Ойланаш

Касуева Мата
Сирла малх чубузу
Беттаца раг1 ца къуьйсуш
Иштта а со д1айуьжу
Ойланаш сайца йуьтуш

Къоналла хетало атта
Схьахутту замано чохь
Йог1чуьнга, воьдчунга хатта
Хунда ю г1айг1ане йуьхь

Хьуна со хезий те алахьа
Ма хила г1айг1ане хьо!
Ц1еначу дагах ма валахьа
Г1о  эшахь ю хьуна со!

17.02.20