НохчийЧоь

Раиса Абубакарова
Нохчийчоь - ма хаза кхоьллина хьо Дала !!!...
Массарех къастийна , къагийна к1айн жовх1ар санна,
Хазаллах яьккхина аренаш , майданаш , хьаннаш ,
Бохь лекха ламанаш цу лаьмнех бухдуьйлу хиш !

Нохчийчоь - беркатах юьзна хьо Дала !
Цахууш боьжначу буьртигах тосуьйтуш з1уьдиг !
Д1айийнарг кхуьуш ю , шен хенахь дог1анах йолий ,
Аренаш юьзна ю дарбане хьурматан бецах !...

Нохчийчоь - хьаннаш ю къоркхокхий декаш !
Тийналлехь ладоьг1ча хезаш ю бес - бесар эшарш !....
Олхазарш , экханаш хаздина хьуьнхара 1алам !...
Дуьненчохь йийцина Йалсмане хьуна чохь ю !!!

Нохчийчоь - ткъа Нохчийн къам биллгал долуш ,
Беркате барт болу къаьмнаш ду хьуна чохь дехаш ,
Ийманах ца духуш барт - марзо вовшашца мел ю ,
Нохчийчохь хазалла латтор ю везачу Дала !!!

21 . 02 . 21 ш . / Джабраилова - Абубакарова Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CLjtDzSHzbE/?igshid=bcoqbnd51c9c