Даймохк

Асет Халикова
Бераллехь сан дог ахь дIадоьхуш хьайца,
Дика а, вуон а сайн лан лууш хьоьца,
Сан Даймохк, кхиъна со, хьан сих са хьерчаш,
Амалш сайн карийна хьан лаьмнийн кхерчахь.

«Ас кура ловр бара муьлхха а бала,
Хьан лаьттахь ваха со витичахьана», –
Цу иллех дог кхехкаш, дуьнен чу яларх,
Дуьнен чохь ларделла соь некъаш хьанал.

Дендас шен куьйгаца дина сан ага,
Хьацарца даьккхина цхьа дечкан дакъа,
Цундела, безамца мел дуккха дагарх,
Дог тигац хьох даьлла лаьтта тIехь дага.

Денанас диллина туьйранийн жайна,
Къонахийн пхенашкахь цIий чехчош хилларш.
Дахар а сацийна, уьш денлуш дайна,
Со оцу туьйранийн турпалхо хилла.

Дахаран назманаш арено олуш,
Со цаьрга ладоьгIуш бIешарахь Iийна,
Сан Даймохк, хьан безам шеца мел богу
Сан дог а хилла ду дийначул дийна…