Хьоме к1ант слова для Айны

Петимат Давдаева
Нена дог 1овжийна, дена васс йина,
Валанза ца волуш, вели хьо гена,
Шена ахь букъ тоьхчи, дагна чов хилла,
Йирзира Нана ц1а, б1аьргаш хих буьзна.

Припев:
Х1ай Нена хьоме к1ант, пурба дац хьуна,
Мостаг1чун дог делош,дог дохо Нена,
Верзалахь маьрша ц1а, совг1атна Нанна,
Хьай декхар кхошуш дай махкана хьалха.

Воьху хьо Аллах1е, мерза наб яйна,
Шен к1ента сибаташ лоьху цо денна,
Сатуьйсу хоттаре не1ар т1е шена,
Мерзачу йовхонца дог хьостуш Нена.

Йа Аллаах1, валаве  массо к1ант ц1ехьа,
Д1абаккхий кийрара шийла т1улг неха,
Берзабай  сихонца ирча  т1ом  барте,
Нена дог ца делхош  сатийсарц  к1анте.

12.11.22