларбелаш,
Дала шайна белла оьзда мотт аш ларбелаш,
Дала шайна делла маликийн гIиллакхаш аш ларделаш,
Делан новкъара шу ма довлалаш,
Со шуьца цхьаьна хир ву, шуна.

252. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела.
Тхуна оьшуш хIума дац-кха, хьоьца цхьаьна хилар бен,
Оха ловр ю-кха халонаш, оха ловр бу-кха баланаш,
Тхо лаьттар ду-кха Iазапехь,
Дуьне хIаллак Ахь ца дичахьана,
Дуьнен чуьра адамаш Ахь хIаллак ца дичахьана,
Бусалба дин Хьан гIонца оха даржор ду,
Къинош долу нах дуьнен чохь кIезиг хир бу».

253. Делахь, дика ду, Нохьа-пайхамар, ахь бохучунна Со реза ву.
Дуьнен чохь тоьллачарах Ас эвлаяаш бийр бу,
ЦIий цIена долчарах Ас пайхамарш бийр бу.
Дуьнен чу даьржинчу къаьмнашка Ас уьш бохуьйтур бу,
Нийса новкъа ва дерза, аьлла,
Нийса некъ Делан некь бен ва бац, аьлла.

254. Цара гIо дийр ду шуна, бусалба дин дуьнен чохь даржо,
Уьш бахьанехь дукха къинош тIерадоьвр ду шуна.
Ас царна доуьйтур ду Iилманаш,
Дуьненахь лело беза некъаш гойтуш.

255. Оцу новкъа уьш дIаболхахь, шуна атта хир ду дуьне даа.
Уьш оцу некъах галбовлахь, шуна хала хир ду дуьне даа.
Коьртаниг, шайн цIийца Дела хилар диц ма делаш
Шаьш дуьнен чохь йоккхучу ханна.

256. Iожалле шух кхаьчнарг Со волчу вогIур ву,
Со волчу ва веънарг ялсамане гIур ма ву.
Дуьнен чохь шух висинарг Iазапехь а, баланехь а
Делан новкъахь хир ма ву.

257. Цхьа де догIур ду, Дала шуна тIера къинош дIадохуш,
Цул тIаьхьа паргIат шу ва довлуш,
Нохчий аьлла бен, шуьга бист ца хуьлуш,
Бисмилла аьлла бен, и цIе ца йоккхуш,
Аш хьегна халонаш цу дийнахь дуьйна кхин хир яц,
Аш хьегна баланаш цу дийнахь дуьйна кхин хир бац.

258. Рицкъ шуна лур ду Ас, шуна ма-оьшшу,
ПаргIато лур ю Ас, шуна ма-оьшшу.
Дуьнен чохь лоруш къам шу ма хир ду,
Шуьгара Iилма эца, шу долчу оьхуш паччахьаш хир ма бу,
Шу Iаш долчу меттигах дуьненан ялсамане Ас йийр ма ю.

259. Цул тIаьхьа хаьий шуна, шаьш Далла дукха дезна къам дуйла?!
Цул тIаьхьа хаьий шуна,
Шаьш хьегна халонаш, баланаш эрна йоцийла?!

260. И дика хенаш шуна тIееана, шуна,
Садетта йисинарг кхин хан яц, шуна,
Дуьнен чу Дела охьавоьссина, шуна,
Дуьнен чуьра харцонаш дIаяха иза волу, шуна.

261. Дала шен ницкъаца зулам эккхор ма ду,
Шу оцу зуламах кIелхьарадохур ма ду.
Чехкар-гIала йилла, цуьнан кара рицкъ делла,
Ас шуна юккъера стаг шуна воуьйтур ма ву.

262. ЛадогIалаш цуьнга, ва жима къам,
Делаш цо бохург, ва Нохчийн къам,
Дуьненан ялсамане Ас шуна гойтур ю,
Бусалба динехь шу чIагIлур ма ду.

263. Генара паччахьаш шу долчу оьхур бу,
Шуьца ва гергало уьш таса гIертар бу.
Цунах хаьий шуна, Ас шу диц ца динийла,
Цунах хаьий шуна, Нохчийн къам
Суна дукха дезна къам дуйла.

264. Дуьнен чу пайхамараш бахкийтира Ас,
Шуна тIера къинош жимма дайдайтархьама.
Дукхах долу къинош цара дIадаьхнера шуна тIера,
Дукхах болу нах цара бусалба дине берзийнера.

265. ИбрахIим ва пайхамар Ас дуьнен чу ваийтира
Бусалба дин дуьнен чохь даржадан.
ИбрахIима-пайхамара Делан цIа дира,
Цу Делан цIа чохь ламазаш дира.

266. Цо динчу ламазаша шуна тIера къинош дайдира,
Цо буьйцу мотт бара маликийн мотт,
ЦIий дара цуьнан бусалба, Дала ва делла,
Делан некъ чIогIа цо лелош ма бара,
Дела цунна чIогIа везаш ма вара.

267. ИбрахIим-пайхамаре Ас,
Хьайна дукха везаш волу кIант
ГIурбанна вен веза ахь, ва аьлча,
Иза реза ма хилира гIурбанна шен кIант вен.

268. ТIаккха хаьий шуна, дуьнен чу бусалба дин даржо,
Шуна тIера къинош дайдан,
Ас бахкийтина пайхамараш муха хилла?!
Уьш бара, шуна, Делан новкъахь
Шайн дегнаш дIалур долуш.

269. ИбрахIим-пайхамара буьйцу мотт
Маликийн мотт бара, шуна,
Аш буьйцу мотт маликийн мотт бу, шуна,
И мотт дуьнен чохь байа гIерташ,
Дуьнен чохь иблисаший, Iесачу нахий
Дукха къахьегна, шуна.

270. Кхин ша Дала хаьржина, дуьнен чу кхоьллина
Нохчийн къам шайга хIаллакдалур доций ва хиъча,
Царна тIехьа лаьтташ Дела вуй ва хиъча,
Уьш буьйлабелира Нохчий схьабоьвлла бух бохо.

271. Дуьнен чохь Нохчашна шайн дахар дуьйцуш,
Адама-пайхамарна тIера дуьйна
Яздина долу таьптарш эзар шерашкахь хIаллак цара дина.
Ма мотталаш, Дела и гуш вацара, Суна гуш дара, шуна,
Хууш дара, шуна, дуьнен чохь мел лелош долу хIума.

272. Цундела коьрта таьптарш Со волчохь ду, шуна,
Чехкар-гIалара маьждиг чу
Уьш схьадохьур ду, шуна ва Делан маликаша
Цу таьптаршна тIехь дерг дешча, дуьне цецдер ду, шуна,
И таьптарш дешнарг бусалба ца хила йиш яц, шуна.

273. Сатохалаш, Сан жима къам, гена яц, шуна, и хенаш,
Шу дуьнен чохь долуш гур йолуш ю шуна и хенаш,
Нохчийчохь хир ю, шуна, кхечу дуьнен чу воьду неIарш,
ЦIий цIена дерг бен ваха йиш йоцуш.
Сатохалаш, сатохалаш, гена яц, шуна, и хенаш,
Чехкар-гIала хьалайо де тIекхаьчна, шуна.

274. Шун таьптарш шуна маликаша схьадале,
ИбрахIима-пайхамаран мотт, маликийн мотт, шун мотт —
Цхьаъ буй, дуьненан паччахьашна Ас хоуьйтуш,
Билгалонаш йитина, шуна, цхьаерш Ас юьйцур ю шуна.

275. ИбрахIима-пайхамара шен дукха веза кIант ИсмаьIал
ГIурбанна вуьйчу хенахь,
Логах цо урс хьаькхича, урс ца летира,
ШозлагIа хьаькхича а, урс ца летира.

276. ИбрахIим-пайхамар цецваьлла вистхилира:
«Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма доккха хIума ду хIара, Ахь гIурбана,
Дукха веза кIант вен веза, ва аьлла, и вен со гIоьртича,
Урс леташ ма дац сан кху кIентан ва логах.

277. Ма юьхьIаьржа хIуттуш ву-кха Со
Воккхачу Далла ва хьалха», - аьлла.
КхозлагIа и урс цо логах ва тоссушехь,
Дала даийтина ши малик дистхилира,
ИбрахIим-пайхамаре: «МА-БУ-КА», - ва аьлла.
ИбрахIим-пайхамар дIахьаьжча,
Цунна гира Дала даийтина ши малик,
Ши маIа а лаьцна, устагI бохьуш деана.
И уьстагI ИбрахIима-пайхамаре схьа а белла,
Ши малик Дела волчу дIадахара.
ИбрахIим-пайхамар кхитийра, Дала шена гIурбана
КIентан метта уьстагI баийтиний.

278. Дуьнен чохь бусалба динехь бен гIурбана де дац, шуна,
Дуьнен чохь гIурбана де бусалба динехь бен дац, шуна.

279. ИбрахIим-пайхамаре шина малико
Аьлла дешнаш МА-БУ-КА,
И дешнаш долу мотт, хIун мотт бу ца хууш,
Дуьнен чуьра Iилманчаша дукха къахьегна, шуна,
Иза Ас царах, таханлера де тIекхаччалц,
Лачкъийна дара, шуна.
Тахана дуьйцу хан тIекхаьчна, ва шуна,
И дешнаш ду, шуна, маликийн маттахь,
И дешнаш ду, шуна, ИбрахIим-пайхамара бийцинчу маттахь,
И дешнаш ду, шуна, Нохчийн маттахь.

280. МА-бохург ду, шуна, ма хьакха ИсмаьIална логах урс, собарде.
БУ-бохург ду, шуна, хIара шаьшшинна карахь берг гой хьуна,
КА-бохург – уьстагI, Дала хьуна баийтина,
ИсмаьIалан метта гIурбана бен.
Иштта билгалонаш дукха йитина шуна Ас дуьнен чохь,
Шадерриге а шен хенахь хуур ду шуна.
                Амин
               
 5.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

281. Дуьнен чохь цхьа хIума дац, шуна,
Къайладаха йиш йолуш,
Шадерриге а Дела волчохь дIаяздина ду, шуна,
Шен хан тIекхаьччахьана, шуна и гур ду, шуна.

282. Шуна хаа лууш дерг, шуна хуур ду, шуна,
Дуьнен чохь аш иза даржо ва дезар ду, шуна.
Дозаллий, кураллий дага тIе ма йогIийла шуна,
Шу санна, лоруш къам дуьнен чохь хир ма дац.

283. Шайна хиънарг дуьнен чохь дIадаржаделаш.
Бусалба дине, и бахьанехь, дукха нах боьрзур бу, шуна,
Шу бахьанехь бусалба дине дукха нах боьрзур бу, шуна.

284. Варийлаш, варийлаш, кураллий, дозаллий
Шайна дага ма яийталаш.

285. Делан новкъа воьдучуьнан цIий цIена хила деза, шуна.
Оцу цIийца ду, шуна, шу бусалба,
Оцу цIийца ду, шуна, шуна Дала делла гIиллакхаш,
Оцу цIийца бу, шуна, шун оьзда мотт,
Оцу цIийца ду, шуна, шун дика мел долу хIума.

286. Ларделаш и шайн цIий, эзар шерашкахь
Халонехь, баланехь шаьш лардина долу,
И цIий ду, шуна, эвлаяийн, маликийн, пайхамарийн цIий,
Ларделаш шайн цIий, деза цIий ду, шуна, и.
И цIий долу стаг ву, шуна, Далла дукха везна,
И цIий долу стаг ву, шуна, Дела дукха везна,
Цундела бу, шуна, и цIий долу нах Нохчийчохь Iаш,
Цундела бу, шуна, и цIий долу нах ялсаманехь Iаш.

287. Маликаш дIагуллуш Нохчийчохь ду, шуна,
Эвлаяаш, пайхамараш схьагуллуш Нохчийчохь бу, шуна,
Зен-зулам Нохчийчуьра арадоккхуш уьш бу, шуна,
Нохчийн мохк паргIатбоккхуш уьш бу, шуна.

288. ТIаккха хаьий шуна, Далла шаьш диц ца деллий?!
ТIаккха хаьий шуна, Далла шаьш дукха дезна къам дуйла?!

289. Нохчийн мохк мунепакъех цIанбеллачу дийнахь,
СапаргIатдаьлла шу Iачу хенахь,
Хаза кхаъ богIур бу шуна шун везачу ва Делера,
Эвлаяаша шуна йицина хенаш тIекхаьчна, ва аьлла.

290. Цу дийнахь Нохчийн мохк серлабер бу, шуна,
Маьлхан зIаьнарш схьакхетар ю,
Нохчийчохь бен юй-те хIара маьлхан зIаьнарш, аьлла,
Нахана хетар ду.

291. Цу дийнахь Нохчашака деана хаза де,
Дуьне мел лаьтта, цаьргахь и лаьттар ду,
Цу дийнахь дуьйна, Нохчийн къам ца доьвзаш, къам хир дац.
Дуьненна чохь евзара ю Нохчийн къоман хазалла, дикалла,
Церан цIийца долу бусалба дин.

292. Дала дуьнен чу адамаш кхуллуш,
Бусалба хила уьш кхоьллина бара.
Бусалба адамаш, ахчанца-бохчанца я даржаца
Эзар шерашкахь шайн бусалба вежарий
Къаста ца бина къам, Нохчийн бен дацара.

293. Паччахь, ахархо, церан бен, цхьаъ лоруш,
Къам дацара дуьнен чохь.
Беран Нана шина боьршачу стеган метта лоруш,
Церан бен гIиллакх дацара дуьнен чохь.

294. Ши стаг вовшах леташ велахь,
Царна юккъе зудчо йовлакх кхоссахь,
И шиъ дIасакъаста везаш вара.
Церан бен и гIаллакх дуьнен чохь дацара.

295. Дела хьахийча бен, бIаьргех хи долуш
Церан боьрша нах бен бацара,
Тур тоьхна ахь дIегIан меже схьаяккхахь а,
Церан бен и къонахалла яцара.

296. Иштта шуна дийца ду дукха хаза,
Бусалба церан гIиллакхаш.
Шаьш дуьнен чу кхуллучу хенахь,
Шайн цIийца и гIиллакхаш цхьаьна долуш,
Кхоьллина ма бу уьш Везачу, Воккхачу ва Дала.

297. Зуда бусалба динехь муха лара еза,
ХIинца хаьий-те шуна?!
Ахчано, даржано бусалба вежарий къасто йиш йоций,
ХIинца хаьий-те шуна?!

298. Шу гIолаш Нохчийчу, цигахь доьвзар ду шуна,
Бусалба гIиллакхаш.
Шу гIо шу Нохчийчу, цигахь хезар бу шуна,
Маликийн, пайхамарийн мотт.

299. Шу гIо шу Нохчийчу, цигахь карор ду шуна
Далла дукха дезна къам, Нохчий цIе йолу къам.
Хаза хенаш йогIур ю оцу Нохчийн ва махка,
Дуьненан ялсамане ма ю-кха хIара, бохуш.
Стиглара неIарш Нохчийчохь йоьллур ю,
Адамаш дуьнен чуьра дуьнен чу хьошалгIа оьхур ду.

300. Адамийн ва хенаш Дала яхйийр ю,
Церан ва меттанаш маликийн мотт хир бу,
Далла и дукха беза мотт пайхамарша бийцина бара.
Вовшех цу маттаца уьш кхеташ хир ма бу.

301. Кхечу дуьнен чу уьш лела ва бевлча,
Дуьнен чохь хилларг, лелийнарг царна хуур ма ду,
Цхьадолу ва къаьмнаш инзардевр ма ду.
Дуьнен чохь баьккхина ког таьптарша тIехь язбина гича.

302. Царна дагадогIур ду: «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Делар-кха тхо дуьнен чохь юхадаха йиш йолуш,
Ма хуур дара-кха тхуна, муха тхаьш даха деза,
Ма летор дацара-кха оха, харц дош аьлла, тхайна къинош».

303. Ма оьзда бу-кха и маликийн мотт,
Оцу маттахь, бусалба воцург, вистхила йиш яц,
Цхьа Нохчийн къам доцчунна, дуьнен чохь белла бац,
Маликийн, пайхамарийн и хаза мотт.

304. Цу хазачу ва матто, Делан ва гIоьнца, кIелхьарадаьккхира
Дуьнен чохь и Iазап хьоьгу и Нохчийн бусалба къам.
Дала тахана дика делла Iаш ду и Нохчийн къам.

305. Оцу Нохчийн махка, ша Хьаьжа-цIа санна,
Оьхур бу дуьнен чуьра нах бусалба Iилма цигахь ва Iамо.
Дала цу къомана дуьнен чохь елла и хаза ялсамане.
Цу ялсамане кхаьчнарг бусалба ца хила йиш ма яц.

306. Бу, шуна, эвлаяаш, пайхамараш и жима къам лардеш,
Диване охьа уьш Нохчийн махкахь ма ховшу,
Цигахь цара къобалдинарг дуьнен чохь хила деза.
Цара къобалдинчу хIуманна новкъарло еш верг
Дала жоьжагIате дIа ма вохуьйтур ву.

307. Дуьненахь хьегначу халонашна,
Дуьненахь хьегначу баланашна
Дала ялсамане ма елла оцу жимачу къомана,
Нохчий цIе йолчу оцу оьздачу къомана.

308. Делан некъ бицбина дуьнен чохь уьш бацара,
Эхартахь а Делан некь бицбийр болуш уьш ма бац.
ТIаккха хаьий шуна, Далла дукха уьш хIунда безна?!
ТIаккха хаьий шуна, Далла уьш хIунда беза?!

309. «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чохь дукха къаьмнаш дара-кха,
Царна юккъехь диканаш а, вонаш а,
Бусалбанаш а, бусалба доцурш а дара,
Ца хилла-те оцу Нохчашна юккъехь и тайпа нах?»

310. Ас жоп лур ду шуна аш деллачу хаттарна.
Диканаш а, бусалбанаш а и Нохчий бара, шуна,
ЦIий шайн цIена ва долуш берш.
Вонаш, бусалба боцурш царна юккъехь бара, шуна,
Паспорташ бен, Нохчийн хIума доцуш берш.

311. И тайпа наха къинош ва летош,
Дуьнен чохь лар тIехь уьш баха ма ца буьтура,
Цхьана бIешарахь шозза питана дора цара,
И Нохчийн бусалба къам хIаллакдайтархьама.

312. И Нохчийн къам хIаллакдайта йиш йолуш Со ма вацара,
Церан дара эвлаяийн, пайхамарийн цIий.
И цIий долу стаг бусалба бен хила йиш ма яцара,
Бусалба стаг Делан новкъах бен хила йиш ма яцара.

313. И Нохчийн къам Делан новкъахь хилла ма ду,
И Нохчийн бу, бохуш, паспорташ долу нах
Иблисан дегнаш долуш хилла ма бу.
И Иблис эзар шерашкахь Нохчашна юккъе хьерчаш хилла.

314. Шай дегнаш цIена долуш болчу Нохчашна
И шайна юккъехь лелаш долу Иблис
Къасталуш ца хилла.
Оцу Иблисо шен боьхачу дагаца, боьха мел долу хIума,
Нохчашна тIекхуллуьйтуш хилла,
Зулме мел долу хIума тIедохьуш хилла.

