Хьо хетарна суна хаза

Милана Торсен
Хьо хетарна суна хаза,
Безам кхиош тесна заза.
Хьере хилла еш ас ойла,
Хила лууш хьо сан дега эла.

Кхаъ хира бара еза аьлча,
Велалуш цкъа б1аьра хьаьжча.
Ахьа ойъуш са дагт1ера бала,
Оццул везаш суна велча Дала.

Сирла лепа б1аьргаш дайна,
Оьзда хилар дагна тайна
Хьоь сатуьйсуш синтем байна
Б1аьргинур г1елделла хьоьга сатийсина.  М.Б. Торсен

Кхаъ хира бара еза аьлча,
Безам бийца хьо цкъа веъча.
Долчу хьайха дукха хьегна
Синтем луш ахьа жимачу дагна. М.Б.Торсен