Вайн нехан исбехьа йо1

Раиса Абубакарова
Вайн нехан исбаьхьа йо1

Дуьйхина бусалбан духар,
Дег1ан куц хаздина хьай,
Г1иллакхца нехан б1аьрг буьзна,
Йог1уш ю вайнехан йо1...

Йистхилар цхьа башха мерза,
Собарах ша юхуш яц,
Шайн нехан сий ойуш йог1у,
Вайн йиша бусалба йо1.

Дийцахьа, хьо стенгахь кхиъна?
Да, нана мила ду хьан?
К1ентан  дог хьайца д1адаьхьна,
Вайнехан исбаьхьа йо1!...

Хан зама мел гена яларх,
Нур лепаш йехар ю хьо,
Вайнехан хазаллийн туьйра,
Вайн къоман, сий долу йо1!...

  15 . 10 . 2020 г /  Джабраилова /- Абубакарова Раиса .
https://www.instagram.com/p/CGXEAupnrvj/?utm_medium=share_sheet