Сан хьоме нана

Раиса Абубакарова
Сан хьоме нана

Сан нана, хьо хесто со йолаелча,
Дуьненан хазаллех дош дуьсур дац,
Дахарехь ца къарлуш, ахь лайна бала,
Балхабан б1аьргара хи тоьар дац...

Дуьненчу яьлла хьо, хьан хаза зама,
Къизаллин хенаца нисъелла хьан,
Бехк боцу ц1е кхуллуш, махкаха даьхна,
Халоне, шелоне, хьовсийна  хан...

Бералла яьккхина жималлехь хьоьха,
Баккхийчийн мог1аре х1оьттина хьо,
Белхалойн тобанца къовсаме юьйлуш,
Халонаш эшаеш, кхиира хьо!...

Жималла д1айаха, доьду хи санна,
Дахаро схьакховди кхолламан некъ,
Х1усамахь йоккху хан еха ца хилла,
Доьзалах къестийна , яьккхи ахь хан...

Х1усамах йохар а т1еийцир оьзда,
Кхин х1усам ца лийхи,ца хийци тхоьх,
Халоно йожийнчохь , ойлано г1аттош,
Беркате доьзал хьайн кхиийра ахь...

Дуьненан хазаллах 1еха ца йелча,
Цамгаран баланца зуьйш яра хьо,
Де дийне мел долу , цамгар совъйаьлча,
Вайн Далла хастам беш, йехира хьо...

Тхан Дела, доьху хьоь, сан г1ийла нана,
Декъал йеш т1е иэца, йеза хьаша йай!
Дуьненчохь мел лайна, халонан бала,
Дог хьаста, эхартан дез совг1ат дай!...

Баркаллах1 - даггара,  тхан хьоме нана,
Халонаш ца лоьруш, кхиорна тхо,
Дуьнен чохь йаккха хан йисина мел ю,
Тхан даг чохь, даиман, йехар ю хьо!!!..

  15 . 05 . 2002  ш . / Джабраилова - Абубакарова  Раиса . /
https://www.instagram.com/p/CGVX5DAnsaz/?utm_medium=share_sheet