Даггара декъал до шу!

Раиса Абубакарова
ДАГГАРА ДЕКЪАЛА ДО ШУ !

Декъала хуьлийла - йо1, йиша, Нана !
Ирсе шу хуьлийла х1ора а де,
Х1ора хан йог1ийла, дог хьостуш Дала,
Сингаттам ца буьтуш, аьтте а т1е !

Шун дуьхьа кхетийла стиглара седа,
Нур къагош - хьостийла, шу доьлху дог,
Дашо малх кхетийла, ирс 1енош керта,
З1аьнаршца къегийла аш буьллу ког!

Б1аьстено баьццара дари даржийна,
Зезагех буьллийла шу лела некъ,
Уггаре бовханиг безам къастийна,
Токхо йеш йоьллийла шу деган не1!...

08. 03. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/Ca1QwmPKZFh/?utm_medium=share_sheet