Нагахь..

Саралапова Альбина
Нагахь хьан дахарехь
Хьо лоруш стаг вацахь,
Нагахь хьан къамелах
Хам-пусар деш дацахь,
Кхайкхича,мохь тоьхча
Дуьхьала жоп дацахь,
Ма эрна веха хьо,
Дуьненан чам бацахь.

2019 год.