БЕХК БОЦУ ЗАМА

Раиса Абубакарова
БЕХК БОЦУ ЗАМА.

Т1е кхечи т1аьххьара шелонан де,
Боху цо: - " Ас  буьту йовхонна некъ,
Дика а, во а вай цхьатерра лай,
Шелонца бала ловш хийла нах бай.

Дуьненчохь мел деха, кхин гур дац вай,
Цундела вовше вай, 1одика йай?!..
Бертаза нисдели човхадар дог,
Кхин д1а аш боккхийла шайн маьрша ког.

Шелонах лар ди ас , ма хуьллу - шу,
Доьхна дог ца шел дан , къа хетта шух,
Йог1учу б1аьстене доьхур ду ас:
-"Токхо луш хьасталахь, доьхна дог  ахь!.."

1одика йойла шу бусулба нах,
1а бехке ма делаш, дехар деш, - бах.
Бехк боцу зама аш, бехке ма йе,
Вай Дала деллачун хастам беш 1е!.."

28. 02. 22ш / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CahLtclL2U0/?utm_medium=share_sheet