Весет

Касуева Мата
Боца бу дахаран некъ
Лар т1оьхуьл 1ожалла лела
Хьа наь1ре баг1ахь цхьа кхаъ
Доьху хьоь вохий ма лела

Доца Ду вай Сина тай
Б1аьрг нег1ар тоххалац ахь
Ма хила хьо цуьна лай
Хеда и марзделлачахь

Тахана со йог1у схьа,
Со йоьлу, со лепа сирла
Кхана-м со йуьгур ю д1а
Кхана-м со хира ю шийла

Даго са багабо букъ
Богу са кийра ц1е хилла
Х1ара бу са керла мукъ
Ас йина ойланаш хийла

Нагахь со дукха ца хьелахь
Нагахь са СА эцахь д1а
Доьху хьоь диканиг деха
Кхочуриг са Сина схьа

Доьху хьоь волалахь кярта
Х1отталахь са барза т1е
Ешалахь безамца, мерза
Чуьрта т1ехь яззина ц1е