Шовда санна шийла мох

Петимат Давдаева
Къаной тахна буьйлу цец,
Уьш ца хилла лийна харц,
Массо хума хецца ду,
Амма г1иллакх тесна ду.

Ларам юьстах буьйлуш бу,
Марзон гаьннаш хедаш ду,
Шовда санна шийла мох,
Хьоькху адмийн дегнаш чохь.

Массо цунах кхеташ ву,
Ша-ша бакъ а хеташ ву,
Амма кийсак йолуш ю,
Къам вай денна жимлуш ду.

Нохчий яхь йолу сийлахь къам,
Дац хьо къаьхьчун баккхаз чам,
Хилий жимма сема вай,
Дагалаций къонаха дай!

29.06.22