315. И Везан ва Дела, и Воккхун ва Дела
Орцах ма волу оцу Нохчийн къомана.
Нохчийчу цо бохуьйту эвлаяаш, маликаш,
ЦIанделаш и Нохчийн къам паспорташ Нохчийн долчу нахах,
Шаьш деанчу зуламца ара ва кхиссалаш,
Дуьненахь, эхартахь юххе кхин бахка йиш йоцуш.

316. И Делан декхар кхочуш цара дира,
Ялсаманехь санна, Нохчий баха хевшира.
                Амин

6.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

317. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
ХIара хаза дуьне ма кхоьллина Ахь,
ХIокху хазчу дуьнен чохь
Тайп-тайпана адамаш ма кхоьллина Ахь.
И адамаш къаьмнашка ма декъна Ахь,
Оцу хIора къомана шен-шен мотт ма белла Ахь.

318. Бусалбий, керстий динца декъа ма делла и къаьмнаш,
Бусалба динехь а ма дукха бу-кха жоьжагIате баха безаш нах,
Керста динехь а ма дукха бу-кха жоьжагIате баха безаш нах.

319. Цхьа де догIур ду царна, и Делан кхел шайна еш,
Цу дийнахь хуур ду дуьнен чуьра къаьмнашна,
Ас дуьнен чу динца бекъабала уьш кхоьллина цахилар.
Адамаш цхьа вежарий болуш
Кхоьллина Ас хIокху дуьнен чу.
Адамаш цхьа дин бусалба долуш,
Кхоьллина Ас хIокху дуьнен чу.

320. Дуьнен чохь рицкъ шайна кара мел кхочу,
Дала шайна дуьненан пайденна делла долу,
Я дарж шайна мел кхочу, къомана пайденна делла долу,
Оцу шайн дегнаш чу иблис лотуьйтий,
Дин шайна дезачу агIор хийца шу хьоьжура,
Иблисан дине шу доьрзура.

321. Хаалаш, дуьнен чохь цхьаъ доцург, дин доций,
И дин бен дуьнен чохь хила йиш йоций.
Дуьнен чуьра дин ялсаманера дин ду, шуна,
Ас пайхамаршна дуьнен чу даийтина хилла дин,
Бусалба дара, шуна.

322. Хан хене мел йолу иблисаца тайначу паччахьаша
Делан дош хийца ма хийцина.
Адам-пайхамар дуьнен чу бусалба кхоьллинера,
Цо шеца бусалба дин деанера шуна.

323. Цу хенахь хиллачу паччахьаша
Халкъаш динца эвхьаза ма дехира.
И харцахьадевлла халкъаш иблисаца ма тайнера,
Ас шайна делла дин диц цара ма динера.

324. Делан йиш яцара, иблис дуьнен чохь толийта,
Дала Нохьа-пайхамар, цуьнан тIаьхье,
Бусалба динца уьш бу, аьлла,
ХIорда-кеманца кIелхьара ма бехира.
Кхидолу ва къаьмнаш хIаллак ма дира.

325. Нохьа-пайхамар, цуьнан тIаьхье бахьана долуш,
Ас дуьне, хIаллак ца деш, дитира.
Нохьа-пайхамарой, цуьнан тIаьхьеной
Бусалба дин даржо тIелецира,
Шаьш шайна тIелаьцнарг кхочуш а дира.

326. Цул тIаьхьа ваийтира Ас ИбрахIим-пайхамар,
Цуьнан цIийца ма дара бусалба дин.
Дуьххьара дуьнен чохь маьждиг цо дира,
Цу чохь ламазаш цо ва дира.

327. Дуьххьара гIурба цо ма дира,
Тахана а бусалба динехь гIурба деш ма ду.
ТIаккха хаьий шуна, бусалба дин,
КъорIан дуьнен чу а дале, хилла ва дуйла?!

328. Дуьнен чохь халкъаш динца эвхьаза доьвлича,
Уьш кхетар бацара-те, ва аьлла,
Ас Муса-пайхамаре Товрат ма даийтира,
Бусалба дин дуьйцуш.
Цул тIаьхьа Забур а, Инжил а даийтира,
Уьш дуьнен чохь даржа ма дайтира Ас.

329. Дуьнен чу уьш даийтале,
Йоза ма Iамийра Ас къаьмнашна,
Дешар ма Iамийра Ас къаьмнашна,
Товрат, забур, инжил дешча мукъана а,
Делаца хир бацара-те хIорш,
Уьш доьшуш хилча, дика кхетар бара-кха хIорш,
И шадерриге а, дуьнен чохь мел долу хIума, луш верг
И Везан, Воккхун Дела вуй,
Хуур дара-кха царна, ва аьлла.

330. Хан хене мел йолу, паччахьаш хийцалора,
Цара Дала даийтина йоза хийца ма хийцира,
Ишта галдехира цара и шайн халкъаш.
Йоза галдаларца дин а галделира,
Дин галдаларца, къаьмнаш галдевлира,
ТIаккха дуьне хIаллакдан Суна дага ма деара.
Нохьа-пайхамара делла дош ца хиллехь,
И дуьне Ас хIаллак ма дийр дара.

331. Цул тIахьа Мохьмад-пайхамарца Къоран ма дайитира Ас.
Ша Дела ва воцург, цу тIера йоза хийца йиш ва йоцуш,
Бусалба динца, Делан новкъа воцчунна
Кара кхача и йиш ва йоцуш.

332. Дуьнен чохь Мохьмад-пайхамара (с.I.с.) бусалба дин даржийра,
Бусалба динца Дала царна рицкъ ва делира.
И тIаьххьара дуьнен чу даийтина Къоран дара,
Везачу ва Дала цу динехь ва воцург бусалба хир вац, аьлла.

333. И Дела гуш ма ву,
Де-дийне мел долу, бусалба дин даьржаш ду,
Мунепакъаш а бусалба дин тIеоьцуш бу.

Цу динал хаза хIума дуьнен чохь ма дац, шуна,
Цу динехь верг бен ялсамане гIур ма вац, шуна.
Сихлолаш бусалба дин шайна тIеэца,
Бусалба динехь воцург ялсамане гIур вац, шуна.

334. Тахана а бу, шуна, дуьнен чохь Iеса нах,
Бакъ новкъа уьш бовлахь, Со къинтIера вер ву царна,
Шайн харц некъ цара хийца ца хийцахь,
Дуьнен чу шаьш бовларх, дохко бевр ма бу уьш.

335. Делан собар кхачо шу ма гIерталаш,
Дуьнен чохь бусалба дин дIахIотта деза хан
ТIекхочуш ю, шуна.
Варийлаш, варийлаш, сихлолаш бусалба дин тIеэца,
Iийса-пайхамар дуьнен чу вала веза хан,
ТIекхочуш ю, шуна.

336. И дуьнен чу кхаьчначу дийнахь хаам шуна хир бу, шуна,
Ма къа хир ду-кха бусалба воцчунна,
Делан кхел Iийса-пайхамара йийр ю-кха царна.
Iийса-пайхамар дуьнен чохь кхел йина ваьлча,
Дуьнен чохь са мел долчу хIумано доккха са доккхур ду.

337. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма боккха къинхетам би-кха Ахь тхох,
ХIара дуьне Iесачу нахах, боьхачу хIуманех цIандина,
Ма паргIатдоьвли-кха тхо,
Дуьнен чу бусалба дин дIахIоьттина.
Дуьненан ялсамане хIоьтти-кха хIокху дуьнен чохь,
Бусалба вежарий, йижарий, цхьа хIусам санна,
Баха охьахевши-кха.

338. Дела бен шайн Да воцуш,
Дела бен шайн Паччахь а воцуш,
Делан бен шаьш Лай а доцуш,
Даха хоьвшира дуьнен чуьра къаьмнаш.

339. Царна юккъехь цхьа къам дара,
Къаьстина дийца дезаш,
И къам санна, ша кхоьлличахьана
Бусалба дин лелийна къам ма дацара.

340. Шайна тIехь Iазап мел латтадо,
Бусалба динца чIагIлора уьш.
Вацар-кха дуьнен чохь стаг, цара лайна Iазап ловр долуш,
Дацар-кха дуьнен чохь къам, цара лайна бала ловр болуш.

341. Ма халонаш хьегнера цара, бIе шарахь шозза хьоьгуш,
Шаьш хьоьгу халонаш цара ловра, бусалба динехь долу дела.
Бусалба дин церан цIийца ца хиллехь, ма кхерам бара-кха,
Дуьненан паччахьашна лууш дерг хиларна.

342. Царна луург дара, шуна,
И жима къам дуьнен чуьра дIадалар.
Царна луург дара, шуна,
И жима къам дуьнен чохь дицдалийтар.

343. Ма ца хаьара царна, бусалба дин чIогIа дуйла,
Ма ца хаьара царна, бусалба цIийца уьш буйла,
Ма ца хаьара царна, бусалба цIийца Дела вуйла,
Дала шен цIий лардийр дуйла, Делан ницкъ чIогIа буйла.

344. Дуьнен чохь оцу жимачу къомо лайна бала шайна хиъча,
Бусалба бен дин лелор дацара аш.
Дуьнен чохь паргIат аш баха уьш битина хиллехьара,
Царал дехаш къам хир дацара.

345. Къинош дуьнен чохь аш кIезиг летош хиллехьара,
ПаргIат дехар ма дара и жима къам.
Шун къинош тIелацар бахьанехь,
Дуьнен чохь, сапаргIатдала йиш йоцуш, ма лелла и жима къам.

346. Бекхам боцуш хIума доций, хаалаш.
Бусалба динехь хилахь,
Ас къинхетам бийр бу шух.
Дела воцург, орцах вала шуна кхин стаг вац, шуна.
ХIинццалц аш летийначу къиношна
Жимачу къомо кIелхьарадохура шу.

347. Эзар шераш хьалха Нохьа-пайхамара Далла делла дош дара,
Дуьне кIелхьарадаккхархьама, шун къинош шайна тIе лоцуш.
Оцу дашах Нохьа-пайхамар Ас мукъа вуьту, шуна.

348. Тахана дуьйна бусалба цIийца долчу къомана,
Со къинтIера волу.
Кхин цара хьоьгур бац, шуна,
Кхин къаьмнаш бахьанехь бала.
Тахана дуьйна дезар ду шун
Шайн къиношна шаьш жоп дала.

349. Шун къинош тIелаьцна жимачу къомо ца хиллехь,
Дуьнен чохь царал а рицкъ долуш къам хир дацара,
Делахь а, Дела дика ма ву, цо шен къам диц ца до.

350. Жимачу къомана догIуш долу рицкъ
Кхечу къаьмнаша шайна ма дитинера.
Цхьаццаболчара, сагIийна дIа ца доькъуш,
Шайца жоьжагIате дIа ма даьхьира.

351. Делан новкъа воьдуш верг
Дала виц вийр вац, шуна.
Жимачу къомана догIуш долу рицкъ
Дала царна и дIалур ма ду.

352. Шуна ца хаьа, и къам бахьанехь, дуьне хIаллак ца диний,
Шуна ца хаьа, и къам бахьанехь, дуьнен чохь шаьш дехаш дуй,
Шуна Ас делла хилла рицкъ кхача деззачу дIакхаьчна хиллехь,
Тахана дуьненахь сагIа доьху нах хир ма бацара,
Тахана дуьненахь меца нах хир ма бацара.

353. Эзар шерашкахь даъал, ма дара шуна и рицкъ,
Кхача дезачарна аш и дIакхачийна хиллехь а.

354. Тахана дуьнен чу Со охьа ма воьссина,
Сайна юххехь пайхамараш а, эвлаяаш а, маликаш а ва долуш.
ТIаккха хаьий шуна, ша Iазапехь доллушехь
Шун къинош бахьана долуш, Делан новкъа схьадеана къам
Дала дицдан йиш йоций?!

355. Сайн гIоьнчий Ас бахийтина шун жимачу махка,
Шайна тIе Делан Дош диллина,
Жима къам паргIатдаккхаза юхабахка йиш йоцуш.
И Делан дош цара кхочуш дийр ду, шуна,
Дуьхьала царна ваьлларг хIаллакхир ву, шуна.

356. И жима къам холча хIоьттича, воуьйтура Ас
Пайхамар я эвлаяъ, царна синтем хилийтархьама.
Цара шайна дийцинарг цара чIогIа схьалоцура,
Цара бинчу хьехамаша царна чIогIа гIо дора,
Хало, бала цаьрга лайта.

357. Царна пайхамарша, эвлаяаша
Бина хьехамаш, йийцина хаза хенаш
Цара эзар шерашкахь шай дегнаш чохь схьаеанера.
Тахана дуьйна шаьш эзар шерашкахь ларйина йолу хан
ТIекхаьчний, царна хуур ма ду.

358. И хан тIекхачаран хьалхара билгало хир ма ю -
Мунепакъех мохк цIанбалар.

359. ШолгIа билгало - Iесачу нахах мохк цIанбалар.
КхоалгIа билгало - жимачу къоман са паргIатдалар,
Чехкар-гIала ирахъяхар.
Дуьнен чохь хIума ца оьшуш,
Везачу, Воккхачу Дала уьш дIанисбийрг хилар.

360. Шуьгахь долу рицкъ Ас жимачу къомана дIалур ма ду,
Цу къомана хуур ду, шуна, бусалба динаца
Шен кхача деззачу и дIакхачо.
Царна хуур ду, шуна, оцу рицкъах дан дезаш дерг.

361. Рицкъ луш верг Дела вуй, царна хаьа, шуна,
Рицкъ дIадаккха йиш йолуш верг Дела вуй, царна хаьа, шуна,
Шайна рицкъ а, дарж а схьакхачале, шуна а хаьара и.
Рицкъий, даржий схьакхаьчначул тIаьхьа,
Шуна Дела вицвелира.

362. Дела вицвала йиш йоций, шуна тахана хаьа, шуна,
Шу Делан новкъа нийса леллехьара,
Тахана Далла хьалха жоп дала атта хир дара шуна.

363. КIеззиг хан ло Ас шуна Делан новкъахь шу чIагIдала,
Цу новкъахь шу чIагIделлачу дийнахь
Къинхетам Ас бийр ма бу шух.

364. ГIолаш жима къам долчу хьошалгIа,
Цигахь хуур ду шуна, цIийца бусалба дин муха хуьлу,
ЦIийца бусалба дин долу къам, Дала муха леладо.

365. Дуьненан ялсаманехь Iаш хир бу шуна уьш,
Воккхун Дела церан паччахь хир ву, шуна,
Воккхун Дела церан Да хир ву, шуна,
Воккхун Дела воцучуьнан, уьш Лай хир бац, шуна.

366. И жима къам ду, шуна, Нохчий ва олуш,
Церан мохк бу, шуна, Нохчийн мохк ва олуш,
Дуьне мел ду, уьш бехар бу, ялсаманехь ва санна.
Делан новкъа уьш гIур ма бу, де-дийне мел долу чIагIлуш.
                Амин
          
  8.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

367. Ду, шуна, и къам дуьнен чохь
Оццул дукха долчу къаьмнех къаьсташ.
Ас шуьга юьйцуш ерг дегIан чалх яц, шуна,
Ас шуьга дуьйцуш дерг дегIан Са ду, шуна.

368. ДегIан Са дац, шуна, цкъа а леш,
Шена тIера догIмаш хийца а хуьйцуш,
Дуьнен чохь дехаш ду, шуна, и Са.

369. Ас шуьга дуьйцучу къоман Са ма чIогIа хилла,
Церан Са Дала царна бен луш ца хилла.
Дуьнен чохь кхин дацара, шуна, къам,
Делла, цкъа дуьнен чуьра эхарта дIадахана долу Са,
Оцу къоме бен, юха ца доуьйтуш.

370. Ма чIогIа Далла дукха дезна къам хилла иза,
Ма чIогIа лардеш хилла Цо оцу къоман ва Синош.
Дуьнен чохь оццул Iазапехь даьллина долу къам,
Шайн синош Дала юхалуш ца хиллехь,
Таханалерачу дийнахь и къам дуьнен чохь хир ма дацара.

371. Церан хаза гIиллакхаш, оьзда мотт,
Бусалба дегнаш, бусалба цIийн
Дуьнен чохь дицделла ма хир дара.
Дала чIогIа лардина и Нохчийн жима къам,
Делан къайленаш вайна хаа йиш ма яц.

372. Цхьа хIума-м ду, оццул Дала лардийр дацара
И Нохчийн жима къам, цхьана дикачу хIуманна бен.
Оцу Везачу, Воккхачу Дала и бакъ дойла.

373. ДегIа чохь Са мичахь ду, хаьий шуна?
Ца хаахь, Ас дуьйцур ду шуна иза.
ДегIан Са ду, шуна, дегIаца долчу цIийца,
Оцу цIийца ду, шуна, шуьца мел долу хIума
(диканиг а, вониг а).

374. Шуна ма мотталаш, Дала харц лелачу нахана
Харц цIий делла, иза бакъ дац, шуна.
Дала дуьнен чохь массарна а цхьатерра цIий делла, шуна,
Цхьатерра Са дела, шуна.

375. Дала дуьнен чохь къастийнарг цхьа къам бен дац, шуна,
Дала шатайпа цIий делла и къам бен дац, шуна,
Дуьххьара дуьнен чу даьлла къам ду иза.

376. Цу къомана дара Ас дуьненахь а, ялсаманехь а
Мел долу дика хIума делла.
Цу къомана дара Ас маликийн цIий делла,
Цу цIийца дара церан ша мел долу хIума а.
Цу цIийца дара шуна церан и бусалба хилар а,
Цу цIийца дара шуна церан кхечу кIаьмнийн доцу
Бусалба гIиллакхаш,
Цу цIийца ду, шуна, дуьнен чохь мел хила деза дика хIума.

377. Шайн цIий церачух дIанисдан шуна лаахь,
Аш Iамо деза церан гIиллакхаш.
Церан гIиллакхаш ялсамане гIиллакхаш ду, шуна,
Церан оьздангалла ялсаманера схьаэцна ю, шуна.

378. Цера нахаца а, вовше а болу ларам
Ялсманера дуьйна схьа бу, шуна,
Церан гIиллакашкахь санна, берийн нана лоруш
Дуьнен чохь кхин къам дац, шуна.
Церан цIийца ду, шуна, и дика хIуманаш,
Доцца ва аьлча, бусалба дин, ша хила ма-деззара.

379. ГIолаш уьш болчу, Iамаделаш церан гIиллакхаш,
Шайн цIий бусалба шайна хила лаахь,
Бусалба цIийца бен, ялсамане ваха йиш яц, шуна,
Ялсаманехь долу цIий бехдайта йиш яц, шуна.

380. Оцу цIийца Са хилар Ас дуьйцур ду шуна.
Гиний шуна дуьнен чохь, бензин диканиг доьттича,
Машен дика лелаш, чехка лелаш, паргIат лелаш.
Изза ду, шуна, адамашца дерг а.

381. Адаман дегIана Дала Са ло, шуна,
И Са цIийца ду, шуна, цIий дика ва дацахь,
Лела хала хир ду, шуна.

382. И дегI лелош дерг-м и цIий дай,
ЦIий ца кхочуш, дегIехь меттиг яц, шуна,
ХIунда аьлча, цIий доцчу меттехь, Са дац, шуна,
Са доцчу меттехь, цIий дац, шуна.

