1абдуллах1, румиси деккъал до ас!

Раиса Абубакарова
1АБДУЛЛАХ1,  РУМИСИ ДЕКЪАЛ ДО АС!

Сийсара вайн стиглахь, цхьа серло йоккхуш ,
Седарчийн гуо йуккъехь, ши седа къеги.
Стигалхул нур даржош, бода д1абоккхуш,
Сирла т1ай тиллина вайн даг чу кхечи.

Шу йовхо , марзо а дагца т1еийци,
Шу марша дог1ийла седарчий, - эли,
Шу тхоьца хиларна хаза а хийти,
Шу безам дашочу з1аьнаршца кхели.

1АБДУЛЛАХ1, РУМИСА, шу тхан ши седа,
Шу долчу  х1усамехь гуттар нур къега!
Дог ц1ена боху ас, йоцуш цхьа мекха,
Марзо вай сов йуьйлуш кхерч бохбеш- хета.

Дахалаш, дуьненчохь хазалла йаржош,
Шайн дика г1иллакхаш махкалахь даржош,
Сингаттам-г1аланаш, собарца харцош,
Вайн къома доьжна дог,  шайн нуьрца г1аттош.

Дагчура ши седа, - вай тоба къагош,
Дог хьостуш  лепийла сирла нур даржош,
Барт - марзо шерашца, хиллачул ч1аглуш,
Йоккху хан хуьлийла, диканехь вай гуш!

Ларамца / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.
https://www.instagram.com/p/CathtVCKQ0u/?utm_medium=share_sheet