Бешто...

Раиса Абубакарова
БЕШТО.

Ма хаза кхоьлли хьо, Вай Дала к1айн дуьне,
Хьуна чохь кхоьллинарг ирсе хир ву аьлла,
Ма х1аллак ди наха, малх кхета хьо дуьне,
Дахаран ирсан т1ай, къа доцуш хьан аьтта.

Харц дуьне - хилла хьо, Вай Дала ма аллар,
Дуьненан хазаллах ларвала ва дезаш.
Хийла к1ант, хийла йо1 дайна хьан йоцуш лар ,
Хийла б1аьрг белхий ахь , лозу дог а делхош.

Х1усам а кхоллале, ялон йерг йовзале,
Сесана Зиярте, - дег1ана некъ байлуш,
Хийла юрт хадийча - к1ад ца луш, г1ел ца луш,
Воккха Хьаьже до1анаш Хизир ахь динера.

-"Хьох марзо иэцначу асхьабийн ирс хеташ.
Зиярте веъначохь  нийат до ас," - аьлла:
- "Сан Устаз, Воккха Хьаьжа, Хьо ларвеш лаьллачу,
Асхьабех, хаза ц1е, сайн к1антана тилла !"

Хан-зама д1аяьлча, дуьненчу к1ант ваьлча,
Беркате Бешто ц1е - ахь цунна тиллира,
Вара и нур догуш, Вай Дала къастийнчех,
Ц1еначу ойланца,  дин лелош даггара.

Дуьненчу ваьлча и, дуьненчохь и вехаш ,
Набарийн кхоьлаха ястара къайленаш,
Комаьрша вара и, тешаме вара и,
Азаллехь йоца хан язъйинчех хилла и.

Дависа тешна бехк, къайлаха лийли хьо,
Къа доцуш, бехк боцуш тоьхха т1е буьйжи хьо,
Хьо сацо ницкъ боцуш, я къастош дов доцуш,
Хилларг а, лелларг а хууш верг Дела ву.

Х1оттийна чурт доцуш, куьг хьакха барз боцуш,
Ган амал тхан доцуш, пхийттанах лурвоцург.
Денанас кхиийнарг, ша винчо витинарг,
Ма къайла вели хьо , тхан хьоме
БЕШТО!

03. 02. 22ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CZg8LG_rGjV/?utm_medium=share_sheet