383. ЦIий, Сай дIасакъаьстича, дуьне хила йиш яц, шуна.
ХIор хIуманан а шен цIий ду, шуна, Дала делла,
Шен-шен бос а болуш.
ХIора хIуманан шен Са ду, шуна, Дала делла,
Ларделаш шайн цIий, ларделаш шайн Са.

384. Хьан дегIах хIума Iотталахь, хьо лазаво, хьуна,
Хьуна моьтту, хьайн дегI ду и лазош дерг,
Дац, хьуна, и хьан дегI лазош дерг,
Ду, хьуна, и хьан Са лазош дерг.

385. Ду, хьуна, и хьан Са цIий мел кхочучу меттехь,
Ду, хьуна, дегIан пхенашкахула,
И хьан цIий лелош дерг - Дала делла и Са.
И Са чуьра дIадаьлча, цIий соцур ду хьан,
ЦIий сецча, дог соцур ду хьан.

386. Цундела хаалахь, ахь лардан дезаш дерг и хьайн Са дуй,
Ахь лардан дезаш дерг и хьайн цIий дуй,
Уьш ахь лардахь, хьо ялсамане кхочур вуй.

387. Дуьнен чохь Iилманчаша дукха къахьегна, шуна,
ЦIийх, Сих дерг шайна хаа лууш.
И Са кхуллуш верг Дела ва ву, шуна,
Дела воцчуьнан, са кхолла йиш яц, шуна,
Дела воцчуьнан, цIий дан йиш яц, шуна.
И хIунда яц а, Ас шуна дуьйцур ду, шуна.

388. Ас лакхахь ма-аллара, шадолу хIума а цIийца ду.
Дуьнен чохь цIий дан йиш йолуш хилча,
Дуьнен чохь хин дерг, и Дела воцчунна, ца хаьа.

389. Ма сиха хIаллакхир дара-кха и дуьне а,
Дуьненахь мел долу хIума а.
Дуьне хIаллакдан йиш ерг и Дела бен вац, шуна.

390. Цундела леладе аш бусалба дин,
Оцу динца леладе аш бусалба гIиллакхаш.
И ший а цхьаьна аш лелош ца хилахь,
Дуьненахь а, эхартахь а ялсамане хила йиш яц.

391. Оцу Нохчийн къомана
Дуьнен чу кхуллучу хенахь,
Ас шайн цIийца царна делларг
Бусалба гIиллакхаш дара, шуна.

392. И гIиллакхаш эзар шерашкахь
Цара шайца схьадеана, шуна.
И гIиллакхаш бахьанехь,
Дуьнен чохь уьш бисина, шуна.
Уьш бахьанехь,
Дуьнен чохь шу дисина, шуна.

393. Цундела, аш дан дезаш дерг,
Бусалба динца, бусалба гIиллакхашца шу даха деза.
Шу бусалба гIиллакхашца,
Бусалба динца чIагIделлачу хенахь,
Нохчийн махкахь ялсамане хир ю, шуна.
Оцу ялсамане кхидолу къаьмнаш оьхур ду, шуна,
Церан гIиллакхаш Iамо.

394. Ас шуна тахана йийцина къайле
Дуьненан паччахьашна хьалха хууш хиллехьара,
Тахана бусалба гIиллакхаш долуш къам
Дуьнен чохь хир ма дацара.
Цундела дара Ас, шен хан тIекхаччалц,
Адамах и лачкъийна.
Тахана Ас шуьга и дийцар царна новкъа дац, шуна.

395. Дала уьш къинойх цIанбина,
Тахана дуьйна уьш ларбийр болуш верг Со ву, шуна,
Царна кхин дуьнен чохь а, эхартахь а Дела воцчо,
ХIума дан йиш яц, шуна.

396. Цигара тIом Ас сацор бу, шуна,
Эскар арадоккхур ду, шуна,
ПаргIат Нохчийн къам даха дуьтур ду, шуна,
Шайн бусалба гIиллакхаш чIагIдеш,
Бусалба дин чIагIдеш.

397. Цигахь бусалба дин, бусалба гIиллакхаш
ЧIагIделлачу дийнахь, ялсамане хир ю, шуна,
Дуьнен чуьра къаьмнаш инзар а дуьйлуш.
И хууш верг Дела бен вац, шуна.

398. Ас шуна хIара дийцар,
И хенаш юххехь хилар билгало ю, шуна.
Маликаш, эвлаяаш Нохчийчохь бу, шуна,
Уьш бу, шуна, Дала бахийтина
Зуламах, зуламхойх Нохчийчоь цIанъян.

399. Зуламах, зуламхойх Нохчийчоь цIанйина уьш боьвлча,
Са паргIатдер ду, оцу Нохчийн махкахь,
ТIаккха Нохчийн къам кхетар ду,
Делан некъ боцург, дуьнен чохь некъ боций,
Оцу новкъахь шаьш чIагIдала ва дезий.
Шаьш оцу новкъахь чIагIдала,
Шайна хьалха вала, Делан лаамца, стаг везий,
Делан лаамца бен, шайна хьалха вала и йиш йоций.
Эвлаяаша, маликаша царна гIо дийр ма ду
Шайна хьалха вала веза стаг къасто.

400. И стаг хила ма веза дог цIена ва волуш,
Бусалба дин шеца ва долуш,
Бусалба гIиллакхаш шеца ва долуш,
Далла дукха везаш, шен халкъана беркате хир волуш,
Шен халкъах къинхетам ва болуш,
Шена Дала делла цIий цIена ва долуш,
И цIий, дегIан пхенашкахула дIалелош долу Са
Нохчийн ва долуш.

401. Ишта стаг бен, оцу Везачу, Воккхачу Дала
Нохчашна хьалха кхин стаг волуьйтур вац.
ДIаевлира и хенаш, халонаш, баланаш лелийна зама.
Дала шен жима къам къинойх цIандина,
Делан диканиг бен, кхин хIума хила йиш йолуш дац.

402. Дала шайна хьалха воккху волчу стаге аш ладогIалаш,
Цо дуьгур ду шу бусалба новкъа,
Цо йийр ю шуна Нохчийн махкахь ялсамане.

403. И муха хуур ду-те, и мила ву, аьлла, шун ойла хир ю.
Шу дукха Iехийна бусалба дог доцчара.
Шу цунах кхера ма кхералаш, дIаевлла, шуна, и хенаш -
Керста дог долчу наха шу Iехон хенаш.
Шуьца цхьаьна ву шуна и Везан ва Дела,
Цуьнгара хаам хир бу шуна
Нохчийчу бахкийтиначу эвлаяашкахула, маликашкахула.

404. Оцу стагехула дуьненан даьхни
Дала шуна оьшуьйтур дац, шуна.
Оцу стагехула Дала шуна
Ялсамане йийр ю Нохчийн махкахь.
Делаш Дала бохург, делаш Дала шайна
Хьалхаваккха ваийтинчу стага бохург.

405. ХIинца дуьйна Дела щуьца ву, шуна.
Дела шуьца велахь, Делан рицкъ шуьца ду, шуна.
И рицкъ Ас шуна луш ду, шуна,
Бусалба дин чIагIдалийта.
Бусалба гIиллакхаш дуьнен чохь дIадовзийта,
Бусалба дин а, бусалба гIиллакхаш а
Дуьнен чохь шуьгахула Ас дIадаржор ду, шуна.

406. Аш гайта деза, шуна, и бусалба гIиллакхаш.
Бусалба воцург, шун бусалба гIиллакхаша
Бусалба воккхур ву.
Цул цIений, дикий хIума Дала кхоьллина
Дуьнен чохь доций, царна хуур ду.

407. Царна а луур ду ялсаманехь ва баха,
Цигахь баха, церан къахьега дезар ду,
Бусалба ва новкъахь, Делан новкъахь
Иштта дIахIуттур ду дуьнен чохь бусалба дин.

408. Дуьнен чохь бусалба дин дIахIоьттича,
Дуьненан ялсамане хир ю, къаьмнийн цIий цIанлур ду,
ДегI дика лелар ду, хенаш нехан яхлур ю.
Дуьненан Iалам толур ду, хIаваъ цIанлур ду.
Кхин хIун деза шуна хIокху дуьнен чохь?!

409. Дукха шуна дезарг Ас  шуна луш,
Бусалба, Делан новкъахь шу хилчахьана.

Цунах хаьий шуна, Дала хIумма а диц ца дойла,
Дела шадерриге а гуш вуйла, дIаяздеш вуйла?!
Дуьнен чохь шаьш хIор баьккхинчу когах
Жоп дала дезийла,
ХIор аьллачу дашах жоп дала дезийла.

410. Бусалба динца верг оьзда хила веза, шуна,
Оьзда воцуш верг бусалба хила йиш яц, шуна.
Доцца аьлча, цIий цIена хила деза,
ЦIий цIена делахь, Са цIена хир ду,
Са цIена делахь, цIийца бусалба хир ву.

411. И бусалба стаг Нохчийн къоман коьртехь хир ву,
Эвлаяаша шуна йийцинчу хенашна
Цо шу Делан гIоьнца тIекхачор ду,
Делан новкъа цо шу дIадуьгур ду.

412. Инзар къаьмнаш шух девр ду кIеззигчу ханна,
Нохчийн махкахь дIахIоьттинчу дуьненан ялсаманех.
Шун дахар гуш, шун бусалба дин гуш,
Шуна юххерачу къаьмнаша
Дуьххьара бусалба дин тIеоьцур ду,
ТIаккха царна юххехь болчара, Делан некъ гуш,
Церан дахар, бусалба дин тIеоьцур ду.
Иштта сиха дIасадаьржар ду
И бусалба дин, Делан некъ.

413. Цу некъаца баха ца лууш берш а хир бу,
Царна Дала шен кхел йир ю.
Цу кхелах вала йиш яц, шуна,
Я стигалахь а, я лаьтта бухахь а.

414. Ю, шуна, хIинца а хан, Дела къинхетаме ву, шуна,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш, шу хилахь,
Дела цхьаъ вар, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ вар,
Иза Къоран бакъ дар ду, шуна.

415. Къоран аш бакъ дахь, Товрат а, Забур а, Инжил а бакъ до, шуна,
Уьш бакъ дахь, пайхамарш бакъ бо, шуна,
Пайхамараш бакъ бахь, уьш Дала даийтина хилар бакъ до,
Уьш Дала даийтина хилар аш бакъ дахь,
Шу Делан новкъахь ду, шуна,
И боцург кхин дуьнен чохь некь бац, шуна.

416. Ларбелаш и некъ, гIолаш нийсачу новкъа,
Йисинарг дукха хан яц, шуна.
Цаларийнарг тIаьхьавуьсур ву, шуна.
ТIаьхьависинарг жоьжагIате гIур ву, шуна.

417. Шун хан ю, шуна, хIинца а шайна беза некъ къасто,
Делан некъ бу, шуна, — ялсамане некъ,
Иблисан некъ бу, шуна, — жоьжагIате некъ,
Муьлха некь къасто беза, иза шайна дика хуур ду шуна.

418. Дешар, йоза Ас шуна делла,
Когаш, куьйгаш Ас шуна делла,
Тоьллачарах пайхамараш Ас шуна эхийтина,
Эвлаяашка хьехарш Ас шуна дайтина,
Товрат, Забур, Инжил, Къоран Ас шуна даийтина,
Шуна кIелхьарадовла некъ Ас шуна ца битина.

419. Варийлаш, варийлаш,
Со дуьнен чу веана, шуна, Сайн гIоьнчашца,
Дуьне зен-зуламах, Iесачу нахах цIандан.

420. И цIандала цхьа некъ бен бац,
И некъ бусалба некъ, Делан некъ бу, шуна.
Делан некъаца верг ялсмане гIур ву, шуна,
Делан некъаца воцург жоьжагIате гIур ву, шуна.

421. Кхин дехар Ас шуьга дийр дац, шуна,
Аш къинош мел летадо, шу гал мел довлу,
Шу Делан новкъаца дIанисдан,
Ас пайхамаршца Делан йоза а доуьйтура,
Кхетар бацара-те хIинца а, олий,
Нохьа-пайхамара дехнарг кхочуш деш.
ТIаьххьара а, Ас Къоран даийтира шуна
Мохьмад-пайхамарца (с.I.с.),
Цул хьалха даийтинарш аш эвхьазадаьхна дела,
Делан йоза хийцина дела.

422. Къоран, йоза хийца йиш йоцуш, даийтира Ас,
Цундела Къоран тIехь дерг
ЦIена Дала даийтина йоза ду,
Дала даийтина дин ду.

423. И дин дуьнен чу дIахIотта йисина хан,
Йолчуьнга хьаьжча, ян а яц, шуна.
Сихлолаш бусалба дин тIеэца,
Бусалба динца бен, шун къинош
Шуна тIера дIадоьвр дац, шуна,
ТIаккха бен Дела къинтIера вер вац шуна.
Дуьнен чохь хила езаш йолу кхел
Са мел долчу хIуманна хила езаш ю, шуна.
Са доцуш хIума дуьнен чохь яц, шуна.

424. Дуьне кхуллучу хенахь,
Дала дуьххьара синош кхоьллина,
И Синош вовшах доьзна ду.
Уьш вовшах доьзна дацахьара,
Тахана дуьне хир дацара.
Иштта, дуьнен чохь мел йолу хIума
Дала, гезиган маша санна, вовшах тесна ю.

425. ХIор Са мел долчу хIуманна
Дала тIедиллина декхар ду,
И декхар кхочуш дан дезаш ду.
Дала шайна тIе ма-диллара,
И кхочуш ца диначуьн
Делан кхелехь жоп дала дезар ду.

426. Дуьнен чохь са мел долу хIума
Вовшах тоьшалла деш хир ю.
ТIаккха хаьий шуна,
Къайла хIума даха йиш йоций?!

427. Оцу Везачу Дала иштта
ЧIогIа кхоьллина дуьне ду, шуна, хIара.
Иблисе а я цуьнца тайна болчу нахе а
ХIаллакдайта йиш йолуш дуьне дац, шуна, хIара.
Дуьне цаьрга хIаллак ца дайта,
Дала царна кхел йийр ю,
Дуьне царах паргIатдоккхур ду.

428. Шу хаза, дика дехар ду,
Дуьненахь шайна хIума ца оьшуш,
ХIинццалц шаьш лелийначунна дохко ва дуьйлуш,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш.

Амин   

2.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

429. Дуьнен чохь дехаш дара цхьа жима хаза къам.
Кхуллучу хенахь, цIий бусалба долуш кхоьллина дара иза,
Маликийн, пайхамарийн мотт багахь болуш кхоьллина дара иза,
Дуьнен чу даьлча, Нохьа-пайхамаран цIе цунна тиллинера.
Дуьненан даьхни ва делла, бусалба ва динехь,
Хаза, дика дехаш Iаш дара и жима Нохчийн къам.

430. ГIиллакхаш церан бусалба дара, ялсаманера,
Хьаша-да цара тIеоьцура, шайн ваша ва санна.
Кхаа дийнахь, кхаа бусий хьошалла дора цара,
Хьо мичара ву, лаа лелий, ца олуш,
Веанчу хьашас ша схьааллалц,
Дуьххьара царна и гуш велахь а, и царна хьаша вара.

431. ГIийлачу-мискачу стагана
Я Дала кхоьллинчу садолчу хIуманна,
Уьш тIехбевр бацара, накъосталла ца деш.
И чIогIа гIиллакхаш царна Дала
Ша дуьнен чу уьш кхуллучу заманахь делла дара.

432. И гIиллакхаш дара — ялсаманера гIиллакхаш,
И гIиллакхаш дара — бусалба гIиллакхаш.
Царна моьттура, массо а къаьмнаш,
Шаьш санна, дегнаш цIена долуш ду.
Царах теша а тешаш, цара тешнабехкаш а беш,
Дукха хIаллакдайтина и Нохчийн къам.

433. ГIийла-миска волу стаг тIелаьцча,
Ша вуза ма вуьззинехь, бусалба дин дуьйцуш,
Шен дог керста делахь а, тешнабехк бой,
ХIаллакдойтуш хилла и жима Нохчийн къам.

434. Иштта бIешерашкахь схьадогIуш ду,
Нохчий Iехабеш, хIаллакбеш болу.
Делан гIоьнца, шаберш хIаллак ца балуш,
ХIинца а схьабогIуш бу.

435. Уьш хIаллакбеш болчарна хаьа, шуна,
Нохчий хIун къам ду,
Дала уьш хаьржина бусалба дуьнен чу кхоьллина буй,
Уьш цхьана дикачу хIуманна Дала латтош буй,
Цундела Дала шайга уьш хIаллакбойтур боций.

436. Делахь а, шаберш шайга хIаллак ца балахь а,
Стамболуьйтур бац шаьш хIорш,
Уьш дуьнен чохь баржахь, дуьне бусалба хир ду,
Дуьненан рицкъ а цаьргахь хир ду, бохуш,
Стамдала ца дуьту и Нохчийн къам.

437. Оцу ямарт болчу нахана,
Делан ницкъ чIогIа буй, хIинца а ца хаьа.
Дала ша бусалба кхоьллина къам
Кхоьссина дуьтур доций, царна хаа дезара.

438. Шен хан йоцуш хIума доций, хаа дезара царна,
Дела ца гуш Iийна вац церан халонаш, баланаш,
Оцу жимачу къомо Нохьа-пайхамарца
Шайна тIелаьцна нехан къинош дара,
Дуьне хIаллак ца дайта оцу Воккхачу Деле.

439. И къинош бахьанехь хьегна ду
Нохчийн жимачу къомо и Iазап.
Оцу къиношна Дела царна къинтIера валлалц,
И Iазап хьега дезаш бара уьш.
Iесачу нахана ца хаъара, Дела, шена лаахь,
Къинхетам бан йиш йолуш вуй а,
Царна орцахвала йиш йолуш вуй а.

440. Оцу везачу Дала кхин хьийзадойтур дац
И жима Нохчийн къам.
Дела царна къинтIера ваьлла,
Ша кIинтIера валарца, орцах а ваьлла.

441. Дала шен тешаме гIоьнчий бахийтина Нохчийчу,
И мохк мунепакъех, Iесачу нахах, зуламхойх цIанбан,
Цул тIаьхьа, паргIат а баккха, аьлла.

442. Дала шайна тIедиллина долу декхар
Цара кхочуш дийр ду,
Дуьхьалваьлла волу стаг,
Делан Iожал а кхаьчна, жоьжагIате гIур ву.

443. ХIинца дуьйна оцу Нохчийн къомана,
Делан пурба доцуш, вон хIума дан
Дуьнен чохь а, эхартахь а стаг вац.
Иштта лардо Дала шена дукха деза къам,
Бусалба Нохчийн жима къам.

444. Дала, ша дуьнен чу кхуллучу хенахь,
Шена тIе диллина хилла долу декхар,
Бусалба дин, бусалба гIиллакхаш дуьнен чохь даржор,
Дала мукъалахь, кхочуш дийр ду,
И кхочуш дан, Дала ницкъ лур бу
Нохчийн жимачу къомана.

445. ХIинццалц Ас лачкъийна хIунда латтийна
И жима къам, Ас дуьйцур ду шуна.
Со къинтIера валаза, Со и дийца йиш йолуш вацара.

