Со маьрша еха

Аза Атагинская
Курачу сайн деган дог1а  а дохош,
Ас дагчу йитира безаман тулг1е.
Ахь хаза дийцира, со хьайха тешош,
Сан дахар даьккхира ахь маьлхан нуьре.

Вайн кхоллам къегира, кхане а марзйеш,
Со яха, саде1а 1еми хьан ц1арца.
Сан са хьан йийсарехь маьрша ду дехаш,
Йоккхайе хиларна доьзна ирс хьоьца.

Сан деган къайленаш хьайн дагахь хьулъеш,
Ахь суна ца хазий дог 1овжон дешнаш.
Сан ойла, лаам ахь аьшнашдар доцуш,
Со-м еха хьо хилар дозалла хеташ.

Сан деган хьал хууш, лаъмийн деш дола,
Хьайх хама беш яха 1амийна ваьлла.
Дуьнент1ехь рицкъ хаддалц ву хьо сан эла.
Хьо везарх ца хилла дог г1алат даьлла.

Азман Джабраилова

Спасибо автору картинки