Шелделла дог

Раиса Абубакарова
Шелделла дог.

Къегина малх ца гуш, хьаьрчи сох марха,
Довхачу кху дийнахь г1орийна кийра,
Орцаха кхачале, ваккха хьо  хьалха,
1ожалло ийци д1а, тухуш ка шийла.

Беранна везаш верг Далла а везар,
Дахар хьох дисале, теш хилла х1оьтти,
Т1аьххьара дайна сурт, - к1анта  хьо хьестар,
1аьткъина, сан даг чу, сингаттам боьсси.

Со муха х1уттур ву,  доттаг1, хьан керта?
Ас муха байбир бу кийрара бала?
Мел хьалхе дийзи сан т1етесна верта,
Вайн Дала гечдойла! - т1аьххьара ала.

Йа Аллах1, Хьо гуш ву, коьртера ойла,
Оьздачу доттаг1чух къастарна тахна,
Йиш йоцуш дисна тхо,  шуьнехь хьо гойла,
Лахьта хьан хуьлийла доттаг1а  аьхна.

( Джансуев Асхьаба, Сурхона лерина дешнаш. )

04. 09. 22ш. Ларамца / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.