446. Со къинтIера а валале,
Айса и жима къам дуьнен чу хIунда кхоьллина,
Ас адамашна хаийтинехьара,
И жима къам хIаллакдина хир дара.
Шайна дуьненахь Дала тIедиллина хIума
Церан кхочушдойла а хир дацара.

447. ХIинца Со царна къинтIера ваьлла,
ХIинца Со царна орцах а ваьлла,
Сайн гIоьнчий жимачу къомана
ГIо дан бахийтина Ас Нохчийн махка.
Цара и мохк боьхачу, Iесачу хIуманех цIанбийр бу.

448. Кхин царна вон хIума дан дуьнен чохь ницкъ хир бац,
Ша Делан ницкъ бен. Со къинтIера валаза,
Царна накъосталла дан йиш йолуш вацара.
ХIинца Ас гойтур ду шуна, Дела ницкъ мел бу.
Кхин хьийзадел Далла дукха дезна,
Бусалба цIийца дуьнен чу кхоьллина жима къам.

449. И Къоран тIехь дуьйцуш долу жима къам лоьхуш,
Дуьненан паччахьаша дукха къахьегна, шуна,
Царна и хаийта йиш яцара,
КъинтIера вала веза хан тIе ца кхаьчча.

450. Тахана дуьйна шайна паргIат Iийр ду шу,
Шуьца Дела ву, шуна.
Шу Ас лардийр ду, шуна, шайна
Дала тIебиллина некъ аш дIахьойша.

451. Тахана Ас эр ду шуьга,
Къоран тIехь дуьйцуш долу жима къам —
Нохчийн къам ду, шуна.

452. Ларалаш, дезалаш и жима къам,
Цу къомаца ву, шуна, и Воккха ва Дела.

453. Диталаш и жима къам маьрша даха,
Диталаш и жима къам паргIат даха.
Цу къомана новкъарло ян гIоьртинарг
Делан мостагI ву, шуна,
Деле ла цадоьгIнарг Делан мостагI ву, шуна,
ЮхьIаьржа хIуттур ву, шуна.

454. Эзар шерашкахь
Шуьга хIаллак ца даделла къам,
ХIинца Дела накъост церан хилча,
Далур ду, аьлла, хетий шуна?!

455. БIешерашкахь аш,
Къоран тIехь дуьйцуш долу жима къам лоьхуш,
Дуьнен чохь дукха къаьмнаш хIаллакдина,
Цхьадерш дуьнен чуьра дIадайна.

456. Цундела дара Ас и жима къам шух лачкъийна,
ХIетте а, Дала Къоран тIехь дуьйцуш дерг
И жима Нохчийн къам дуй шайна ца хуъушехь,
И хиларна кхоьруш, и хIаллакдан гIертара шу,
Цхьацца бахьанаш а дохуш.

457. Шуна ма ца хаьара, Дала и кхуллучу хенахь,
Шуьга хIаллакдалур долчу агIор кхоьллина ма дацара.
Церан Са хIаллак ца дича,
Уьш хIаллакхила йиш йолуш ма бацара.

458. Са хIаллакдалур долуш, цхьа Дела бен,
Дуьнен чохь а, эхартахь а стаг вац.
ТIаккха хаьий шуна,
Со хIинца къинтIера царна ваьллачул тIаьхьа,
Ас, и къам халлак, боху аш-м,
Цунна тIе моза а хоуьйтур боций.

459. Царна тIе моза хаийта шу гIортахь,
Ас шу шайн халкъаца хIаллакдийр ду.
Цул а цаьрца хаза, маьрша даха хьажа шу,
Уьш оьшуш хан шуна йогIур ю, шуна.
Нагахь санна уьш къинтIера ца бовлахь,
ЖоьжагIате бен некъ бац шуна.
   Амин

12.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

460. Шу цаьрга дехарш дан эха деза хенаш гена яц шуна.
Шайн бехк шайна тIе а лаций, могаш-маьрша,
ПаргIат даха дита и Нохчийн жима къам.
Церан цIий, сай маьрша бен хила йиш йолуш дац.

461. Уьш маьрша бен, бахалур болуш бац,
Маршо яцахь, церан дуьнен чохь самукъадер дац.
Маьрша уьш хилахь, дукха адамаш
ЖоьжагIате боьлхучуьра кIелхьарадевр ду.

462. Бертахь я барт боцуш,
Уьш маьрша хила безаш бу.
Бертахь а хилахь, цара аьлларг кхочуш а дахь,
Уьш шуна къинтIера бевр бу.
Шу реза ца хилахь уьш паргIат бита,
Шайна зен а деш, юьхьIаьржа а хIуьттуш,
ПаргIат бита безар бу, шуна.
Девнаца буьтучул, бертахь битар гIоле ю, шуна.

463. Шу Делан новкъа доьлхуш хилахь,
Дуьнено паргIат садоIур ду, шуна.
Оцу жимачу къомах доьзна мел дукха хIума ду?!

464. Таханлерачу дийнахь оцу жимачу къомо,
Шадоллу дуьне шена дуьхьал далахь а,
Делан некъ чекхбаккха безаш бу.
И Делан некъ чекх ца баккхийта,
Ша Дела воцург, ницкъ болуш а вац.

465. Ма къийсалолаш оцу Воккхачу, Везачу Делаца,
ГIолаш цуьнан новкъа, дуьне шайна дезахь,
И цхьаъ бен, дуьнен чохь некъ бац, шуна,
Делан некъ бен.

466. Ларбелаш и некъ, сихлолаш оцу новкъа тIе кхача.
Цу новкъахь бен гур яц шуна дуьненан хазалла а,
ПаргIат, маьрша дахар хIун ду,
Ялсамане гIиллакхаш, бусалба дин.

467. ХIор заманахь, шен замане хьаьжжина,
Ас шуна дин доуьйтура (бусалба).
Хан хене мел йолу, аш Дала даийтина дин
Харцахьа доккхура, нийса ца леладора,
Дала ша схьа ма-даийттара.

468. ТIаккха Дала даийтира Мохьмад-пайхамарна (с.I.с.) Къоран,
Дуьнен чохь а, эхартахь а
Дела воцчо хийца йиш йоцуш.

469. Мохьмада-пайхамара, Делан салам хуьлда цунна,
Дуьнен чохь дIасадаржийра Къорано бохург,
Бусалба дин, Дала бохург.
Адамаша сиха тIеоьцура бусалба дин,
ХIунда аьлча, дуьнен чохь Къорано бохург дахь,
Дуьнен чохь, ялсаманехь санна, Iийр бу уьш.

470. Амма массарна а ца хаьа и,
Дала дукха рицкъ делла бусалба пачхьалкхашна,
И бусалба дин дуьнен чохь ца девзачу меттигашкахь
ДIадовзийта йиш а, аьтто а хилийта.

471. Оцу паччахьашна моьтту,
Шаьш ламаз-мархий а дичахьана,
Шайн халкъалахь бусалба дин лелийчахьана,
Шайна Дала тIедиллина декхар чекхдолу.

472. И бакъ дац, царна Дала дукха рицкъ делла,
Царна шайна оьшучул а сов,
Дуьнен чохь бусалба дин даржадайта,
И ца девзаш волчунна довзийта.

473. Цара и кхочуш ца до, Делан некъ
Лело ма-беззара, лела ца бо.
Оцунна а Далла хьалха жоп дала дезар ду,
Делан кхелах цхьа а вер вац.

474. Цундела шуна хаа деза, Дала шайна луш долу рицкъ
Шайна а, шайн халкъана а, бусалба динна а, аьлла, луш хилар.
Цунах цхьаъ аш кхочуш ца дича,
Шу Дела Iехо гIерташ дерш хуьлу,
Делан новкъара галдевлла хуьлу.

475. Дуьнен чохь хIинца кхин зама тIееана шуна,
ХIара бусалба динан зама ю, шуна.
Дала делла рицкъ,
Нийса лело цахуучаьргара схьа а доккхуш,
Лело хуучаьрга дIалур ду, шуна,
Цул тIаьхьа Дала барт а хоттур бу цаьрга.

476. Лело цахаар - иза, бусалба динехь ма-баххара,
Къорано ма-баххара, лела цадар ду, шуна.
Бусалба динехь цара и лелийнехьара,
Цара иза мел дукха бусалба новкъахь дайича а,
Цара и дайа мел дойу а, тIекхеташ хир дара, шуна.
Цу новкъахь ца леллачуьнан гали дассалур ду.

477. Керлачу эзар шарахь дуьне
Зуламхойн карара дIадала дезаш ду,
Зуламхошца дуьнен чуьра зулам а дIадер ду.

478. Зулам а, зуламхой а дIабевлча,
Дуьнен чохь бусалба дин хир ду.
Дела цхьаъ а веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ а веш.

479. И хенаш генара хенаш яц, шуна,
Далла бохург аш сиха мел до а,
И хенаш юххегIертар ю, шуна.
Уьш юххе мел гIерта а,
Шуна Дела юххехь хуьлу, шуна.
Дела юххехь мел хуьлу,
Къинош кIезиг хуьлу, шуна.
Къинош кIезиг мел хуьлу,
Бусалба дин чIагIло, шуна,
Бусалба дин чIагI мел дели,
Шу Делан новкъахь ду, шуна,
Делан новкъахь шу мел ду,
Дела шуьца цхьаьна ву, шуна,
Дела шуьца цхьаьна мел ву,
Шуна дуьненахь а, эхартахь а
Цхьана хIуманна кхерам бац, шуна,
Оццул чIогIа ду шуна бусалба дин.                Амин

  12.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

480. Дуьне Айса кхоьллинчул тIаьхьа,
Дуьнен чу адамаш а, кхин садолу хIуманаш а
Кхоьллира Ас, уьш вовшех ерриш йозуш а йолуш.
Цхьа хIума царна юккъера дIакъастийча,
Цхьа меже дIаяьлча санна а хетар долуш.

481. Адамашна делира Ас бусалба дин,
Цу тIехь Ас хаийтира царна,
Дуьнен чохь мел долу хIума кхоьллинарг
Воккха Дела вуйла а.

482. Делах тешнарг бусалба дин лело волавелира,
Цатешнарг иблисо харц новкъа вигира.
Уьш дуьнен чохь нийсачу новкъа (Делан новкъа)
Бахийта гIерташ, пайхамараш ихийтира Ас дуьнен чу
Бусалба дин даржо,
Дуьнен чохь Дела цхьаъ хилар бакъ деш.

483. Пайхамарашкахула Делан дош а,
Йоза а доуьйтура Ас, дуьненан къаьмнаш кхето.
Цхьаберш, кхета а кхетта, бусалба новкъа бевлира.
Важаберш, иблисана тIаьхьа а хIуьттий,
Харц новкъа дIабоьлхура.

484. Цундела дуьнен чохь харц некъ лелош берш а,
Зулам а дукха ду.
Кхин дIа дуьнен чохь зулам дIадахийта йиш яц,
Зулам дуьнен чуьра дIадала дезаш ду.
Зулам дуьнен чохь дукха IаьIна,
Зуламхой дукха болу дела, и зулам дIадаккха,
Со, сайн гIоьнчий а балош, дуьнен чу веъна, шуна.

485. Зулам дIадаьккхиначул тIаьхьа,
Бусалба дин дIахIуттур ду дуьнен чохь,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш.

486. Мохьмад-пайхамарна даийтинчу
Къоран тIехь дерг кхочуш деш хиллехьара,
Дуьнен чохь ялсамане хир яра.

487. Мохьмад-пайхамаре даийтинчу Къорано хIун боху?
Дуьнен чохь массо а пайхамар Дала ваийтина а ву,
Дуьнен чохь цхьаъ бен Дела а вац,
Я хила йиш а яц, боху.

488. Цул хьалха бахкийтинчу пайхамарша хIун бохура?
Цара бохуш дерг а дара изза:
Дела цхьаъ ву, кхин хила йиш а яц.

489. ХIетте а, цхьа Къоран диссалц,
Важа шайна даийтина динах йозанаш,
Делан дош, хийца а хуьйцуш,
Шайна лело атта долчу агIор,
Шайна пайденна хир ду, аьлла, хетачу агIор
ДIа а нисдеш, галдаьккхина.

490. И Со сайн гIоьнчашца,
Сайна дукха дезаш долчу жимачу къомаца
ДIанисдан дезаш ву,
Дуьнен чохь Нохьа-пайхамаран зама юха ца яло.

491. Дуьххьара, зулам Нохчийн махкара арадоккхур ду,
Уьш паргIатбевлча, уьш Делан накъостий а болуш,
Дуьне зуламах цIандийр ду,
Зулам дIадаьллачу меттехь,
Бусалба дин хIуттуш дIагIур ду.

492. Иштта, Воккхачу Дала ша кхоьллинчу дуьненахь
Адамашна паргIат даха аьтто бийр бу,
Цхьа вежарий, йижарий санна.

493. Вежарий, йижарий муха хила беза,
Нохчийн махкахь хуур ду, хIунда аьлча
Церан бусалба гIиллакхаш цIийца ду, чIогIа ду.
ГIиллакх доцуш верг, оьзда воцуш верг,
Цо мел дукха ламазаш дахь а, бусалба вац.

494. Бусалба стеган, дуьххьара, дог цIена хила деза,
Дог цуьнан цIена хилар, иза ах бусалба лара мегар ду.
Дог цIена доцуш верг, бусалба хила йиш яц,
Дог цIена дацахь, цо динчу ламазах а дан хIума дац.

495. Делан новкъа вогIу стаг шен дагца,
ЦIийца хила везаш ву Делан новкъахь.
Иштта и ца хилахь,
Иза Дела Iехо гIерташ волу стаг ву.

496. Дуьнен чохь а, эхартахь а
Дела Iехо стаг вац, хила йиш а яц.
Дела цхьаъ а веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ а веш,
Дог цIена а долуш волу стаг,
Ялсамане, барт а ца хоттуш, гIур ву.
Оццул чIогIа лоруш ду Дала дог цIена хилар.

497. Дала лардойла вай дог цIена доцчу адамах!
И дог цIена доцу нах бу хIокху дуьненахь
Зуламаш, тешнабехкаш лелош берш.
И нах бахьанехь хуьлуш ду дуьнен чохь
Вон мел долу хIума.

498. Цундела коьрта Iалашо сихха церан дегнаш цIандар ю,
Цу тIера Iаьржа марха дIаяккхар ю.
И Iаьржа марха дIаяьллачул тIаьхьа и цIена а, бусалба а ву.
Дуьнен чохь Дала цунна хIума а оьшуьйтур дац.
                Амин

 14.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

499. Де дийне мел долу дуьнен чуьра Iаьржа мархаш
КIайяла йоьлла, адамийн дегнаш цIандала доьлла,
Дуьненахь къаьмнашна тIехь куьйгалла деш болу нах
Кхета боьлла, зулам гена дIадаха йиш йоций.

500. Цундела цара шайн дегнаш цIандан дезар ду,
Ца цIандахь, церан меттана Везачу, Воккхачу Дала
Дог цIена нах хIиттор бу.

501. ХIокху кхоалгIачу эзаршарахь дуьнен чохь
ЦIена, дика, хаза, бусалба хIума бен
Чекхдала йиш яц, и чекхдоккхуш,
Дала шен гIоьнчашца гIо дийр ду нахана.

502. Дуьххьарлера Делан лаам  бу кхоалгIачу эзаршарахь:
Везачу Дала шен гIоьнчий
Жимачу къомана гIо дан бахийта,
Нохчийн мохк зуламах, зуламхойх цIанбан бахийта.

503. Цара Нохчийн мохк цIанбинчул тIаьхьа,
Дуьнен чохь, хаа а луш, адамашна а,
Акхарошна а, дуьнен тIоьхула хьийзаш йолу
И Iаьржа мархаш цIанъяла йолалур ю.

504. ХIунда аьлча, и жима Нохчийн къам,
Дала шен гIончий а бахийтина,
ПаргIат ца даьккхинехьара,
Оцу Iаьржачу мархаша дуьне Iарждан кхерам бара,
И хIаллакхила а кхерам бара.

505. Дуьнен чу кхуллучу хенахь,
Дала шена тIе диллина декхар а долуш,
Кхоьллина дара и жима къам.
Жима къам хIаллакхилахь,
Дуьне а хIаллакхила дезаш ду.
Цундела Дала жимачу къомана
ГIо дан шен гIоьнчий бахийтина,
Дуьне хIаллак ца хилийтархьама.

506. Везачу, Воккхачу Дала дуьнен чу адам далар,
Эхарта дIадахар Делан лаамца бен хила йиш яц.
Жима къам ша Дала кхуллучу хенахь,
Дуьне лаьтташ мел ду, даха кхоьллина дара,

507. И дуьнен чуьра дIадала йиш йолуш дац,
Дала тIедиллина долу декхар кхочушдаза.
И декхар церан кхочуш хир ду, дуьнен чохь
Бусалба дин, бусалба гIиллакхаш дIахIиттича.
Жимачу къоман санна, бусалба дин, бусалба гIиллакхаш долуш
Дуьнен чохь къам дац.

508. Бусалба гIиллакхаш дуьнен чохь дIахIоьттича,
Адамашначул а, акхарошна а, кхин йолчу
Са мел долчу хIуманна а хазахетар ду.
ХIунда аьлча, царна а хууш ду, дуьнен чохь
Бусалба дин, бусалба гIиллакхаш дIахIиттинчу дийнахь,
Дуьненахь ялсамане хир юй а,
И ялсамане шайна а кхочур юй,
Зен-зулам ялсаманехь хила йиш йоций,
Дуьнен чохь адамера шайна хилла кхерам,
Кхин шайна хир боций.

509. Дала жимачу къомана тIедиллина хилла долу
Коьрта декхарца дуьнен чохь ялсамане дIахIуттуш,
Дуьххьара Нохчийн махкахь дIахIотта езаш ю,
Цул тIаьхьа цаьргахула дIаяржа езаш а ю.

510. ТIаккха хаьий шуна, жима къам шаьш мел лара деза?!
Иза а шадерриге а дац, шуна,
Ас жимачу къомах лаьцна дийцинарг.
Массо хIума а шен-шен хенахь хуур ду шуна.
                Амин   

14.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

511. Везачу Дала дуьнен чу кхоьллина хаза мохк
Тахана холчохь бу.
Доьху оха ва хьоьга, Хьо орцахвалар,
Доьху оха ва хьоьга, Ахь къинхетам ва бар.

512. Тхан ницкъ ца кхочу тхайн махкана орцахдовла,
Тхан ницкъ ца кхочу тхайн латтана орцахдовла.
Ма хала хIума ду, тхан махко тахана ловш дерг,
И мохк боцчуьнга, лалур долуш хIума ма дац иза.

513. Далла дукха безна мохк иза бацахьара,
Дала цхьана диканна латтош иза бацахьара,
Ма лалур дацара цуьнга тахана шена тIекхаьчнарг.

514. ТIедетта даш-м хала дацара цунна,
ТIоьхула лела аьчгаш хала яцацара цунна,
Шена тIоьхула лела Iеса нах лан хала ду-кха цунна,
Кхуллушехь, бусалба кхоьллина мохк болу дела.

