До1а

Арзу Банжаев
Багахула cхьаозийна кийрара хьорамкол схьаяккхар санна,
Сел хала дуьйцу и валар набкхеташ санна атта делахь суна!
Доггах доцуш, яхьана, юьхьана со кхаба раг1йиллина суна,
К1елвисина, доьзална совваьлла, иштта вахар ма лолахь суна!

Наха гехь, дечиг санна айбина, хьайна дуьхьал вохьучу дийнахь,
Хьайн нийсачу бекхамца 1азаптакха со декхарийла ма велахь!
Къинойх язъеллачу кху сан яь1нех хьайн бух боцу къинхетам белахь!
Кху дуьнено сих – сиха иэс д1адахьар со хууш ву хьуна сайлахь!

Сайн бехк хуъушехь, эхь дайна, со тахана хьоьга доьхуш вац хьуна!
Со х1аллакван дагахь, шайт1ано суна исс эзар гуо бина хьуна!..
Бецан хелаг санна, сой г1ийла волу дела, со доьхуш ву хьуна!
Хьан 1азап, иэс т1екхуьур доцуш, доккха дуй со цахууш вац хьуна!

Валийна, палс санна карчийна, охьавиллича сайн КОШАН Ц1ИЙНАХЬ,
Суна, даима а айса цуьнга сатийсина воккхавер лолахь:
Къематан дийнахь хьайн къинхетамца со хьайн 1индаг1е х1оттавелахь!
Я АЛЛАХ1, суна гечдай, хьайн хазчу ялсаманехь со ирсе велахь!