Саудат сулейманова лоруш

Раиса Абубакарова
 "дика нус!"

Къоман сий айина, къонахой дуккха бу,
Сийлахьа ц1е йаккха, хьакъ долуш зудрий бу,
Х1усаман дола деш, махкана масал луш,
Ийманах йоьттинчу Соудатах дуьйцур ду.

Шен Марде сий дина, цуьнан некъ ларбина,
Вайн Нохчийн г1иллакхаш шен сица лардина,
Сулайман Ахьмада зиарт ( музей ) д1ах1оттийна,
Сийлахьчу Къома Нус - йовзийта лаам бу.

Бусалба йо1 йу и, г1иллакхах йуьззина,
Дас-нанас вай къоман 1адаташ 1амийна,
Вай Нохчийн зударшна схьаэца масалла,
Сулайман Совдат йу, лераме вайн йиша !..

Шен доьзал безарна, церан сий айина,
Деда виц ца вайта, сий-ларам байтина,
Дуьненчохь даьржина некъаш ц1а гулдина,
Къинхьегам бовзийта, музей цо х1оттийна.

Ахьмада, дахарехь, теллина Нохчийн лар,
Т1алам беш, чу ерзош, къахьоьгуш лелаш йу,
Куц далош нисйина, шен меттиг ч1аг1бина,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна ган дуккха хазна йу.

Тишделла ду аьлла кехат доь ца дойуш ,
Мекха йу ва аьлла, цхьа эчик ца юьтуш ,
Шен Мардас къахьоьгуш гулйина йу бохуш ,
Кхуьучу ч1уранна, т1аьхьлонна латтош йу.

Сий хуьлда нохчийн йо1, нус, нана, денана,
Хьан ц1ераш алссам йу, сий ойуш хьан, лара,
Вай къома т1екхуьъчу кегийчу зударшна,
Цакхачош к1оргений масал ду хьох эца.

01 . 06 . 21 ш. /  Джабраилова / - Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CPlPEK6n0hz/?utm_medium=share_sheet