Диц лур дац мел зама йаларх

Раиса Абубакарова
ДИЦ ЛУР ДАЦ МЕЛ ЗАМА ЙАЛАРХ !

Диц лур дац - х1у дайъа, вай къаьмнаш махкаха дахар ,
И г1ело ца лайна, вай лаьмнаш г1орийна лаьлхар,
Шовданаш дилхина, кхачийна хи доцуш  дисар,
Хьаннашкахь акхарой г1ар йайна, б1арз елла лелар!

Диц лур дац -  йарташца кешнашкахь чарташ  д1ахьакхар,
Хьайбаха ц1е юьллуш, йагийна, къематде х1оттар,
К1ай хилла мацах луо, к1уьранна 1аржделла  латтар,
Диц лур дац, цу дийнахь вайн къаьмнаш шай ц1ийлахь 1ахкар !

Диц лур дац -  ка етташ, б1арзбина нах  ара кхийсар ,
Цу берийн карара т1аьххьара баьпка йуьхк йаккхар !
Къестийна дай-наной, йиш-ваша доь  доцуш дисар,
Бина некъ , биц  лур  бац! Са деттар,  цу хенахь гинар !...

Диц лур дац - цу Сибрех , хан йоцчу  хенахь  д1акхачар ,
Чу даха тхов боцуш , эрначу ара вай кхийссар !...
Мацалла ,  шелонна тоха са доцуш вай дитар,
Кхазахаш, бицлур бац, цабевлла Нохчий  т1еиэцар .

Биц лур бац - шуьри кад,  мецачу  берашна кховдор,
Шийла чохь ду аьлла, бамбийн гоь  бухтаса  йалар !
Цамгаро г1елвинарг дарбанна лоьран т1е кхачор ,
Диц лур дац - Кхазакхаш, къахеташ дола деш хьовзар !...

Диц лур дац - хало ловш , вовшашка  къинхетам хилар,
Дика, во - ца къиехкаш, цхьаъ хилла вай дерзадар,
Лардина г1иллакхаш, вовшашца комаьрша хилар,
Диц лур дац - цу махкахь, къаьмнашца,  вай бертахь дахар !!!

26 . 01 . 21 г / Джабраилова - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaUGYLrL8pD/?utm_medium=share_sheet