515. Дала кхечу дуьненачу воьду неIарш цу махкахь йина дела,
Дала тIедиллина дукха хIума шайна долу дела,
И кхочуш ца дича, шаьш довлуш доцу дела,
Даг чу кхерам тесна-кха тхуна, ва Везан, Воккхун Дела.

516. «Со орцах веъна шуна, бусалба махкана,
Шу кхера ва оьшуш хIума ва дац, шуна,
Бусалба махкал чIогIа хIума дуьнен чохь дац, шуна,
Цо ловр доцуш хIума а дуьнен чохь дац, шуна.

517. Шу паргIат хила, Ас Сайн гIоьнчий бахкийтина шун махка,
Цара и Далла дукха безна мохк цIанбийр бу, шуна.
Зен-зулам цигара дIадоккхур ду, шуна,
Iесачу нахах и мохк цара цIанбийр бу, шуна,
Шун махко садаIIалц, уьш шуна гIо деш хир бу, шуна».

518. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Халонаш-м лан Со Iемина мохк ма бара,
Уьш лайта ницкъа-м Ахь суна ма беллера,
Соь ца лалуш дерг, сан дог делхар,
Цу Iесачу наха дукха чамбоцуш,
Далла дукха дезна латта хьешар ду-кха.

519. Оцу латтано кхиийна хьаннаш цара елхайара дукха,
Оцу лаьтта тIехь хьала мел йолуш йолу хIума,
Кхин тоха са доцуш, йоьлхуш ю-кха,
Со кхоьрург-м, Ахь накъосталла ца дахь,
Церан делхарх охьаоьхуш долчу хих, хIорд а хилла,
Далла дукха беза мохк хIаллакхиларна кхерар дара.

520. «Хьо паргIат хила хьо, Далла дукха беза мохк,
Ахь сагатдан ца оьшу, хьуна,
ХIокхул тIаьхьа жимачу махкаца Дела ву, хьуна,
Делан ницкъ чIогIа буй, царна хуур ду, хьуна.

521. Кхин жима мохк хьийзо, ницкъ болуш хIума
Дуьнен чохь хир дац, хьуна, тахана дуьйна
Воккха Дела юххехь хир ву, хьуна.
И шадолу хIума Со гуш ву, хьуна,
И шадолу хIума Со хууш ву, хьуна.

522. Жимачу махка тIехь мел долу хIума
Доьлхуш, гуш Со ву, хьуна,
Хьаннаш тIера зингатана тIе кхаччалц.
Церан бIаьргех охьаоьхуш долу хиш
Ас латтане дIахудуьйтуш дацахьара,
Жима мохк, боху ахь-м,
Дуьненах а хIорд хир бара, хьуна.

523. Хьо хIаллакбан гIертаран, шен бахьана ду хьуна церан,
Царна дика хаьа, хьуна, Хьо Далла дукха безна мохк буй,
Царна дика хаьа, хьуна, жима къам эзар шерашкахь
Шайга хIаллак цадаларан бахьана.

524. Цхьаъ, мохк чIогIа хилар ду, оцу махко санна,
Ницкъ луш меттиг дуьнен чохь яц.
Оцу махкана а, цу махка тIехь мел долчу хIуманна а,
Дала луш болу ницкъ дуьнен чохь цахилар ду.

525. Цхьа хIума ца хаьа царна,
Делан ницкъал тола дуьнен чохь хIума доций.
Делаца ницкъ къоьвсинарг юьхьIаьржа хIуттур вуй.
ХIинца хаа ду хьуна,
Дела цхьаьна волчу хIумано сагатдан ца оьший.

526. Жима къам, жима мохк дуьнен чу кхоьллинарг
Воккха Дела ву, и шиъ вовшахдала йиш йолуш дац.
Жимачу къоман ницкъ жимачу махкаца бу,
Жимачу мехкан ницкъ жимачу къомаца бу.

527. И шиъ цхьаьна долуш, Делан боцург,
Уьш эшо ницкъ бац.
Жима - мохк дегI ду, шуна,
Жима къам - цуьнан Са ду, шуна.
Делан лаамций бен, и шиъ вовшахдала
Йиш йолуш дац, шуна.

528. ХIинца хаьий шуна,
Дуьнен чохь мел йолу хIума Дала кхоьллина юй,
Дуьнен чохь мел йолу хIума Са долуш юй,
Са мел долу хIума бусалба хила езаш юй,
Бусалба мел йолу хIума Делаца юй,
Делаца мел йолчу хIуманца Дела цхьаьна вуй,
Дела цхьаьна волу хIума паргIатхила мегар дуй?!

529. Жимачу къомой, жимачу махкой
ХIинца дуьйна сагатдан ца оьшу,
Со къинтIера шуна ваьлла,
Со орцах шуна ваьлла,
Шуна лууш дерг дуьнен чохь кхочуш хир ду, шуна.

530. Шуна Дала тIедиллина хилла декхар,
Аш чекхдоккхур ду, шуна,
И хан шун тIекхаьчна, шуна.

531. Шун кхин дIадолу дахар шайна гича,
Кхин долу къаьмнаш хьоьгуш хир ду шун дахарх,
Эзар шерашкахь аш хьегна къа-бала,
Халонаш шаьш хьегна елара, тIаккха шаьш а,
Iийр дара-кха иштта дика, бохуш.

532. Ма ца хаьа-кха цу къаьмнашна,
Дала жимачу къомана жимачу махкахь
Елла ялсамане, хIунда елла ю,
Ялсаманехь хила, шайна хIун оьшу.

533. Жимачу къомо царна и хьоьхур ма ду:
Бусалба дин шуьца хила ма деза,
Бусалба дегнаш шун хила ма деза,
Цун деган пхенаш чухула лелаш
ЦIена цIий хила ма деза.

534. ЦIена цIий шун хилахь, Са цIена хир ду шун,
Са цIена ва хилахь, бусалба гIиллакхаш хир ду шун,
Бусалба гIиллакхаш шуьца хилахь,
Делан новкъахь хир ду шу,
Делан новкъахь шу делахь, ялсаманехь шу хир ду.

535. Оцу новкъа шу сиха довла, шайна ялсаманехь Iан лаахь.
Ялсаманехь Iан ца луучарна, кечйина жоьжагIате а ю шуна.
                Амин   
         
15.07.2001   БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

536. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Харцонаш ма дукха ю-кха хIокху дуьнен чохь,
Рицкъах шайн Дела вина адамаш
Ма дукха ду-кха хIокху дуьненахь,
Рицкъах шайн къам духку нах
Ма дукха бу-кха тхуна юккъехь.

537. Оцу нахах Ахь тхо цIандича,
Са паргIатдер дара-кха тхан.
Оцу нахах Ахь тхо цIандича,
Зен-зулам тхан махкара арадер дара-кха,
И нах тхуна юккъера дIабоьвлча, Iесачу нехан
Далла дукха безна мохк хьеша
Бахьана хир дацара-кха.

538. Валахьа орцах, цIанбехьа тхан мохк оцу нахах,
Са мел долу хIума жимачу махкахь паргIатъер яра-кха,
Доккха Са доккхур дара-кха цара.

539. Рицкъах Дела вина нах дукха буй, ма хаьа Суна.
Рицкъах шайн къаьмнаш духку нах
Дукха буй, ма хаьа Суна.
И нах Ас шуна шайна а бовза ма бовзийтира,
Ца до-кха аш шайн даго бохург,
Лергашна хезначун тIаьхьа шу хIуьтту.

540. Аш шайн дегнаша бохург дахь,
Шу нийсачу новкъахь хир ду, шуна.
Аш лергаша бохург дахь,
Рицкъах Дела винчу нахаца хир ду шу,
Уьш иблисаца тайна нах бу,
Царна тIаьхьа хIоьттинарг,
Харцновкъахь хир ву, Iазапера а вер вац.

541. Далла дукха дезна къам хьо ва долу дела,
Далла дукха безна мохк хьо ва болу дела,
Ас оцу нахах цIанбийр бу шун мохк,
Кхин дуьнен чохь шу долчу юхабахка пурба доцуш,
И нах шун махкара дIабоьвлича,
Хазачу дахаре некъ Ас шуна схьабоьллур бу.

542. И некъ схьабоьллу хан тIекхаьчна, шуна,
Шун мохк боьхачу хIуманех цIанбеш бу, шуна,
Iеса нах цу латта тIехь лела йиш йолуш бац, шуна,
Кхин дуьнен чохь мел дукха шу дахарх,
Зуламца Iеса стаг шу долчу вогIур вац, шуна.

543. Цхьа хан йогIур ю, шуна, иза юххехь ю, шуна,
Уьш шу долчу шу къинтIера даха оьхуш,
Цигахь аш йина кхиэл царна хир ю, шуна.

544. Оццул чIогIа Далла шу дезна,
ЧIагIлолаш Делан новкъахь,
ЧIагIделаш шайн бусалба гIиллакхаш,
Бусалба гIиллакхаш шун цIийца ду, шуна.

545. Дукха къахьегна, шуна, Iесачу наха,
Шун гIиллакхаш дуьнен чуьра дIадайа гIерташ,
Дукха рицкъ дайина, шуна,
Шун гIиллакхаш хIаллакдан гIерташ.

546. И бусалба гIиллакхаш шун цIийца долу дела,
Дан хIума доцуш, бисира уьш.
ТIаккха хьаьвсира уьш шу хIаллакдан,
Цара шайн рицкъаца шуна юккъера нах ийцира.

547. Рицкъах Iехавелла стаг,
Рицкъ бен, хIума гуш ца хуьлу.
Рицкъаш дIасакхуьссуш, уьш буьйлабелира,
ГIиллакхаш жимачу къома юккъера дIадаха.

548. Царна ва хаьара, жимачу къоман гIиллакх дIадалахь,
Дела царна орцах вала йиш йоций,
Церан ницкъ - бусалба гIиллакх дуйла.
Ма бакъ дацара царна ва моьттург.

549. Жима къам дуьнен чу кхуллучу ва хенахь,
Шайн дегIан пхенашкахула лелачу цIийца
Бусалба ва болуш, кхоьллина бара,
Бусалба гIиллакхаш церан цIийца ва дара.

550. Жима къам дийна мел ду,
Бусалба гIиллакхаш цаьрца хир ма ду.
Жима мохк лаьтташ мел бу,
Жима къам дийна хир ма ду,
Дела шайца цхьаьна волуш, Делан новкъахь.
Цундела хаа деза дуьнен чуьра зуламхошна,
Рицкъах Iехабелларш шун цIийца берш бу, шуна,
Жимачу къоман цIий долуш верг
Рицкъах Iехавала йиш яц, шуна.

551. Воккха Дела шен жимачу къомаца ву, шуна,
Жима мохк Воккхачу Дала цIанбеш бу, шуна,
Дала мохк цIанбича, маьршачу новкъа даха
Шуна атта хир ду, шуна.

552. Маьршачу новкъахь бен шун дахар хила йиш яц, шуна.
Дукха нах боьвр бу шуна, ша-ша бен,
Шу маьршачу новкъа дига стаг вац, бохуш,
Лергашца шуьга ша хьалхаваккхийта ва гIерташ.

553. Ма лолаш сиха, хIинца шуна хьалха волучу стага
Эвлаяаша бийцинчу новкъа шу дIадига деза,
Оцу стагаца Делан декхар аш кхочушдан деза.

554. Цу новкъахь Дала шуна маршо а, паргIато а,
Рицкъ а лур ду, дуьнен чуьра къаьмнаш цец а дуьйлуш.
ДогIалаш ла шайн дегнашка,
Шун дегнаша бохуш дерг Везачу Дала бохуш ду, шуна.

555. Шуна хьалха волучу стеган цIий
Жимачу къоман цIий хила деза, шуна,
И цIий лелош долу Са жимачу къоман хила деза, шуна.

556. ЦIий а, Са а жимачу къоман долуш верг
Аш хьалхаваккхахь,
Цо дуьгур ду шу маьршачу новкъа, Делан новкъа,
Шуна новкъарло ян стаг воцуш,
Ялсамане неIарш шуна схьайоьллур ю.

557. Шу даха ховшур ду бусалба динца,
Бусалба гIиллакхашца, кхидолчу къаьмнаша,
Нохчий делара шаьш, бохуш.

558. Дуьнен чохь Нохчийн цIе, диканна бен, йоккхур яц,
Нохчийн къам дуьнен чохь лоруш хир ма ду,
Харцахьа шайна дош ала цара меттиг юьтур яц,
Оццул чIагIлур ду церан бусалба гIиллакхаш,
Бусалба дин, Делан некъ.

559. Цу гIиллакхаша дуьне инзардоккхур ду,
И гIиллакхаш, шаьш кхуллучу хенахь дуьйна,
Церан хиллий хиъча,
И гIиллакхаш, Дала дуьнен чохь
Массо халкъашна даржо делла ма дара.

560. Дуьнен чохь адамаш
Иблисан новкъа ца дирзинехьара,
Тахана и гIиллакхаш а долуш,
Бусалба динехь Iаш хир дара шу.

561. Делахь а, шен хан йоцуш, хIума хила йиш яц,
Дала шайна тIедиллина декхар
Аш кхочушде, жима къам,
Хьоьца цхьаьна Воккха Дела ву, хьуна.
И декхар дуьнен чохь кхочушдина шу доьвлча,
Дуьнен чохь ялсамане хир ю шуна.

562. Варийлаш, варийлаш, догIалаш ла шайн дегнашка,
Делан лаамца вогIуш верг
Делан билгалонаш йолуш хир ву, шуна,
ГIиллакхаца, оьздачу маттаца иза шуна воьвзар ву, шуна,
Шух къахеташ, цуьнан дог доьлхуш хир ду, шуна,
Цуьнан дагах шун дегнаш кхетар ду, шуна.

563. Цунна тIаьхьа шу хIиттахь, ялсамане неIарш
Схьайоьллу де сиха хир ду, шуна, и де сихдан,
Делан лаамца, Делан новкъахь волу стаг
Шайна хьалха аш ваккха веза.

564. Цуьнца хир ю шуна жима ва тоба,
И тоба хаьржинарг Воккха Дела хир ву, шуна,
Царна юххехь Дала белла гIоьнчий хир бу, шуна,
Уьш хир бу, шуна, эвлаяаш, маликаш,
Дала жимачу тобана гIо дан бахкийтина.

565. Церан гIоьнца, жимачу тобано
Жима мохк цIанбийр бу, шуна.
И цIанбина шаьш бовлале,
Цаьрга Дала рицкъ лур ду, шуна,
И рицкъ шуьга дIакхочур ду, шуна,
Цу рицкъах жимачу тобано
Чехкар-гIала хьалайийр ю, шуна.

566. И рицкъ шуьга дIа мел ло,
Дала жимачу тобана
Рицкъан неIарш схьайоьллур ю.

567. ТIаккха хаьий ва шуна, Делан лаамций бен,
Шуна хьалха стаг вала йиш йоций?!
Ларалаш жима тоба,
Делан билгалонаш хир ю, шуна, цуьнца.

568. Делан билгалонашца йоьвзар ю шуна жима тоба,
Делан новкъахь уьш хир бу, шуна,
Нохчийн ЦIий, Сай долуш уьш хир бу, шуна.
Уьш боцчеран, Чехкар-гIала хьалаян,
Ницкъ хир бац, шуна,
Чехкар-гIала хьалайича бен,
Шун Са паргIат дер дац, шуна.

569. Варийлаш, варийлаш, шайн дегнаш ларделаш,
Шайн дегнашка хьаьжжина,
Шайна хьалха стаг ваккхалаш,
Цунна тIаьхьа шу хIитталаш.

570. Шуна Делан беркат дIакхочу некъ
Жимачу тобанехь бу, шуна,
Иза Воккхачу Дала цаьрга дIакховдийна бу, шуна.
Нохчийн Сий ден дерш уьш бу, шуна,
Нохчийн къам дикачу агIор довзуьйту дерш
Дуьнен чохь уьш бу, шуна.

571. Шу маьрша Делан новкъа дIадуьгу берш
Уьш бу, шуна.
Нохчийн къам, Нохчийн мохк
Далла дукха безаш буй, хоуьйту ерг
Жима тоба ю, шуна.

572. Шу Делан новкъа ялсамане кхачор берш
Жима тоба ю, шуна.
Жимачу тобано хьалхаваьккхинарг
Делан лаамца ваьлла ву, шуна.
Дела лаам кхочушбан дезаш а шу ду, шуна.
Делан лаам аш кхочушбахь, ялсамане неIараш
Дала шуна схьайоьллур ю, шуна.
И неIарш схьайоьллучу ва хенахь,
Чехкар-гIалин хазалла
Дуьнен чохь юьйцуш хир ю, шуна.

573. Нохчийн бусалба гIиллакхаш,
Дала шаьш кхуллуш ма хиллара,
Нохчийн махкахь хир ду, шуна,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Шун къам хир ду, шуна,
Нохчий бен, цIе йоккхуш шун къоман хир яц, шуна.

574. Нохчийн къоман коьртехь волчу стага дан дезаш дерг:
Эзар шераш хьалха, Дала
Шаьш дуьнен чу кхоьллинчу хенахь,
Шайна тиллина еза цIе, Нохьа-пайхамаран цIарах йолу цIе,
Нохчий, аьлла, дIатилла еза,
Иза Далла дукха езаш цIе ю, шуна.

575. ШолгIа, Нохчийн гIиллакхаш
Нохчийн махкахь чIагIдан деза -
Уьш бусалба гIиллакхаш ду, шуна.

576. КхоалгIа, Чехкар-гIала сиха хьалаян еза,
Цу гIалица догIур ду Нохчийчу Делан беркат,
Делан беркатаца бусалба дин чIагIлур ду.

577. Бусалба дин, бусалба гIиллакхаш
Нохчийчохь чIагIделча,
Нохчийн махкахь ялсамане хир ю.
Ялсаманехь кхечу дуьнен чу воьду неIарш хир ю,
Оцу неIаршкахула дIасалелаш
Эвлаяаш а, пайхамараш а хир бу.
Цаьрца дIасабаха йиш йолуш
Бусалба нах а хир ма бу.

578. И мохк Дала ларбеш а хир ма бу,
Дуьнен чохь цу махкаца болу ларам болуш
ХIумма а хир ма дац.

579. Оцу махка кхача гIерташ
Дукха адам хир ма ду, ша зихIарте ва санна.
Оццул цIена, хаза бусалба дин хир ду цигахь,
Оццул хаза гIиллакхаш хир ду цигахь.

580. Цигахь бен хуур дац кхечу къаьмнашна,
ЦIена бусалба дин, цIена бусалба гIиллакхаш,
Муха лело деза,
Ламаз, мархий кхаьбча, чекхдолуш доций.

581. Хьан багах долу дош оьзда ца хилахь,
Хила ма-дезза, бусалба дин
Хьо лелош вац, хьуна.
Бусалба стаг, и ламанан шовда санна,
ЦIена хила везаш ву, шуна.
ЦIена шовда мийла
ТIаккха цуьнан йиш хир ю, шуна.

582. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дийцахьа ва тхуна Чехкар-гIалех ва лаьцна.
Ма дукха хан ю-кха оха оцу хене садетташ,
Ма хаза хенаш йийцина тхуна тхан дайша,
Эвлаяаша йийцина, ва бохуш.

