Яхь йолу Дурта

Раиса Абубакарова
Йоьхна хан йара и, цу немцой йовссарш ,
Кхайкхаза т1ом беъна цу т1еман хан ,
Шай к1ентий , х1усамдай цу т1аме хьовсош
Де эшна , дог доьхна , б1арзделла хан !...

Шен б1аьра гина сурт даго ца лайна ,
Шен цхьаъ бен воцу к1ант цу новкъа ваккха ,
Еанчу Дуртина , лелочух боьхна ,
Во деъна Наной ги дог1анах боьлхуш !!!...

Байсангур т1аьхенах схьаяьлла Дурта ,
Йистхилир шен к1анте йахьах ца юхуш !
Аз ойуш геннара массарна хезехь ,
Нанас ша элира х1омечу к1анте !...

Сан к1ант !!! Хьо да воцуш кхиийна аса !
Х1ар дуьне хьан дуьхьа когашка дуьллуш !
Эхь хийла юхавалахь кхерам а тесна ,
Мостаг1ий цоьстучахь букъ т1ехьа лечкъаш !

Юьхь1аьржа вог1ийла , чекх са ахь гайтахь !
Хьай нена сий дожош лечкъаш хьо лелахь ,
Хьарам до наб йойуш техкийна ага ,
Нохчо - сий дайина хьо дуьхьал ваг1ахь !!!

Схьаверзал сан к1ант цкъа , ладог1ал ларе !!!...
Хьай де1каш йажийта цу акхарошка !...
Дурти Мумади - вай ц1е ца йожош !
Волчуьнна цхьаъ бен вац - аьлла ца вог1уш !!!

Хьарам бо ас хьуна баийна накха ,
И йовссарш эгаеш хьо юха валахь !
Пурба дац хьо гайта доьналлах воьхна ,
1алаш вар т1едуьллу вай Везчу Далла !!!

И къамел д1ахезча букъан сурт нисдеш ,
Цхьаъ санна з1е нисъеш мог1ара х1уьттуш
Сий хуьлда хьомсара тхан нана олуш ,
Шалонаш йоьттира дог майрач салташа !!!...

Сий хуьлда йахь йолу турпала Нана !!!...
Хьан собар - иллешца хьакъ ма ду ала !
Бенара Байсангур ахь йитна т1аьхье ...
Сий лардеш схьайог1у букъан сурт нисдеш !!!...

14. 02 .21 ш . /  Джадраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLQuOI-HTU0/?igshid=tiuy9u29531d