Т1аьххьарчу новкъа хьо йели

Аза Атагинская
Т1аьххьарчу новкъа хьо йели,
Хан кхаьчна, хьан дахар хеди.
Дог доьхна, диси тхо делха,
Маьлхан дуьненах чам баьлла.

Хьайн йоь1ал ч1ог1а со лоруш,
Яра хьо, сан шолг1а Нана.
Хьехар деш, довха дош олуш,
Хезар дац хьан аз кхин цкъа а.

Кхин хьостур вац ахь ша, бохуш,
К1ентан к1ант висна дог доьхна.
Денана йолчарех хьоьгуш,
Дезар ду кхин д1а и ваха.

Йа Аллах1, къинхетам белахь,
Хьан миска лай яра иза.
Дика дог детталуш кийрахь,
Тхан дуьхьа яьхнера г1ийла.

Азман Джабраилова