Самадовлий вай

Петимат Абубакарова
      
Дуьненан  рицкъанех 1ехалуш вай деха,
Абаден дахаран ойла  ца йеш…
Сел ч1ог1а нафсано х1унда до вай 1еха,
Дицдарца ваьш хилар Аллах1ан леш.

Иманца дахий вай,вовшийн сий-пусар деш,
Д1айаккхий  дегнашкахь гулйелла хьаг1,
Мулкалмовт ма ду вайн х1ора сахьт дагардеш,
Цхьаьнна а ца хаьа,хьаьнгахь ю раг1.

А`даман т1аьхьенаш зуьйш ма йу Латта т1ехь
Кхоьллинчуо, юх-юха къинхетам беш…
Нислой вай,шалхонаш д1аяхий,Суннатехь,
Ган лууш вай делахь Фирдовсан беш!
 
               
 21.06.2002 шо