Лиза декъалйеш

Аза Атагинская
Токхечу гурахь хьо дуьнент1е яьккхина,
Оьздачу доьзалехь хьан кхоллам язбина.
Хьан сибат нуьре деш, Дала хьо хьаьстина,
Хьайн некъ д1акхехьа хьох рицкъанан да йина.

Кхин цхьа шо т1екхийти яханчу оьмарна,
Кхин цхьа шо зие хили йисинчу заманна...
Дахаран некъаш хьан аттачех ца хилла
Т1е1итталучунна дуьхьал хьо лаьттина.

Хьох ала, хьох дийца диканиг дукха ду,
Дийца а ца оьшуш, наха шайн тидам бо.
Г1иллакхца, леларца, комаьрша къаьсташ ю,
Деган суй, синйовхо ца кхоош ахь д1ало.

Йиш-вешех, доьзалах йоккхаеш ехийла.
Ирс дахьаш еънарг хьох тхуна кхаъ хуьлийла.
Кхоьллинчу Дала хьо 1алаш еш, ларйойла,
Езачу тхуна хьо диканца ехийла!

Езарца, ларамца Азман.