Ала соьга чеченский стих

Касуева Мата
Ала соьга еха зама
дукха ехий со?
Хаьий хьуна еха зама
суна езий хьо?
Массо х1умнах кхета г1аьрташ
корта хьоьвзийна
Ала соьга еха зама...
дог са хьостий ахь?
Кху паналлехь лоьхуш безам
дог са к1адделла
Кху дуьненахь лоьхуш тешам
тешам са байна...
Кху дахарехь некъ сай лоьхуш
ойла тилъйелла
Ойла дикане т1е г1ертош
хийла наб яйна...
Дека кийрахь са
са туьйсуш
Дика йоьдур къоналла
Ала зама... го ца туьйсуш
Кхочур юй со къаналла?

Еха зама хьо ма яцло
хьо ма йоца к1еззиг ю
Ваха хьаьжча, даккха хьаьжча
къаналле д1акхочуш ду
Еха зама хилахь тийна
хилахь к1еззиг меллаша
Хилча тахана со г1ийла
соьца к1еда хилахьа. 26.08.2018