Сий долу къам

Хасан Маерсултанов
Дуьненчохь массарел г1иллакхе  долуш,
Кавказан лаьмнашкахь дехаш ду къам.
Эзара шерашкахьь, шайн дай сий лардеш,
Дехаш ду сий долуш, майра нохчи къам.

Массо а заманахь къаьстина хилла,
Цера лелар, хабар а, оьздангалла.
Дуьненахь муьлхха а г1аланчохь хилча,
Г1иллакхах ца воьхна, царех цхьаа.

Дуккха а яздина, цу къомах лаьцна,
И дешна вера вац эзар шарахь.
Къасттина 1адатах лаьцна а дийца,
Цера г1иллакх довзийта лаьа шуна.

Шайн хаза дешнашца, дог хьостуш г1ийла,
Дист хуьлу нохчийн къам адамашка.
Накъостан г1о эшца, ца кхоош г1ирс а,
Массо а бертахь а, орцах вола.

Даиман хилла ду нохчийн къам бертахь,
Ца бина вовшашца цара т1ом цкъа.
Я кхечу кьомашна юккъехь и баьлча,
Машаран хьехамаш царна бина.
 
Дависа лааркха, хан юха ерзо,
Лааркха сий долу дай цера ган.
Барт болуш, сий долуш нохчийн къам кхиорна,
Даггара мохь тухуш, баркалла ала.