Марнанна

Аза Атагинская
Кху маьлхан дуьненахь хийла ахь халонаш лайна.
Кханенан ойла еш, хьайн доьзал хала кхиийна.

Кхерчара ц1е, ца йовш, хьан дуьхьа ю йогуш, Нана.
Х1оранна йовхо луш, даьгна дог ахь ца кхоийна.

Хьо йинчу б1аьстенах доьзална мерза кхаъ хилла.
Хьан берийн дегнаш чохь хьан ц1арца зезагаш кхиъна.

Йо1арех ца къестош, хьайн несрийн лерам ахь бина.
Йовзуьйтуш хьайн марзо, тхуна а хьох Нана хилла.

Хьан хьехарш соьца ду, ахь делла дахаран 1илма.
Сан массо хаттарна хьан суна дала жоп хилла.

Сан шолг1а Нана хьо, суна хьо мел ч1ог1а еза.
Вуочунах лар а еш, ехийла хьо маьрша, г1оза!

Азман Джабраилова