Журнал Бералла

Аза Атагинская
Берашна ду ч1ог1а  дезаш, лоруш
«Бералла» ц1е йолу вайн журнал. 
Чулацаме йу-кха, шеко йоцуш,
Х1ора  аг1онан материал.
            
Зорба тухуш кицанаш а, дийцарш,
Довзуьйту цо вайна туьйранаш.
Берийн йиш ю йовза керла байташ,
Г1иллакх,  яхь довзуьйту ойланаш.

Хьекъал ирдеш долу х1етал- метал,
Хала хиларх, самукъане ду,
Мехала бу журналан чулацам,
Вайн берашна пайде хиндерг ду.

Азман Джабраилова