Тхан деган г1ала!

Раиса Абубакарова
ТХАН ДЕГАН Г1АЛА !

Дуьненчохь мел йеха - Нана, йо1, йиша,
Даггарчу ларамца аш декъал йейша,
Даггара хаза дош кхоа ма  дейша,
Ца хилча йиш йоцурш, - тхоьга алийша.

Цхьа зезаг  бен дацахь, х1умма дац шуна,
Даггара кховдийнехь, кхетар ду шуна,
Совг1атан мах тхуна беза бу шуна,
Шун даг чохь диса тхо, лууш ду шуна.

Б1аьстенан сирла малх, дог ойуш кхета,
Даг чуьра г1айг1а цо, д1аоьцуш хета,
Аш бича ларам тхан, мехала хета,
Дуьненчохь тхайл ирсе, цхьа а ца хета.

Даггара декъал до ! - аш тхоьга ала,
Йиш йац-кха, дешиха шу кхала! - ала,
Диц ма де сих-сиха хаза дош ала,
Аш т1аккх йоккхур йу - тхан деган г1ала!

06. 03. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/Cawed9wu54q/?utm_medium=share_sheet