Дикане сатийсар!!!

Раиса Абубакарова
1уьйренаш йог1ийла шу могуш маьрша ,
Суьйренаш йог1ийла баьркат сов даьлла ,
Д1адоьду х1ора де  сингаттам - бала ...
Аш шайца д1ахьолаш  д1оо гена  пана ....

1уьйренца схьакхета нур сирла можа малх
Кхеталахь дог хьостуш сирла кхаъ эций ,
Сингаттам сов баьлла дагчура бода
Д1аойуш , серлонца адмийн дог хьаста .

1уьйренаш йог1ар  ю ун -бала боцуш ,
Суьйренаш йог1аш ю могшаллах юьзна ,
Х1оранна х1усаме ирс беркат дохьуш ,
Марзонаш ч1аг1 лур ю  безам сов буьйлуш!

Вовшашна гича вай даккхий деш гуттар
Маршалла хаттарца самукъадолуш
Букъан сурт саттийна бала д1аболуш
Дехар ду инзаре тоделла дахар !...

Гой шуна гена дац маьлхан нур кхета ,
Х1ораммо шен цунах пайда схьаэца
Марша да керла де , марзонах дуьзна ....
Уьйр чаг1 еш вовшашка тхан дуьне хаза де !!!

03 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CK0Qbyuncto/?igshid=nr91yv7s42lw