Лаьмнех дуьйлу шийла шовда

Милана Торсен
Лаьмнех дуьйлу шийла шовда
Дог ца 1ебаш мийла д1а
Тулг1е етта дерачу хорда
Суьрте хьоьжуш еха 1а.
                М.Б. Торсен
Г1ан-набарна лаьмнех тийжа
Довха дог хьа марахь къийла
Хьоьха лезна кийра 1ийжа
Сатийсина хьоьга хийла.

Ирсе хила хьоьца лиъна
Безам буьйцуш беко мотт
Хьоьха дог са дукха хьегна
Лууш ирсан мийла мутт.

Дега пхенаш хьоьха хуттуш
Безам, марзо хьоьца екъа
Батто лаьтта ше нур хьоьрсуш
Кхолламах хьа доьхуш дакъа.
М.Б.Торсен