ДАДИ ЙУРТ

Раиса Абубакарова
[16.02, 10:51] Raisa: ДАДИ-ЮРТ ! ( 1- ра дакъа)

Даш санна йазъели стиглара мархаш,
Дади-Юрт лаьттинчу аренга г1ерташ.
Йиц ца луш къизалла, дог1анах йоьлхуш,
1аба до хийлазза чахчийна латта.

Дистина дог1у Терк, бала сов болий,
Доьлху и мехкарийн 1ожалла йуьйций,
Б1ешераш гулдинарг цатоме долий,
Т1улгаш а г1орадо шайна к1ац лоций.

Ма-дарра дуьсу сурт, къевлича б1аьргаш.
1алам ду 1адийна, тийналлехь лаьтташ,
Г1алартан-юрт лаьтта синош ц1ахьийзаш,
Г1азотан х1оллам бу х1оттийна, тийжаш.

Ша тайпан ц1ийелла го - х1етахь суьйре,
Баттах ц1ий 1ийдалуш хетало  дуьне,
Къахеташ кхечи цхьаъ, йаьсти цо къайле,
Эпсаран сецна барт билли цо кхеле.

К1елхьара довлийша, муьжги б1о бог1у,
Харцонца кхел йина кхайкхош ду омра.
Къизаллийн барам бац, бохуш уьш буьйцу,
Кхо де а, буьйса йу цара гуо лоцу.

Делан кхел т1еэца, юрт хили реза,
Йукъ йоьхкуш бовлу уьш г1азотан новкъа,
Саг1анаш дохуш ду, доьшуш ду йеса,
Чаг1алкхах тарбелла - бовда бац реза.

Йижарий х1иттина вежаршна йуххе,
Шу дисахь дуьсур ду, лахь лийр ду бохуш,
Вежарийн дог-ойла эшаршца ойъуш,
Т1аьххьарчу цу т1амна хелхар бал боккхуш.

Баккхийнаш цу т1амехь зуькаран шовкъехь,
Мостаг1чух хьерчаш го, берзалой санна,
Маршонах цабовла, бовлу уьш коьртех,
Мела ц1ий 1енаш ду татолаш хилла.

12. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
[16.02, 10:51] Raisa: ДАДИ ЮРТ ( 2- г1а дакъа)

Мосазза, гуо ч1аг1беш, мостаг1 т1елиета,
Кхуссу герз кхачийна, шаьлтанаш йетта,
Оьг1азло совйаьлла дагчу ц1е летта,
Тур-шаьлтий к1ад ца ло, суйнаш шайх детта!

Шайн йурт йу ларйеш ерг, зударий, бераш,
Садолуш олу дош - " Шу марша 1ойла!"
Йахь йолу мехкарий бу каде хьийзаш,
Иэшначохь чов йоьхкуш, г1о иэшча лиеташ.

Ког билла меттиг бац, декъий ду 1охкуш,
Дади-Юрт йогуш йу - бац йухабовлуш,
Г1оранах иэшна уьш, йахьах ца бухуш,
Сий лардеш, 1ожалла майра т1еоьцуш.

Муьжги сов хиларна, къизалла туьйли,
Чохь мел дерг лачкъийна Дади-Юрт эти,
Аганан бераш а арсашца дайъи,
Дади-Юрт ларйина мехкарий лийци.

Чуханаш тийсина вовшеха боьхкуш,
Каной д1ах1иттийна - Теркаха бохуш,
Айбикас мохь туьйхи : - " Т1екхета! "- олуш,
Теркачу лилхи уьш, каной а лоьцуш!

Дарделла хьийза Терк, шен т1амарш йетташ,
Къа доцуш и каной т1улгаш т1е бетташ,
Турпала мехкарий шена чохь белла,
Цалалуш и бала, Терк кхачаделла...

Йелхалахь хьо стигал, лелхалахь латта,
Йурт йу хьан доь доцуш, чим хилла  йаьгга,
Т1еваха каш доцуш , барз боцуш йитна,
Амма хьан ч1ир йоцуш цхьа а ца витна.

12. 02. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZ3jp_1KRUX/?utm_medium=share_sheet