Беркате доьзал

Раиса Абубакарова
Беркате  Доьзал

Ялсмане ган лаахь , йишийн б1аьр хьовсалаш!
Шен нанас виначун - дуьхьалла х1уттуш!..
Дуьненан дозалла -  Ваша ву йишийна!..
Дика ваша йишийна - лекха лам хиларна!..

Де доьхна т1е яхча - къинхетам бу  Ваша!
Самукъа даьллачохь ,  синмаршо ю  Ваша!
Цхьана шуьнан кхачанца,  барт-марзо ч1аг1йина,
Нанас шен ийманца кхиийна  йиш-ваша!...

Нур догу юьхь-сибат къегина хиларца...
Вовшашна  сахьийзаш, къинхетам хиларца...
Дуьненахь йоккху хан, ийманехь хиларца...
Хаалаш, ненан хьакъ, ша кхочаш ва хиллий!...

Йишийна к1еда дош, ала к1ант 1амийнехь...
Вешийн сий айина, оьзда йо1  кхиийнехь...
Бисмиллах1 - аларца , нанас шун х1иттийнехь...
Вайн Делан лаамца, нийса некъ гайтина!...

Хьаж къобал хилла хьан, - Хеди йо1 Залина!
Нур лепа Вешийн юьхь, - тоьшалла ду цунна!
Барт-марзо дебийла,  дехачу  х1усамехь!
Самукъне гулам, той - дахарехь латтийла!!!..

  10 . 10 . 2020 г / Джабраилова / - Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CGJAYNmi1s_/?utm_medium=share_sheet