Д1адайна Нур!

Раиса Абубакарова
ВАЙН МАХКАРА  ДАЙНА НУР !!!

 Вайн махкан х1оьттина тезет ,
Нур хилла - мехка  дозалла ...
Вайн - ЭЛЧАН ( 1 с в с ) Варис д1а ваьлла ,
Бода бу махкана беънарг !...

 Беркатан Да -  вара бохуш ,
Исламан дин ч1аг1деш вог1уш ...
Оьйсхарар хьаьж Абубакар !!!...
Орца ду дуьнено дохуш !....

Т1еххьарчу новкъа хьо ваккха
Гулделла бусалбан орца ...
Х1оранна ду хьоьх дош ала !....
Вай Дала къинхетам  балл  хьоьх !!!

Тхан мехкан дозалла дар хьо !...
Исламан къегина Нур
Ткъа тахна махкана  бала
Хьох довлуш доркъане ду !..

Къинхетам бойла хьоьх Дала !
Веза хьаша - оьцийла т1е ...
Хьан беркат дуьтийла Дала
Х1ара дюьне къагийна - НУР !!!

25 . 01 . 21 г /  Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKvXhbhnd_2/?igshid=rzf106tsgb9l