Лераме хьехархо Замани!

Раиса Абубакарова
Б1аьстенан хьоза ду сан корехь декаш ,
Цхьа башха эшарца хазалла юьйцуш ,
Дикачу адамийн амалаш юьйцуш
Хетало Замани иллешца юьйцу !....

Ю бохуш хьехархо Шеларчу школехь
Шена бераш дезарна  берашна езаш ,
Ду  бохуш  мерза  дош  х1оранна  ала ,
Вайн къоман г1иллакхца 1амадеш даха !

Дахаран нийса некъ къастабан 1амош ,
Харцонаш  ца лоьхуш -1адаташ  лоруш ,
Шен ц1енчу  дагчура  безамах  даакъа ...
Х1оранна кховдийна , некъ маьрша харжа !

Хьоза  ас  йоккхаеш  даггара  хьосту ,
Лаккхара мах хадош цунна т1етоьвжу...
Тоьшал до, тхуна а яьзна  Замани ...
Нохчийн мот , оьзда дош дилларна дагчу !...

Замани тхо массо дезаш хьо хиларна
Даггара баркалла олуш  хьо езарна ...
Йа Аллах1 доьху хьоь къинхетам бехьа ....
Дахаран могшаллийн  денош дахдехьа !....

Замани дилхина дог хьастахь Дела !
Дайна во дицдина хазхетар лохьа !
Х1у тосуш тхан даг чу йиллина марзо ,
Кхиъначу стоьмийн чам эцийтахь Дела !...

Лааркха хьан дахар ирсе хуьлийла
Баьркатан шуьйра некъ бехха хулийла
Безачий , боьвзачий вуо кхи цагойла
Могшалло дахарехь ницкъ г1ора лойла !!!

 03 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова  Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CKzsTzBHyEb/?igshid=up3eyv52n6vp