Б1арзйелла ойланаш, гатделла са!

Раиса Абубакарова
"Б1АРЗЙЕЛЛА ОЙЛАНАШ, ГАТДЕЛЛА СА!"

Де -дийне мел дели, йахйелла хан,
Зама йу йоккхуш йерг, ца кхеташ чам,
Хьомечу  махкара схьахьоькху  чан,
Мехала  хетало, бо цуьнан хам!

Паналлехь: - "Даймахкар хезий-те аз?"
Ладоьг1уш дег1асте, йоккху цо хан,
Даймахках къаьстина велла и б1арз,
Лууш ву ц1аверза шен махкахь 1ан.

Дагчуьра ца болуш - хьомсара мохк,
Вовшашка, г1иллакхе бийцина мотт,
Го и хьан б1аьргаш чу йилларх а  дохк,
Кхочу и хьан лере, х1оттарх а потт...

Бераллехь дуьйна ша къийсина йахь,
Йиц ца йеш, латтайо, цуо' к1оргенехь,
Шен дагчохь йисина  тим санна къахь,
Ца ла луш,  лаьтта и,  цу паналлехь...

17. 02. 22ш. /Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CaFim9xrgiM/?utm_medium=share_sheet