Йекхна суьйре

Аза Атагинская
Лаьмнех дуьйлу шийла шовда
Хьуна мийло дезара.
Уггар лекхчу гу т1е йуьйлуш,
Илли ала дезара.
Ела къежаш, б1аьра хьожуш,
Сайна ваккха везара,
Со санна йо1 долахь хилча,
Хьуна кхин х1ун оьшура.

Бай шерачу охьа хьоьжуш,
Вовшийн дагардийца вай,
Малх чубузле, суьйре йеъча,
Стиглахь седа хьаста вай.
Доьдуч хинна йистте дуьйлуш,
Деле кхоллам беха вай,
Хи мел доьду, некъ мел боьду,
Дуьне мел ду д1а г1о вай.

Марша йа хьо, йекхна суьйре,
Декъал хуьлда маьлхан де.
Тийна суьйре, шовдан коьрте
Сан хьомениг валаве.
Сирчу динахь лаьмнийн новкъахь
Суьйре, ахь тхан аьтту бе,
1аьржа  буьйса, сирла седа,
Безам аша декъалбе.

2017 шо