583. Чехкар-гIала хьалайича,
Ша ялсаманехь сана, Iийр ду Нохчийн къам, бохуш,
Маца йогIур ю-те и хенаш тхуна тIе,
Тхуна а, тхан берашна а, гур юй-те и хенаш?!

584. Тхайн берашна и хенаш йогIур юй хиъча,
ТIамо чIагIдина дегнаш, маллур дара-кха тхан,
Доккха са доккхур дара-кха оха,
Дийцахьа тхуна, маца хир ю-те и хенаш?!

585. - Ва жима Нохчийн къам, Чехкар-гIалех лаьцна
Ас дуьйцур ду, шуна.
Эвлаяаша шун дайшка дийцинарг - и бакъ ду, шуна.

586. Халонехь, Iазапехь шу долчу хенахь,
И хаза хенаш шуьга хьоьжуш юй, шуна ва хиъча,
Шаьш хьоьгу халонаш, баланаш лан
Атта хир дара-кха жимачу къомана, аьлла,
Жимма мукъана а, шун бала
Байбийр бара-кха Ас, аьлла,
Ас бахкийтинера шуна эвлаяаш,
Шун дайшна и хаза хенаш йийцийта.
И хаза хенаш шайн берашна хир ю, бохуш,
Халонаш аш лайра.
И бахьана дара шуна, бIешераш хьалха
Шун дайшна и хаза хенаш
Ас эвлаяашка йицийтар.

587. ХIинца шуна хаа лууш дерг,
Кхин хир юй-те и къиза хенаш,
Чекхйоьвллий-те и къиза хенаш,
Кхин мел къизаллехь, Iазапехь дахка деза-те
Тхо а, тхан бераш а, аьлла, дагахь хир ду.

588. Шун хаттарна Ас, Воккхачу Дала,
Жоп лур ду шуна.
ХIоккху тIамехь аш хьегна къизалла
Аш тIаьххьара хьегна ю, шуна,
Кхин дуьненахь а, эхартахь а Нохчийн къомо
Халонаш хьоьгур яц, шуна.

589. Халонаш хьоьгу хенаш чекхъевлла, шуна,
ХIинца шун дайшна эвлаяаша
Йийцина хенаш тIекхаьчна, шуна.
И хан шуна а, шун берашна а гур ю, шуна.

590. Дала шуна йийцинчу жимачу тобано
Хьалайийр ю шуна и Чехкар-гIала.
Жимачу тобанна хаьа шуна, Чехкар-гIалица доьзна
Жимачу къоман дукха хIума дуй,
Делан некъ Чехкар-гIалахула
Жимачу къомо чекхбаккха безаш буй.

591. Чехкар-гIаларчу доккхачу маьждиг чу Маликаша
Нохчийн къам дуьнен чу кхоьллиначу хенахь дуьйна
Яздина долу таьптарш схьадохьур дуй.

592. Оцу тептарша гойтур ду,
Дуьнен чу кхуллучу хенахь Нохчийн къам
Бусалба кхоьллина хилар.
Уьш бахьанехь дуьне Дала,
ХIаллак ца деш, дитина,
Нехан къинош шайна тIе лаьцна,
Шаьш Iазапехь уьш баьхкиний,
Уьш къинтIера ца бовлахь,
Шаьш жоьжагIате кхочур дуй.

593. И таьптарш гучудевлча,
Дуьнен чохь дукха хIума хийцалур ду.
Бусалба дин тIеэца
Дуьненан паччахьаш сихлур бу,
Дела цхьаъ бен воций, царна хуур ду,
Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ вуй, царна хуур ду.

594. ТIом дIабалар, Чехкар-гIала дIайолаяр,
Цхьаъ хир ду, шуна.
Жимачу тобанан Дала шайна делла рицкъ
Хир ду, шуна, и гIала хьалаян,
Дукха сиха хьалайир ю, шуна,
И Чехкар-гIала жимачу тобано
Дала шайна деллачу рицкъаца,
Цул тIаьхьа беркат, ялсаманехь санна,
Чуозалур ду, шуна, Нохчийн жимачу махка.

595. Шуьгара Далла оьшуш дерг -
Бусалба динехь шу чIагIдалар,
Дала шаьш дуьнен чу кхуллучу хенахь
Шуна делла бусалба гIиллакхаш,
Шун цIийца чIагIдалар.

596. И ши хIума шун цIийца чIагIделлачул тIаьхьа,
Дала шайна, дуьнен чу кхуллучу хенахь,
ТIедиллина декхар кхочушдан дуьйлалур ду шу.

597. Инзардаьлла дуьне, шуьга хьаьжжинчохь,
Дуьсур ду, Делан новкъа шу дIагIур ду,
Нахана, Делан некъ муха хила беза, гайта а гойтуш.
И хаза хенаш хIинца шуьца йоьзна ю, шуна,
Шун бусалба динций, шун бусалба гIиллакхашций.

598. Сихлолаш Делан новкъахь чIагIдала,
Беркат ду, шуна, шуьга хьоьжуш Iаш,
Шу Делан новкъахь чIагIделлачу дийнахь,
Беркат шуьца хир ду, шуна.

599. Чехкар-гIала цунах хIунда олу а,
Дуьйцур ду Ас шуна, и санна чехка,
Сиха йина дуьнен чохь гIала хир яц, шуна.

600. Делан рицкъах йинчу гIалахь
Делан беркат хир ду, шуна,
И хан тIекхаьчна, шуна, Делан гIоьнца.                Амин 

16.07.2001    БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

601. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма доккха хIума ду хIара дуьнен чохь дерг.
Цхьадолу къаьмнаш паргIат,
Яа а, мала а долуш, дика Iаш ду,
Цхьадерш мацалла леш ду.
Дуьнен чу къамнаш кхуллучу хенахь
Шайн-шайна мохк ма беллера Ахь.
Цу махкаца царна оьшург ма деллера Ахь,
Ма чIогIа харцонаш ю-кха хIокху дуьнен чохь.

602. И харцонаш, хIун дича, дIанислур яра-те,
Адамаш вовшийн къинхетаме, муха хир дара-те?
Харцонаш дуьнен чохь суна гуш ма ю, шуна,
Халонаш, къаьмнаша хьоьгу, суна гуш ма ю, шуна.

603. Дуьне Везачу Дала кхуллучу хенахь,
Дуьнен чохь мел дукха адам, акхарой хиларх,
Царна, дуьне мел лаьтта, даа хIума кхоьллинера,
Дуьненахь хIара дезар-кха, аьлла, хIума
Шадерриге а Дала кхоьллинера.

604. Меца нах дуьнен чохь хилар, иза, царна даа
Дуьненахь рицкъ дац, бохург дац,
Иза уьш санначу нехан бехк бу,
Цара нийса дуьненан рицкъ цадекъар ду.
Цхьаболчара къаьмнаш кхаба йиш йолу
И рицкъ, дIа а лачкъадой,
Шайна а, нахана а беркат доцучу агIор леладо.

605. Дуьнен чохь Дала кхоьллина рицкъ
Массо къаьмнашна дIакхочур долуш,
Нийсо йийр йолуш,
Массарна а дIасадоькъур долуш,
Цхьатерра бусалба дин даийтинера Дала дуьнен чу.

606. И рицкъ нийса ца лелорхьама,
Бусалба дин харцахьадаккха
Дуьйладелира цхьадолу къаьмнаш.
Цхьаболчарна рицкъ дукха дезаро
Дерриге а дуьненахь хила дезаш долу хIума
Харц новкъа дахийтира.

607. Дала даийтина бусалба дин,
Адамаша дуьнен чохь лело дезарг дуьйцуш,
Цара иза а харцахьадаьккхира.

608. Дала ма-бохху, бусалба динехь
Цара рицкъ лелош хиллехь,
Тахана дуьненахь бусалба дин а хир дара,
Дуьненахь меца нах а, сагIадоьху нах а хир бацара,
Дуьненахь долу массо а адам
Самукъадолуш, дехаш хир дара Делан новкъахь.

609. Цхьаболу нах Делан новкъара галбовлар бахьанехь,
Дуьненахь харцонаш ю,
ГIийла нах Iазапехь латтош бу,
Халонаш, баланаш хьоьгуш бу.

610. Далла и шадерриге а гуш ду, хууш ду,
Кхин дIа Дала и харцонаш лелайойтур яц.
Дуьненахь зуламе паччахьаш Дала хуьйцур бу,
Дуьнен чохь нийсо лелон ерш церан метта хIиттор бу.

611. ХIинца дуьйна цхьа паччахь,
Дела лаамций бен, хIотта йиш яц, шуна.
Дуьненахь нийсо лелор йолу паччахьаш
ДIахIиттина боьвлча,
Дуьненахь харцонаш дIаевр ю,
Мацалла, халонаш, баланаш дIабевр бу,
Къаьмнаша Дела цхьаъ бен цахилар,
Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ хилар тIеоьцур ду,
Дуьнен чохь бусалба дин дIахIуттур ду.

612. ТIаккха дуьнен чуьра адамаш
Маьрша, могаш дехар ду,
Цхьа вежарий, цхьа йижарий санна.

613. Дуьнен чохь Дала къастийна цхьа меттиг хир ю,
Дуьненан паччахьаш гуллуш,
Дуьненан гIуллакхаш кхочушдеш,
Цигахь харцо йица йиш хир яц,
ХIунда аьлча, Делан новкъахь воцург
Цига кхача йиш яц,
Делан новкъахь волчо харцо йийца йиш яц.

614. И Дала билгалъяьккхина меттиг хир ю
Нохчийн жимачу махкахь.
Дуьненан коьрта гIуллакхаш
Цигахь дуьйцур ду, Делан пурбанца.
                Амин

  17.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

615. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
И тхуна хезаш йолу хенаш
Ялсамане хенаш ма ю.
Оццул хазачу хенашка-м, дог а ца дохура оха,
Тхуна-м тоьар ма дара,
Делан новкъахь тхаьш хилчхьана,
Са паргIат, маьрша тхаьш дитичхьана,
Тхо-м, гIийла тхайн мижарг а бууш,
Iан реза ма дара.

616. Оха-м са а ца туьйсура, дуьненан юкъара гIуллакхаш
Нохчийн махкахь дуьненан паччахьаша
Кхочушдийр ду, бохучуьнга.
Са маьрша тхан ца хилахь,
Дуьненан бахамах самукъадер долуш дац-кха тхо.

617. ХIай,  жима Нохчийн къам, аш са ма гатделаш,
Шу санна, са паргIат, маьрша къам
Дуьнен чохь хир дац, шуна.
Цу тIехь шуна накъосталла дан
Сайн гIончий Ас бахкийтина, шуна.

618. Са паргIат, маьрша шу Iийр ду, шуна,
И некъ шуна Дала схьабиллина, шуна.
Эзаршерашкахь аш сатийсина хенаш - уьш ю, шуна.
Оцу хазачу хенашкахь
Шу ца даьхча, довлуш дац, шуна.
Цу хазачу хенашкахь, са паргIат, маьрша шу долуш бен,
Дала шуна тIедиллина декхар кхочушдан йиш яц, шуна.
Хазачу хенашна аш Са ма гатделаш,
И хенаш Дала шуна елла ю, шуна,
И Дела ва воцург, шуьгара и дIаяккха стаг вац, шуна.

619. Дала дуьненна гойтуш берг Делан ницкъ бу, шуна.
Дала дуьненна гойтуш берг Делан некъ бу, шуна.
Делан новкъахь ва верг, муха Iийр ву, ду, шуна,
Шуьгара масалш а оьцуш,
Дуьнен чохь муха даха деза, аьлла ду, шуна.

620. Церан бакъо хир ю, шуна,
Шина некъах цхьаъ харжа -
Ялсамане я жоьжагIате.
Оцу шина некъах, шайна безнарг
Харжа дезар ду церан.

621. Ялсамане шайна езахь, шу санна,
Делан новкъа гIур бу уьш.
ЖоьжагIате шайна езахь,
Шаьш лелош болу некъ лелийчахьана, уьш бевлла.
Цхьа хIума-м ду, Делан кхиэл чIогIа юй,
Кеста царна хуур-м ду.

622. ТIаккха, шаьш тIаьхьадисарна кхоьруш,
Сихалур бу уьш, Делан новкъа бовла.
Ма хьежа, Делан кхиэл тIекхачаре,
ДIадаккха шайн дагара иблис,
Сихло Делан новкъа довла,
Дуьненан ялсамане хир ю, шуна.                Амин               

18.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

623. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чу Ахь кхуллучу ва хенахь,
Са ма чIогIа делла хилла-кха Ахь тхуна,
Тхан Сино мел лайнарг доккха хIума ду-кха.

624. Муьлх-муьлха а адаме лалур дарий-те,
Олий, ойла ма йо-кха оха,
Мичара баьлла-те тхуна и ницкъ, олий.
Делан лаам боцуш, тхо Iазапехь
Латта йиш а ма яцара,
Цо ницкъ ца белча, и лан йиш а ма яцара.

625. Тхо кхеташ ма дац, халонаш, баланаш,
Воккха Дела, Ахь тхоьга хьоьгуьйту,
Уьш лан ницкъ а, Ахь тхуна ло,
Дуьне цец а дуьйлуш.

626. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма холчохь ду-кха тхо,
Дала а йиш йоцуш, дендала а ца дуьтуш,
ХIун дийр дара ца хууш, дисна-кха тхо.

627. Дуьнен чохь тхайна а, тхайн дайшна а
Дага мел йогIучу хенахь,
Делан новкъа схьадаьхкина а ма дара тхо,
Цу новкъара, мел халонаш тхайна хиларх а,
Девлла а ма дацара тхо.

628. Стен тIехь галдевлла тхо Делан новкъара,
Муха Iехийна-те тхо оцу иблисо?!
Тхуна дага а догIуш, цкъа а
Дела дагара дIаваьлла ма вац тхуна.

629. Цу Делан новкъахь и халонаш атта ма лов оха,
Делахь а, бахьана хаа лаьар-кха тхуна,
Дала тхо реза дара-кха оцу Делан ва новкъахь,
ХIокху дуьненан жоьжагIатехь Iачулла.

630. Дийцахьа ва тхуна, ва Везан ва Дела,
ХIун бахьана ду-те, тхо
Цкъа цIерга ва Iуьттуш, ле шайна, ва олий,
Юха хи чу Iуьттуш, дала мегар дац, олий?

631. Ма чIогIа къинош летийна хила деза-кха оха,
ХIара дуьненан жоьжагIате Ахь тхуна елла хилча.
Тхо тахана теша хIума дуьнен чохь дисина дац,
Ма дукха Iехийна тхо хIокху харц дуьненахь.

632. Уггаре а чIогIа тхо Iехош верг, мохь туххий,
Делан цIе йоккхуш ма хуьлура.
Уггаре а беркате ва воцург,
Дела цIе йоккхий, хьалха ма волура.

633. Цхьа Воккха Дела воцург, тхо тахана
Теша дисина хIума дац-кха тхуна,
Ахь эвлаяъ ваийтича, цунах ца тешшал,
Тешнабехкаш бина-кха тхуна.

634. Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
Дийцахьа бахьана, тхо Iазапехь,
ЖоьжагIатехь латторна.

635. - Шуна тIе мел деана вон хIума,
Дела хууш ву, шуна.
Шу мел халонашкахь, баланашкахь даьхкина,
Воккха Дела хууш ву, шуна.
Кхин дIайолу шун хаза хенаш а,
Воккха Дела хууш ву, шуна.

636. Шун дайший, наноший летийначу къиношна
Шу балехь дац шуна, къинош аш тIелаьцнера,
Дуьне кIелхьарадаккха,
Шун къиношна жоп ца делча,
Воккха Дела волуш вацара, цунах лаьцна
Воккхачу Дала шуна лакхахь дийцина.

637. Ас дуьйцур ду шуна кIеззиг шун гIалаташ:
Дуьххьара шун гIалат, бакъдерг шайга дуьцучух
Шу теша цатешар.
Ас шайна кхул жимма хьалха
Дийцина бахьана шу Iазапехь дахкарна,
Теша ца тешаш, юха а хоьтту аш.

638. ШолгIа гIалат, Делан, мохь тоьхна,
ЦIе йоккхуш верг хьалхавоккху аш,
Цунна тIаьхьа сиха хIуьтту шу.

639. Делан цIе даггара йоккхуш верг,
Цунах байракх йина, лелар вац, шуна.
Делан новкъахь верг оьзда хила веза, шуна,
Оьзда волчо, Делан новкъахь бен,
Дела а хьехор вац, шуна,
Мохь а беттар бац, шуна, Делан цIе йохуш.

640. И санна болчу нехан Делаца бала боций,
Багахь бен церан Дела воций, хаийтича а,
Аш тидам ца бора,
Тидам бинарг, цунах белар а дой, Iара.

641. И санначу стага, шу дига а дуьгий,
Делан новкъа доьлху вай, бохуш,
Мохь а хьоькхуш, жоьжагIате чу кхуьссу шу.

642. Делан цIе-м иблисо а йоккхур ю,
Делан новкъахь верг, шена тIаьхьа а хIоттийна,
Харц новкъа вигархьама.

643. Дийнахь маса ламаз до а ца хууш волчунна,
Шу тIаьхьахIуьтту, и Дала ваийтина ву, олий,
И санна иблисаца дегнаш долчу наха,
Делан цIераш а йохуш, маьхьарий хьекхча.

644. Делан новкъара шайна галдовла ца лаахь,
Шайн дегнаша бохург де, оцу деган
Пхенашкахула лелачу цIийне а хьовса.
Шайн дайн кицанаш дага а дахкийта.

645. КхоалгIа гIалат, шайгара мел даьлла вон хIума а,
Дала яздина хилла хIара-м, олий, дIадерзадо аш.
Иза а бакъ дац, шуна, аш динчул тIаьхьа бен,
Дала и дIа ца яздо, шуна.
Дала, аш къинош латадале, дIаяздина хилча,
Шуьга барт хатта йиш а хир яцара.
Ахь ца яздинехьара,
Ас къинош летор дацара, аьлла,
Далла тIе бехк буьллур бара аш.

646. Дала дуьнен чу, Нохчийн къам диссалц,
Массо а цхьатерра кхоьллина.
И цхьа къам кхоьллинера Ас кхечарах къаьсташ,
Дуьнен чу кхуллучу хенахь бусалба,
Мотт маликийн ва болуш.

647. Кхидолу къаьмнаш, дуьнен чу доьвллачул тIаьхьа,
Хила дезаш дара бусалба, Делан новкъахь.
Изза бен, вовшийн къастам бацара царна юккъехь.
Цаьргара масалаш а оьцуш,
Дуьнен чохь даржа дезаш дара бусалба дин.

648. ДоьалгIа гIалат, хан-хене мел йолу,
Цхьацца волура, шуна зулам тIедахьаш.
И зулам шайна тIедеанчаьгара дIадаьлча,
Цкъа а ойла ца йора аш,
ХIара зулам тIедеънарг мила ву,
ХIун бахьана долуш деана хIара зулам тхуна тIе,
Ца даийта йиш ярий-те и зулам, ва аьлла,
Аш цкъа мукъана а, бехкечарна
Халкъан кхиэл йинехьара,
Важа тIедогIу зуламаш, хир дацара шуна.

