Хадийна зезаг

Аза Атагинская
Орамах даьккхина зезаг д1а хадий,
Экаме г1ад къиза иралло лазий.
Аренгахь бай хазбеш кхин и ца техка.
Кхаби чу дерзийна, цхьа х1усам хазйан.

Эсала иэгадеш, мелачу мохо,
Цуьнан г1аш хьоьстур дац дашочу малхо.
Хазачу хьожанах 1еха а белла,
И хьеста бог1ур бац бос хаза полла.

Ц1еххьана  д1ахеди исбаьхьа илли,
Зезаган дахар, хьо ма доца хили.
Декъазчу йо1а йен ойланаш санна,
Лаьтта к1ел йирзира зезаган хазна.

Зезаг схьахадийча делла д1адолу.
Декъа жаз когаш к1ел бос байна 1уьллу.
Ткъа лаьттан бухахь шен орамаш дисча,
Дендала мега и, цо марг1ал тесча.

Азман Джабраилова