Хьунам моьттуш а хир Ду...

Касуева Мата
Хьуна-м моьттуш а хир Ду
Шоррта шераш хьалха Ду
Хьуна-м хеташ а хир Ду
Массо х1ум да кхуьур ву

Х1етай г1охьа кешни кярта
Цигахь болчарга а хатта
Уьш бист хиллалц 1ийчи шортта
Дуьжур дуй те цу хьа коьрта

Даго-м тховса вотаитетта
Кхана-м саца мег и атта
Хьа бакъдолу ц1а и латта
Аллалц хьоьга "ХЬАЛА Г1АТТА!"