649. Массо а некъан а, шен хан ю, шуна,
Оцу некъе шу кхочур ду, шуна,
Собаре хилчахьана, собаре хилахь,
Зулам юххехула тIехдер ду шуна.

650. Дала, шу дуьнен чу кхуллучу хенахь,
Деши сана, цIена кхоьллина ду, шуна,
Цхьа а къа шайна тIехь а доцуш.
Дала шуна дуьнен чохь белла ши некъ бу:

651. Цхьаъ, нийса некъ бу шуна, бусалба динехь,
Бусалба гIиллакхашца, ялсамане некъ.

652. ШолгIа - харц некъ, Делан новкъара,
Дуьненан хIуманах Iехавелла, галваьлла,
Иблисан новкъа ваьллачун некъ, жоьжагIате некъ.
Хьалхарачу новкъахь верг ялсамане кхочур ву,
ШолгIачу новкъахь верг жоьжагIате кхочур ву.

653. Оцу шина новкъахь летош долу къинош,
Дуьнен чохь летийнарш бен, хир дац,
ХIунда аьлча, дуьнен чу валале къа лато йиш яц.
ТIаккха хаьий шуна, Дала шу дуьнен чу
Довлучу хенахь, къинош летаде, аьлла,
Шайна яздина цахилар?

654. Дела бехке ван ма гIерталаш
Шаьш леточу къиношна,
Дела шадерриге а гуш ву, шуна,
Шен-шен хенахь барт хоттур болуш а ву, шуна.
Дела бехке ван гIертар -
ШайтIанашца болчу наха,
Шу харц новкъа дахийта гIерташ,
Дуьйцуш, хIуманаш ду, шуна, уьш.
Ларлолаш царах,
ЖоьжагIате ю, шуна, цаьрга хьоьжуш.

655. Дела некъ-м чIогIа бу, шуна, хала а бу, шуна,
ШайтIанаша, шу Делан новкъара
Харц новкъа даха гIерташ,
Дукха къахьоьгу, шуна.
Дуьненан хазаллаш шуна хьалха туьйсуш,
Шу дегIа лаамаш кхочушбан гIерташ,
Цхьаберш, Iехалуш дуьненан хIуманах,
Харц новкъа бовла.

656. Важаберш, Делан некъ санна, цIена хIума
Доций хууш, шайтIанаш бисмиллица
Шайна юххера лахка а лохкий,
Делан новкъа дIабоьлху.

657. Цундела хаа ду шуна, шуна Дала белла
Дуьненахь ши некъ бу, шуна,
ХIор стаг шен лаамехь ву, шуна,
Шайна безза некъ харжа.

658. Цхьа хIума-м ду шуна, кхиэл йоцуш
ХIума хила йиш йоций, шуна Ас дIахаийтина, шуна.
Ма Iехалолаш шайтIанех, гIолаш Делан новкъа,
И цхьаъ бен дуьнен чохь а, эхартахь а
Нийса некъ бац шуна.
Цахуучарна и хаа йисина дукха хан яц, шуна.

659. Дуьнен чохь нийсо дIахIотто
Йисина дукха хан яц, шуна.
Дуьнен чохь барт хатта
Йисина дукха хан яц, шуна.
И хан шайна тIе кхачале
Дела шайна къинтIера ваккхалаш.
Дела къинтIера шаьш ваккхале,
ЦIанделаш шайн дегнаш.
Даг тIехь мекха хилахь,
Дела къинтIера вала йиш яц шуна.

660. Делан новкъахь цIена хила дезаш ду, шуна,
ЦIена волчунна Дела орцах вер ву, шуна.
Шен жимачу къомана Дела орцахвалар,
Дукха хан ялале, дуьненна гур ду, шуна.

661. Дела орцах веанчу къомана
Цхьа а кхерам бац, шуна,
И кхерам белахь а, Дала дIабоккхур бу, шуна.
Делан новкъахь цIена хила атта дац, шуна.
Багара долу дош а, лардан дезаш ду, шуна.
Вовшашца къинхетаме хила дезаш ду, шуна.

662. Жима Нохчийн къам, хьо сихлолахь
Хьайна Воккхачу Дала деллачу
Бусалба гIиллакхашца чIагIдала.
Бусалба диной, бусалба гIиллакхаший
Шу ялсамане новкъа дIадуьгур ду, хьуна,
Дуьненахь ялсамане шуна хир ю, шуна.
Делан новкъахь волу стаг
Ялсаманехь Iийр ву, шуна.
                Амин

21.07.2001 г.  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

663. Аш хьегна баланаш кхин хьоьгур бац, шуна,
Аш хьегна халонаш кхин хьоьгур яц, шуна,
Жима мохк Iазапехь латтор эрна ва дац, шуна.
И доций, шуна кеста хуур ду, шуна.

664. Жимачу мехкан бIаьргех долучу хин цхьа тIадам
Везачу Дала эрна бахийтина бац шуна,
И хин тIадам латтано дIахуьйдина балале,
Везачу Дала цунах деши дина, шуна.

665. И деши Нохчийн жимачу махкахь,
Мел хила деза, аьлла, хета шуна?!
ТIаккха хаьий шуна, шаьш Далла дукха дезна къам дуйла,
ТIаккха хаьий шуна, шаьш Дала диц ца динийла,
ТIаккха хаьий шуна, шен хан йоцуш,
Дуьнен чохь хIума хила йиш йоций?!
И деши Нохчийн махкахь,
Аш бел Iоьттинчохь, ду, шуна,
Аш цу дешина тIе кхача,
Къахьега деза, шуна, Делан новкъахь.

666. Нохчийн жима къам бусалба гIиллакхашца,
Бусалба динца чIагIделлачу дийнахь,
Нохчийн мохк, деши хилла, дIахIуттур бу, шуна.
Шун дайшна эвлаяаша йийцина хенаш уьш ю, шуна,
И хенаш хIинца шух йоьзна ю, шуна.

667. Шу Делан новкъахь сих мел чIагIло,
Сихха деши гучудер ду шуна.
Цу новкъахь шу чIагIделча бен,
И гучудала йиш яц шуна, Делан новкъахь бен,
Эрна къа аш ма хьегалаш.

668. ТIаккха хаьий шуна, Делан ницкъ чIогIа буйла,
ТIаккха хаьий шуна, Дела шайца вуйла,
Везачу Дала цкъа а шу диц ца динийла?!
Аш а ма вицвелаш и Везан ва Дела.
Сихлолаш Делан новкъахь чIагIдала шу.

669. Шуьца доьзна дукха хIума дуьнен чохь ду, шуна.
Дуьненан ялсаманехь шу Iан дезаш ду, шуна,
Ялсамане кхача гIерташ,
Кхин къаьмнаш а хир ду, шуна.
Царна аш гойтур ду, Делан некъ бен,
Ялсамане кхача кхин некъ цахилар.

670. Цу Делан новкъа баха уьш сихлур бу, шуна,
Цу новкъахь аш царна накъосталла дийр ду, шуна.
Иштта, дуьнен чохь бусалба дин,
Бусалба гIиллакхаш чIагIлур ду, шуна,
Уьш чIагIлуш, коьрта дакъа лоцуш, шу а хир ду, шуна.

671. ТIаккха хаьий шуна,
Мел дукха хIума ду шун махках доьзна,
Мел дукха хIума ду шуна Дала тIедиллина?!
И шадерриге а кхочушдан,
Дала шу таханлерчу дийне схьадалийна, шуна.
Кхин дIа, аш дан дезаш дерг
Везачу Дала шуна дийцина шуна.

672. Сихлолаш чIагIдала бусалба динехь,
Сихлолаш чIагIдала бусалба гIиллакхашца,
Шух доьзна ду, шуна, дуьнен чохь дукха хIуманаш,
Шен хан тIекхаьччахьана, шуна уьш хуур ду, шуна.

673. Коьрта аш дан дезаш дерг Дала шуна дийцина,
И кхочуш дина ва доьвлча,
Кхин дIа дан дезарг Дала дуьйцур ду шуна.

674. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Орцахвалар доьху оха ва хьоьга,
Ма къинош летийна оха, тхайна а ца хууш,
Харц ойланаш оха йина, шайтIанаша корта ва хьийзош.

675. Тхаьш хьоьгу халонаш,
Д айн-нанойн къинош бахьанехь ю, бохуш,
Харц ойланаш оха йина ва хилла,
Уьш бехке ва боцуш.

676. Ма юьхьIаьржа хIиттина тхо таханалерачу ва дийнахь.
ХIун дийр дара-те оха, уьш къинтIера ва баха?
Ма хала лелийнера-кха тхо цара.
И ойланаш тхан хиллий ва хаахь,
Дог мегар ва дац-кх церан, ва Везан ва Дела.

677. Исс баттахь кийрахь наноша тхо лелийнера,
Шийтта баттахь аганахь нанас тхо техкийнера,
Мацаллина, хьогаллина шаьш са ва детташ,
Тхох кхача хадийна цара ма бацара.

678. Iазапехь, баланехь шаьш болчу хенахь,
И хIун ду, тхуна хаийтина уьш ма бацара.
Халонехь шаьш мел дахкарх,
Бусалба гIиллакхашца цара тхо кхиа ма дира.
Iазапехь шаьш мел дахкарх,
Бусалба динехь цара тхо кхиа ма дира.

679. Ма бехке ду-кха тхо, и ойла коьрте ярна,
Ма юьхьIаьржа ду-кха тхо, и ойла коьрте ярна.
Ва Везан ва Дела, хьо воцург,
Тхан ойла хууш стаг вац, хьуна.
Мегар дацара-те, тхан ойла царна ца хаийтича?
Ма хала хир ду тхуна хIокху дуьнен чохь даха,
И царна хиъний, тхайна ва хаахь.
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
Тхайн дайн-нанойн дог ца дохо,
Тхо реза ду, хьуна, кхин дIа а Iазапехь дахка.

680. Ва жима Нохчийн къам, ахь Са ма гатде,
КъинтIера Со шуна ваьлла ву, шуна,
Орцах шуна Со ваьлла ву шуна,
Дай-наношна шайн ойла цахаийтар,
Аш Соьга ма деха, и царна хууш ду, шуна.

681. Уьш къинтIера шуна боьвлла, шуна,
И ойла шун хила а хилале,
Царна и ца хаа йиш яцара, шуна.

682. Церан Са — шун Са ду шуна,
Церан ЦIий — шун ЦIий ду шуна,
Шайн хилла ойланаш, шун хила езий,
Царна хаьара шуна.
ШайтIано, халонехь шу долчу хенахь,
Шун коьрте и ойла йоуьйтур юй, царна хаьара, шуна.
Уьш баккхийбеш бу, шуна,
Шу шаьш иштта кхиорна.

683 Бусалба гIиллакхашца шу ва долуш,
Бусалба динца шу ва долуш,
Делан новкъахь шу ва долуш,
Шаьш къинтIера шуна доьвлла, ва боху.

684. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Са паргIатдели-кха тхан, Дай-наной
Тхан хиллачу ойланашна къинтIера ва даьлла, аьлча.
Цара тхайна схьаделла Сай, ЦIий,
Оха лардийр ду хьуна.
Делан новкъахь чIагIдала церан Синой, ЦIийной
Тхуна гIо дийр ду, хьуна.

685. ШайтIано тахана жимачу къоман барт бохийна,
И барт оха сихха бийр бу, хьуна.
Тхайн дай-наноша тхайна Iамийна гIиллакхаш
Тхо дицдан ма доьллера,
ГIиллакхаца тхо галдовллушехь,
Тхуна тIе бала ма беара.

686. И бала тIера дIабаккха, тхо бусалба гIиллакхашца,
Бусалба динца чIагIлур ма ду, хьуна.
Тхайн дайн кицанашка оха ладоьгIнехь,
ХIара бала тхуна тIе богIур ма бацара.

687. Тхан дайша олура,
Барт боцчу хIусамехь беркат хир ма дац, олий.
Тхайн дайн кицанашка оха ладоьгIна ва хиллехь,
Тхо тахана балехь хир ма дацара.

688. Бусалба гIиллакхашца тхо чIогIа ва хиллехь,
Бусалба динца тхо чIогIа ва хиллехь,
ХIара бала тхуна тIе бан бахьана ма дацара.

689. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела, валахьа къинтIера,
Тхо Делан новкъахь чIагIлур ду, хьуна,
ШайтIано бохийна барт
Оха сиха нисбийр бу, хьуна.

690. И барт шайтIано тхан бохабар,
Тхо Делан новкъахь чIагIделла цахилар ду, хьуна.
ХIинца, Хьо тхуна къинтIера ваьллачул тIаьхьа,
Оха дош ло хьуна, Делан гIиллакхашций,
Делан динций тхо чIагIлург хилар.

691. ТIаккха тхан барт бохо дуьнен чохь а, эхартахь а,
Ша Везан Дела воцург, стаг цахилар.
Тхуна Ахь тIедиллина декхар чекхдаккха
Тхо сихлур ду, хьуна.
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш,
Тхо хир ду, хьуна.                Амин   
             
22.07.2001   БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

692. Делан новкъа чIагIдала атта хир ма дац шуна,
Цу новкъахь халонаш шуна хир ма ю, шуна,
Дуьххьара шайн чуьра шу дIадуьйладала ва деза,
Шайн хIусамехь, Делан новкъахь, шу чIагIделла ва доьвлча,
Кхин дIа дерг атта шуна хир ма ду, шуна.

693. ШайтIано чIогIа болх шун хIусамехь бина, шуна,
Барт боцчу хIусамехь беркат ца хуьлий,
Цунна ва хаьара, шуна.
Цо бохийна барт нисбан ма хала хир ду шуна,
И барт шайн хилийта, Делан новкъахь шу чIагIдала деза.

694. Делан новкъахь шу чIагIделлачу дийнахь,
Шун хIусамехь барт хир бу, шуна,
Барт шун хилахь, шун хIусамехь беркат хир ду, шуна.

695. ТIаккха атта хир ду шуна,
Бусалба хазалла, дикалла нахана йовзийта,
Делан некъ бен, дуьнен чохь кхин боций хаийта.
Шайн махкахь, цу Делан новкъахь, шу чIагIделла доьвлча,
Инзаре беркат шун махкахь гучудер ду шуна.

696. И беркат хир ду шуна,
ВорхI дуьней, ворхI латтий кхаббал,
Шу Iеха ма лолаш цу Делан беркатах,
Аш диъча, кхачор долуш и беркат дац, шуна.

697. Аш бусалба новкъа и дIа мел хьежадо,
ТIекхетар долуш и беркат ду, шуна.
ТIаккха дуьнен чохь шайна Везачу Дала тIедиллина декхар
Кхочушдан атта хир ду шуна.

698. Варийлаш, варийлаш, Iеха ма лолаш дуьненан рицкъах,
Делан декхар кхочушдан дезаш шу ду, шуна,
И декхар кхочушдан хаьржина къам хьо ма ду, хьуна.
Далла дукха дезна къам хьо ма ду, хьуна,
Ахь и декхар кхочушдийрг хиларх тешаш
И Везан Дела ву, хьуна.
Аш и Делан декхар кхочуш ва динчу дийнахь
Ялсаманехь долчу шун дайн-нанойн Синоша
Доккха Са доккхур ду, шуна, эхI, ва аьлла.

699. ХIинца-м Везачу Делан декхар кхочуш дира оха,
ХIокху ялсаманехь тхаьш доллушехь,
И Делан декхар тхайн Синошка
Кхочуш цадаларна кхоьруш,
Са паргIат дацар-кха тхан,
ХIинца дели-кха тхан Са паргIат, ва аьлла.

700. Цул тIаьхьа дуьнен чохь ялсамане хIуттур ю.
Ялсаманера-ялсамане кхача,
Дала неIарш схьайоьллур ю.
Вовшашка хьошалгIа Синош оьхур ма ду,
Бусалба Синош уьш хир ма ду, цара буьйцу мотт,
Маликаша, пайхамарша буьйцу мотт хир ма бу.

701. Дуьнен чохь дукха хIума хийцалур ма ду,
И шадерриге а шен хенахь шуна хуур ма ду.
И Дела реза шуна ву, шуна,
Делан некъ чекх аш баккхарна, со тешна ву шуна.

                Амин

22.07.2001    БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

702. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чохь кхин хIума тхуна оьшуш ма дац, хьуна.
Дела тхох теша, бохург боккха кхаъ бу тхуна.
Дала тIебиллина некъ кхочушбан,
Тхайн Синош дIадала тхо реза ма ду, хьуна.
И некъ чекхбаккха, тхо сихлур ду, хьуна,
ГIодаюкъ йихкина, тхо арадоьвр ду, хьуна,
И Делан некъ чекхбаккха, оха чIагIо йо хьуна.

703. Цу новкъахь тхуна дуьхьал вала стаг хир ма вац,
Дуьне тхайна дуьхьал даларх, тхо озалур ма дац,
Дела тхайца цхьаьна хилчахьана,
Тхуна оьшуш хIума ма дац.

704. Эзар шераш хьалха дай-наноша болийна некъ
Чекхбаккха оха тIелоцу хьуна, ва Везан ва Дела.
Эхартехь-ялсаманехь, и Делан некъ чекхбаьккхича бен,
Дайн-нанойн Синош паргIат хир доций, тхуна ма хаьа.

705. Церан Синош паргIат оха дохур ма ду, ва Везан ва Дела,
Церан Синош сагатдеш дуйла, тхуна дика ма хаьа,
Дайн-нанойн Са паргIат даьлча бен,
Оха юкъ йостур ма яц, церан Са паргIат дер ду,
Делан некъ оха чекхбоккхур ма бу.

706. - ХIай жима Нохчийн къам, хьо иштта дацахьара,
Хьо Далла дукха дезаш а хир ма дацара.
Шайн Синойл, дай-наний шуна дукха дезий, Суна ма хаьа,
Шайн Синойл, дай-наношна шу дезий, Суна ма хаьа.

707. Шу иштта дацахьара, Далла а дезар ма дацара,
Шу иштта дацахьара, Дала оццул доккха декхар
Шуна тIе дуьллур а ма дацара.

708. И Везан Дела шуьца ву, шуна,
Делан новкъахь халонаш шуна хир яц, шуна,
Тоьар ду аш хьегна халонаш,
Кхин халонаш шуьга ца хьегийта, Дала шена тIе лаьцна.

709. Аш дан дезаш дерг, Делан новкъахь чIагIдалар,
Шайна Дала делла Iилма шайн къомана а,
Дуьнен чохь а дIасадаржор ду,
Бусалба хазалла кхечу къаьмнашна йовзийтар ду,
Делан некъ бен, дуьнен чохь хила йиш йоций, хаийтар ду.
Оьшучохь, Дала шуна гIо дийр ду.
Шуьгахула бусалба Iилма,
Ша хила ма-деззара, довзуьйтур ду.

710. Шайна тIе диллина декхар аш кхочуш дийр ду,
Шун дайн-нанойн Синош паргIатдоьвр ду,
Уьш паргIатдоьвллачул тIаьхьа,
Дайн-нанойн, берийн Синош
Вовшахкхета йиш хир ма ю.

711. Оцу хенахь жима къам
Дуьненан ялсаманехь Iаш хир ма ду,
Дуьненан ялсаманера эхартан ялсамане
Синош дIаса а лелаш.

