Вайн мотт хала бац

Аза Атагинская
Дистинчу хино д1а такхадо т1ай.
Йорт оьций уьду хиш, харш дохош шайн.
Дош дохош, маттана г1елойахь вай,
Дайх дисна харш доьхча х1ун хир- те вайх.

Эрчонаш хьерчарах, чот йоцуш, шайх,
Ворх1е а дайн иэсехь мотт баьхна вайн.
Д1атесна биттал вайн мотт хала бац,
Мотт  битахь кепекал вайн мах ма бац