Бехке ю со

Лимда Яхиханова
Со бехке ю хьох тешарна,
Со бехке ю хьо везарна,
Со бехке ю ,сай дега амат довзитарна.
Сан дега т1улг, ц1ийха бузийна ваха хьо
Сан б1аьргий нур, д1а дейина ваха хьо.
Кхечунна б1аьра серло, хьай дагна юзош.
Нийса хети хьуна хьой?
Хьан доьхьа кийрара дог лаьмнийн басах тар дина
Коьрта чуьра ойланаш, хинаха тар йина,
Месаш сай диттийн г1ашах тар йина,
Б1аьргаша диттийн ормах д1а нис дина лелла со хилча.
Алахьа, безам бац иза?
                Яхиханова Л.Н