Нохчийн мотт

Аза Атагинская
Шен-шена белла мотт къомана х1ора,
Марзонца биллина дегнашчу орам.
Ма чомехь хуьлу стом, дича вай дола,
Мерзачу маттаца дош вовше олуш.

Нохчалла д1алело г1ирс бу вайн онда-
Вайн дайша лардина меттан дош х1ора.
Уьйраш а, ламасташ, г1иллакхаш тайна,
Кхоьллинчо, ца кхоош, делла ша тайпа.

Б1ешерийн заманан к1оргера дуьйна
Т1улгаш т1ехь язйина хаарийн хьаьркаш.
Кху хене схьабеъна, ца буьтуш байлахь.
Нохчийн мотт... Т1аьхьенна ло вай и совг1ат!

Азман Джабраилова