712. ТIаккха хаьий шуна, Делан некъ бен,
Нийса некъ кхин боций?!
ТIаккха хаьий шуна, цу новкъахь сихдала дезий?!
                Амин             


23.07.2001   БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

713. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
ХIара ах дуьне сов керста къаьмнаш ма ду
ХIокху дуьнен чохь дехаш.
Царна кхиэл муха йийр ю-те Ахь,
Буй-те уьш массо а шаьш керста дин лелорна бехке?

714. Церан хIун бехк бу, церан паччахьаший, молланаший
Делан некъ цаьрга нийса ца лелабайтича,
Цара шайна ма-хьеххара, цара и некъ дIалелийча?!

715. Бусалба паччахьаша, бусалба молланаша
Дала шайна тIе диллина декхар,
Дуьнен чохь бусалба дин довзийтар, кхочуш ца дина.

716. Дуьнен чохь бусалба дин довзийта,
Дала дукха рицкъ деллера
Цхьайолчу бусалба пачхьалкхашна.
Цара Дала шайна тIедиллина декхар кхочуш ца дира,
Дуьненан рицкъах уьш Iеха ма беллера.

717. Цара шайна сов даьлла рицкъ,
Дуьнен чохь бусалба дин довзийта,
Делан новкъа хьовзийнехьара,
Царна кхин оццул рицкъ а тIекхетар дара,
Дуьнен чохь бусалба хазалла йоьвзинчу наха
Бусалба дин тIе а оьцур дара.

                Амин

24.07.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

718. Керстачу молланаша
Харц новкъа хьовсийна шайн къамнаш,
Бусалба дин шайна довза ма-доьвззинехь,
Кхетар ма дара, нийсаниг хIун ду.

                Амин

  25.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

719. Дукха наха бусалба дин тIеоьцур дара, делахь а,
Делан новкъахь, шаьш баха ма-беззара, дIа ца бахна,
Дала шайна рицкъ делла болу,
Бусалба ду шаьш, боху нах.


720. И рицкъ цара, шайн бIаьрмецигалла,
ДIалачкъийна дуьту дела,
Церан махкахь ах гергга къам керста ду.
Дала царна делла рицкъ, дуьнен чохь
Массо а къаьмнашна бусалба дин довзийттал, ду.
Цара и декхар, дуьнен чохь боху аш-м,
Шайн къаьмнашца а кхочуш ца дина.

721. Везачу Дала, и санна болчу нахера, къаьмнашкара,
Рицкъ схьа а доккхуш,
И Делан новкъа хьажо долчуьнга дIалур ду.
Хаа ду шуна, везачу Дала кхин рицкъ лур дац шуна,
Шен халкъаний, бусалба динний муьтIахь воцчунна.

722. Керста къаьмнашна, дин лелош болчарна,
Бусалба дин довзуьйтур ду.
И нийса, Делан некъ буй а хиъна,
Цара бусалба дин тIеоьцур ду.

723. Керстачу молланашна, шайн халкъаш,
Шаьш харц новкъа дуьгий хуъушехь,
Харц дин царна Iамийна болчу,
Дала жоьжагIате баха кхиэл йийр ю.

724. Иштта дуьне цIанлур ду, вон, харц мел долчу хIуманах,
Дуьнен чохь массо а къаьмнаш,
Цхьа йижарий,  цхьа вежарий сана, Iийр бу.

725. Дин дуьнен чохь цхьаъ бен хир дац,
И дин бусалба дин хир ду,
Везан Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш.
                Амин

26.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

726. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
Тахана тхуна тIехь латтош йолу гIело гуш,
Хьайбанаш ду доьлхуш.
Тхайна тIехь латтош йолчу халонел а,
Церан бIаьргех охьаоьху хиш ду тхуна лан хала.
Цхьа адамаш доцурш,
Дуьнен тIехь тахана йоьлхуш ю-кха
Ахь мел кхоьллина хIума а.

727. Церан доIанашна жоп дала мегар дацара-те, Везан ва Дела?
Жима мохк, жима къам хIаллакхуьлуш лаьтта-кха,
Дала тхайна тIедиллина декхар кхочуш а ца деш.
Делан декхар кхочуш а дина, хIаллакхилча-м,
Хала а ца хетара тхуна.

728. Адам доцчунна, массарна а дуьнен чохь гуш дара,
Жимачу къоман, жимачу мехкан доьлху дог,
Делан бакъо йоцуш, накъосталла дан йиш йоцуш,
Шаьш хIун дийр ду ца хууш, Iаш дара дуьне.

729. ТIаккха Везачу Деле бистхилира боху и дашо Малх:
 «Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чу со кхоьллинарг  Хьо ма вара,
Со санна, дуьнен чу жима мохк, жима къам
Ма кхоьллинера Ахь.
Тахана уьш холчохь ма бу,
Царна накъосталла дайтар доьху Ас, ва Дела.

730. Оцу харцонашна кхин тоха са дац-кха сан.
Везачу Дала бакъо лахь, и маьлхан зIаьнарш
Царна тIе хьажийна, уьш хIаллак а бина,
Далла дукха беза жима мохк, жима къам
КIелхьарадаккха ма боллу со», - аьлла.

731. Цул тIаьхьа бутт бистилира боху:
 Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ахь бакъо лахь, со а орцах бер ма бара
Жимачу къомана, жимачу махкана.

732. Буьйсанна и ша мел болу мохк,
Ша серла а боккхий, стиглара охьахьаьжча,
И ша йолу къизалла гуш ю-кха шена,
Ма хала ду-кха шена садетта.
Дайтахьа шега накъосталла,
Ша стиглахь дIа а лечкъина,
КIарула-Iаьржа и мохк а бина, сагатдина,
ХIаллак бийр бара-кха уьш, аьлла.

733. Иштта, ша-ша бистхилийтахьара Ахь, аьлла,
Шовдий, стигаллий, латтий а дистхилира, боху.
Шовдано элира боху:
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Дуьнен чу шел цIена, шел шийла
Кхин хи доцуш, кхоьллинера Ахь со,
Ла ца ло-кха шега, Далла дукха дезна жима къам,
Жима мохк Iазапехь цара латтош.

734. Дайтахьа шега накъосталла,
Ша шал-шийла шелделла,
Кийранашкахь ша бина,
ХIаллакбийр бара-кха Iеса нах, ва аьлла.

735. Стиглано элира боху:
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Шена а чIогIа дика гуш ю-кха, жимачу къоманий,
Жимачу махканий тIехь лелош йолу къизалла,
Дайтахьа шега царна гIо.

736. Ша стиглара цхьа седа чухецна,
И лаьтта охьакхачале,
Кхерабелла, дегнаш лилхина,
Белла карабойтур бара-кх уьш, ва аьлла.

737. Латта дистхилира боху:
Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Шена накъосталла дан бакъо Ахь лахь,
Ша, дIаса а дахана, лаьтта буха бохуьйтур ма бара уьш,
Ма ла ца ло шега
Царна тIехь цара лелайо и къизалла, ва аьлла.

738. Дикка ла а доьгIна, вистхилира боху и Везан ва Дела:
Дуьнен чохь уггаре а къинхетам боцуш,
Ша кхоьллинарг — адам ду, шуна,
И санна къиза хIума дуьнен чохь
Дала кхоьллина яц, шуна.

739. Цундела Дала бехк а ца буьллу адамашна
Уьш орцах жимачу махкана,
Жимачу къомана цабахкарх.

740. И вон шена тIе кхаьчча бен,
Вон хIун ду ца хаьа адамашна.
Адам нийсачу новкъа доккху дерг
 Бусалба дин ду, бусалба гIиллакхаш ду,
ТIаккха бен хир дац адам къинхетаме.

741. Нийса некъ, Делан некъ бу,
Делан некъ жимачу махкахь, жимачу къомаца бу,
Цаьрга шайна тIе диллина декхар кхочуш дайта,
Цаьрца цхьаьна Везан Дела а ву.
Шу дохий ма хьийза,
Дела шадерриге а гуш ву, шуна.

742. Дашо Малх, хьан зIаьнаршка
Жима мохк багабайта йиш ма яц Делан,
Делахь а, хьо иштта къинхетаме хиларна,
Далла дукха ма беза хьо, хьо паргIат хилахь,
Дела орцах ваьлла, хьуна, царна.

743. ТIаккха баттана жоп делира боху:
Ахь са ма гатде, хьо стиглахь дIалечкъича,
Дуьне Iаржлур ма ду,
Бехкбоцчарна а, хьо бахьанехь,
Сингаттам бер ма бу,
Дела царна орцах ваьлла, хьуна, ва аьлла.

744. Шовдане вистхилира боху:
ХIай шийла ва шовда, хIай цIена ва шовда,
Дала хьо кхолла ма кхоллара хилалахь,
Хьо долчул а, хьо кхин шеллахь,
Дукха хIума хьо бахьанехь хIаллакхир ду,
Хьуна и бакъо яла шен йиш яц, хьуна,
Хьо паргIат хилалахь, Дела орцах ваьлла, хьуна, царна.

745. Стигланий, латтаний а ишта жоп делира боху:
Шу бахьанехь бехкбоцурш лазорна кхерам бу,
Аш са ма гатделаш, Дела орцах царна ваьлла, шуна,
Дала царах къинхетам бина, шуна,
Везан Дела цаьрца ву, шуна.

746. Шу кхера ма кхералаш,
Дала царна тIе диллина декхар
Цара чекхдоккхур ду, шуна,
И чекхдаккха Дала гIо дийр ду царна.

747. Везачу Дала жимачу махка шен эвлаяаш, пайхамараш,
Маликийн эскар а делла, бахийтина, шуна.
Цара цIанбийр бу, шуна, и мохк
Iеса мел долчу хIуманах, боьха мел долчу хIуманах.

748. Делан эскар жимачу махкара кхин дIагIур дац, шуна,
Цара лардийр ду, шуна, жима къам,
Цара ларбийр бу, шуна, жима мохк.
Дуьне цIе яьлла кхехкаш хилахь а,
Кхин жимачу къомана кхерам бац, шуна,
Дала шайна тIедиллина декхар
Цара чекхдоккхур ду, шуна.

749. Далла дукха дезачу жимачу къомана, жимачу махкана
Са ца гатдича, шун йиш а яцара,
Шу иштта къинхетаме Дала кхоьллина ма ду.

750. Дуьнен чохь адамаш нийсачу новкъахь
Сиха нис ца лахь, уьш нисбан,
Шуна бакъо ца елча, вер вац, шуна,
Цигахь къинхетам боцуш хила дезар ду шу.

751. Иштта хала дуьне ду-кха Дала кхоьллина,
Делан новкъахь волчо хIинца дуьйна
Атта дуур ду хIара дуьне.
Делан новкъахь воцчунна
Даа йисина дукха хан яц, шуна.
Цу шиннах цхьа некъ харжа хIинца а хан ю шуна,
Кхана и некъ харжа ларор дац шу.
                Амин

27.07.2001  БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

752. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма доккха хIума ду-кха, тхуна Ахь дийцинарг,
Тхо нийса кхеттий-те Ахь ва дуьйцучух,
Хьекъална эша-м ца эшна-те тхо?!

753. Тхуна хезаш дерг самах делахь,
Дуьнен чохь Далла дукха деза къам
Тхо ма ду-кха, тхан багахь берг
Маликийн, пайхамарийн мотт ма бу.

754. ТIаккха пайхамараш а, жимачу къомах ма хуьлу.
И тхуна хезаш дерг самах ва делахь,
И инзаре хIума ма ду.
Тхо-м самадовла а кхера ма кхоьру,
Оццул беза нах жимачу къомах хилла, Ахь ва аьлча.

755. - ХIай, жима Нохчийн къам,
Хьуна хезаш дерг самах ду, хьуна,
Хьекъална эшна шу ма дац, хьуна,
Дуьнен чу шу кхуллучу хенахь
Дала бусалба динца, бусалба гIиллакхашца
Шу кхоьллина ду, шуна.

756. Шуна Ша белларг маликийн мотт бара, шуна.
Маликийн маттахь вистхуьлуш верг шун къомах вара, шуна.
Пайхамараш маликийн маттахь къамел деш бара, шуна,
Эвлаяаш маликийн маттахь къамел деш бара, шуна.

757. Халонаш ва хиллехь а, шайна тIедиллина декхар
Кхочушдеш, схьадогIуш шу ма ду, шуна.
Эвлаяаш, пайхамараш шун махкахь бу, шуна,
Шайн жимачу къомана накъосталла деш бу, шуна.

758. ТIаккха хаьий ва шуна,
Жима къам  Далла дукха хIунда дезна?!
ТIаккха хаьий шуна,
Жимачу къомаца Везан Дела хIунда ву?!
                Амин

6.08.2001   БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

759. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам.
Ма инзаре хIума ду-кха тхуна хезаш дерг.
И беза нах тхан къомах хилла, ва бохург.

760. Нахана дIахазахь, буьйлур бу-кха тхох,
И жима Нохчийн къам хьекъална эшна, бохуш.
ХIун дийр дара-теша, нах цунах тешийта?
Ма гIон хир дара-кха тхуна цунах,
И беза нах тхан къомах хилла, ва аьлча.

761. Тхаьш хьегна халонаш, баланаш
Ма сиха йицлур яра-кха тхуна.
И беза нах тхан къомах хилар бакъ делахь,
Уьш тхан къомах хиллал,
Оццул ирс а хир дацара тхан.

762. - Ва жима Нохчийн къам,
Хьо цец ма дийлалахь, Дала хьайга бохучунна.
И пайхамараш, эвлаяаш шун къомах бара, шуна,
Шайн хенахь шадерриге а хуур ду шуна.

763. Далла хьо, жима къам,
Дукха хIунда дезара, моьтту шуна?!
Далла хьо, жима къам, хIаллак ца дойтуш,
ХIунда латтош ду, моьтту шуна?!
И бахьана ду, шуна,
Пайхамараш, эвлайааш шун къомах хиларан.

764. Ма хьалхе ду-кха хIинца а шадерриге а дийца.
Гена яц шуна и хан, шадерриге а шуна хаа.
Шен хан йоцуш, хIума хила йиш яц, шуна.
Аш цунна са ма гатделаш,
Шун дан дезаш дукха хIуманаш ду, шуна.

765. Цхьана меттехь шадерриге и шуна хиъча,
Дагана цатам хила кхерам бу.
Дала шуна хIинца дуьйна еллачу
Дикачу хенашка, цхьацца ког а боккхуш, гIо шу.

766. Сихдала мегар дац я диканехь а, я вонехь а.
Шун дайн кица ду шуна:
Сихделла хи хIордах ца кхетта, олуш.
Шен зама йоцуш, хIума хила йиш яц, шуна.

767. Тахана коьрта аш дан дезаш дерг,
Шайн дайша-наноша лелийна гIиллакхаш
Нохчийчохь дIахIиттор ду.
И гIиллакхаш ду, шуна, ялсаманера схьадеъна,
И гIиллакхаш ду, шуна,
Пайхамарша, эвлаяаша лелийна гIиллакхаш.

768. Цу гIиллакхашца шу чIагIделлачу дийнахь,
Шу иманехь хир ду, шуна, иманехь делахь,
Делан новкъахь чIагIделла хир ду, шуна.
Делан новкъахь чIагIделлачу дийнахь,
Ялсаманехь хир ду шу. Цунах хаьий шуна,
Дала гIиллакх мел чIогIа лоруш ду?!

769. Дуьнен чохь гIиллакх долуш
Массо а къаьмнаш делахьара,
Зулам, зуламхой Нохчийчохь а,
Дуьнен чохь а хир бацара, шуна.

770. Цундела сихлолаш гIиллакхашца чIагIдала,
ГIиллакхашца шу чIагIделча,
Дела цхьаъ веш, Мохьмад-пайхамар (с.I.с.) бакъ веш хир ду шу.
Цул тIаьхьа дуьнен чохь шуна хIума оьшур дац.
                Амин

14.08.2001 БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

771. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Ма къемата де деана тхуна ва тахана,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
Эзар шерашкахь тхаьш халонаш, баланаш хьегар
Дицди-кха тхуна таханлерчу дийно.

772. Иштта къиза хенаш ганза дукха хан яра-кха тхуна.
Оццул къиза адам хIинца а дуьнен чохь ду, аьлча,
Тхо-м теша а ма ца теша,
И къизалла тхайна тIехь латтош йоллушехь.

773. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
Хьо воцчуьнга, и къизалла сацалур йолуш ма яц.
Хьо воцчуьнга, жима къам хIаллак ца деш,
КIелхьара даккхалур долуш Да ма вац.

774. Дуьне мел ду дIасадаьржина-кха жима къам,
Цу къизаллех кIелхьарадала гIерташ.
ДIасавала йиш йоцург хIинца а
Жимачу махкахь къизалла хьоьгуш ву-кха.
ХIун дийр дара-те ца хууш, дисна-кха тхо.

775. Ма Iалур дац-кха тхо цIен деши тхайна лахь а,
Тхайн жима мохк боцчохь.
Ма Iалур дац-кха тхо, дайн-нанийн кешнашна
ТIекхача йиш йоцчохь.
Ма синтем хир бац-кха тхан
Жимачу мехкан лаьтта тIехь бен,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам.

776. ХIокху берийн къина бен,
Тхайн махкара ара ма ца доьвлла тхо.
Ма реза дара-кха тхо
Тхайн жимачу махкахь и къизалла хьега,
ХIокху тхайн синошка
Оццул чIогIа са ца гатдойтуш.

Тхан синоша сагатдича,
Дуьнен чохь а, эхартахь а долчу
Дайн-нанойн синоша а са ма гатдо.
Цара къийлиначу дегнашна,
Синош мегар ма дац церан.

777. Цулла а тхайн жимачу махкахь далар
ГIоле ма ду тхуна,
Иза тхайн махкана гена доьвлча бен,
Хаа ма ца хиъна тхуна.
Хи чуьра хьалабаьккхиначу чIерехь долу
Хьал ду-кха тхоьгахь,
Тхайн махкара арадоьвлча.
Тхайн махкахь бен синтем боцуш,
Везачу Дала кхоьллина-кха тхо.

778. Ва Везан ва Дела, ва Воккхун ва Дела,
Валахьа орцах, бехьа тхох къинхетам,
ЦIанбехьа и тхан мохк
Боьха мел йолчу хIуманах.
Ма дац-кха тхо Везан Дела воцчуьннан
Лай хила йиш йолуш,
Ма хийзадо-кха тхо, лай тхох дан гIерташ.

779. Ма ца хаьа-кха царна, Дала кхуллучу хенахь
И тхайн  синош маьрша бен даха йиш йоцуш
Дуьнен чу тхо кхоьллина хилар.
Ма ца хаьа-кха царна,
И дегIан пхенашкахула лелаш долу цIий
Са паргIат, маьрша ца хилахь,
Лела йиш йолуш доций.
Ма ца хаьа-кха царна, жимачу къомана
Махкара арадалар, далар - цхьаъ дуй,
Жимачу махкара арадовлучулла,
Далар гIоле а долуш дуйла.

780. Иштта Са дукха тхуна Везачу Дала
Дуьнен чохь делла,
Кхечу къаьмнех къастош.
Шена Везачу Дала беллачу жимачу махкахь бен,
Даха йиш йоцуш.
                Амин