Доттаг1чунна лерина

Хасан Маерсултанов
Ирсе вукх, шен накьости бериг,
Вехаш ву, уьш тешаме бериг.
Кхи доккха ирс ду шен доттаг1а волчунна,
Муьлхха а хьолехь хьуна орцах а вала.

Ца хаьржин цо хьо, хьан бахамаш дуьхьа,
Гергарло лела до Дела дуьхьа.
Баккъала, хала дукх, доттаг1чун мах хадо,
Кохьру цуьн барамал лаха вала.

Доттаг1ий цхьа са ду, шин дег1ехь лелаш,
Забарен айин дац доттаг1чун сий.
Дуьненан меха ву ола шен доттаг1а.
Дуьненал деза ду, доттаг1чун сий.