Песня

Милана Торсен
Дог ду хьуна реза,
Со хилита хьоьца.
Хилахь цунна реза,
Ирсе хира ву соьца.

Кхуллуш ц1ена безам,
Кховди хьоьга тешам,
Ларба къонах велахь,
Дехар ду вай бертахь.

Ма йита со тесна,
Кхолламна некъ билла,
Массо адам хьегна
Ирсана т1ай дилла.

Хьо ойланех хьерча,
Хилла деган хьаша.
Йигахь хьайна герга
Дагна ирс ду теша. М.Б.Торсен