Човхина безамо

Милана Торсен
Ма къиза човхи со дахарехь безамо
Ма гена дехи вай вовшашна замано
Сатийсарх дагана хуьлуш яц г1оле,
Хьастахьа доьхна дог шовдане воле.
                Торсен М.Б.
Сатийсам ч1аг1белла кийрахь дог деттало
Ца езаш санна хьо хервелла хетало
Хинцалца со йолче идийна когаш хьа
Тахана дог сецна шел белла те хьа.

Безамах хьийкъина шовда а г1елделла
Б1аьрхишца са ийна  етташ ду  тулг1е
Вай кхоллам бехна г1елбелчу т1улге
Хьой санна дог ч1аг1де  доьхий те цо.

Шовдано шен тулг1еш мел чехка идайо
Заманан болар а сихделла го
Вай кхоллам боьхи-те йог1учу хене
Жама1 деш дог хьастар доьхи-те цо